Билингвизман Iаткъамах лаьцна дийцира Iилманчас
Шина къоман меттанаш а хууш, цу меттанашкахь къамел дечу адамах билингв олу.Iилманчийн дукхахболчу талламийн жамIашна тIедоьгIна аьлча, дуьненан 43% бахархой билингваш лоруш бу. Цу декъахь Нохчийн Республикин бахархой бу: 100% гергга вайн бахархошна оьрсийн а, нохчийн а меттанаш хаьа.Нохчийн фольклориста Мунаев ИсмаьIала хаамийн "Чечня Сегодня" агентствона меттанаш эдеш къамел дарх а, цуьнан тIаьхьенах лаьцна а дийцира.«Шен хаарш кIаргдарна Iалашонца адамо кхечу къаьмнийн меттанаш Iамош хилча а, цо дицдан ца деза коьртаниг шен мотт хаар а, иза безар а, цуьнга ларам бар а хилар. Иза уггаре хьалха ненан мотт бу, ткъа ненал гергара хIума дац», –дийцира Iилманчас.Цо дийцарехь, нохчаша орьсийн мотт дукха мел буьйца, ненан маттах долу хаарш гIеллур ду.«Вай тергонехь латто дезарг – уггаре хьалха ненан мотт бовзар ду, делахь а таханлерачу дийнахь оьрсийн мотт ца хиъча, цунах пайда ца эцча йиш йац. Дукхахьолахь къамел оьрсийн маттахь дан дезаш нисло, амма дицдан ца деза: вайн къамел оьрсийн маттахь дукха мел хуьла а, нохчийн маттах долу хаарш кIезиг хирг хилар», - дийцира Мунаевс.Иштта цо билгал1ира, ненан мотт ларбарехь дас-нанас йоккха меттиг дIалоцуш хилар а. «Берашна ненан мотт Iамор хIора нохчочуьнан декхар ду. Царна деша ца лаахь, иза марздан деза, - дуьйца Iилманчас. – Доьзалаш шайн ненан маттахь къамел ца дар уггаре хьалха де-ненан бехк бу».Iилманчас дийцарехь, ненан маттахь зорбатоьхна арайолуш тоам болчу барамехь кхиоран а, самукъадаккхаран а материалаш цахилар. «Вайн заманахь бераш дукхахьолахь мультфильмашка хьовсу. Халахеташ делахь а, царна йуккъехь нохчийн маттахь кIезиг йу. Ткъа мультфильмаш – ненан мотт баржбан оьшуш болу гIирс бу. Цу тIехь къахьега деза: вайн мультфильмаш арахоьцуш йа кийча йолу мультфильмаш гочъйеш. Дукхахйолу хан Интернета чохь йоккхуш долчу берашна пайдехь хир дара и болх бича», - билгалдира фольклориста.
#россия #рф #chechenrepublic #chechnya #чечня #Кадыров #ЧР #russia #СМИ #СМИЧР #RKadyrov #чечнясегодня #новости #news #politics #chechnyatoday #грозный