25 шо хьалха тIелетира Радуев Салманан буьйралла дечу тIемалоша Кизлярна а, Первомайское эвлана а
0
292
Кху деношкахь 25 шо кхечи нохчийн тIемалой Дагестанерчу Кизляр гIала чу а бахана, цигахь тIемаш бина. Уггар а алсам цIий Iанийначу дарех лоруш ду Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу хенахь дина и тIелатар. 1996-чу шеран Дечкен-беттан 9-чохь Радуев Салмана а, Исрапилов ХункIар-Пашас а буьйралла ден тIемалой Кизляре чубахара, закъалтхой а лоьцуш. Дечкен-беттан 18-чу дийне кхаччалц Iийра уьш Дагестанехь. Оцу тIеман тасадаларшкахь Кизляран кIоштарчу Первомайское олучу эвлахь вийра 70 стаг, бIеннал а сов нахана чевнаш йира.
Кеп-кепарчу хаамийн гIирсаша дийцарца, Кизлярехь а, Первомайскехь а закъалтхой маьршабохучу заманчохь вийра 153 гIаттамхо, 16 закъалтхо. ТIемалойн карахь вийра Оьрсийчоьнан 26 салтий а, эасар а, лазийра 93.
Официалехь дIкхайкхийра, 2002-чу шеран Дечкен-беттан 14-чохь Пермскерчу "Белый лебедь" колонехь хьех цIий кхетта велла Радуев Салман аьлла. Гоьваьлла буьйранча Исрапилов ХункIар-Паша вийра 2000-чу шеран Iай Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу заманчохь.