Добавить новость
Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026 Май 2026
1
2
3
4 5 6 7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

"Кадыров террорхо ларар". Янгулбаев ИбрахIим – нана лачкъорах а, бехкзуламан гIуллакхах а

0 79
Дечкен-беттан 31-чохь хаамаш баьржира "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" хиллачу юристан Янгулбаев Абубакаран нанна Мусаева Заремина а, вешина Янгулбаев ИбрахIимна а дуьхьал бехктакхамн гIуллакхаш дахарх.


Ницкъахойн версица, Янгулбаев администратор ву, масех публикаци Соьлжа-ГIалахь экстремистийн леринчу оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан. Оцу юкъанна канал лелош берш кхеташоне а ца кхайкхира, ткъа уьш "бовзуьйтуш" вара Нохчийчуьра омбудсмен Нухажиев Нурди.


Соьлжа-ГIаларчу Висаитовн кIоштан кхело дIасавалар доьхкуш, лаца кхайкхийна Янгулбаев ИбрахIим террорна кхайкхамеш бина аьлла. Оцу бехкана Iедалан къепехь ворхI шаре гергга хан кхачайо набахтехь яккха.


Янгулбаевн нана бехкейо полисхочунна дуьхьал ницкъбаккхарна – талламна хетарехь, Дечкен-беттан 21-чохь Соьлжа-ГIалин полице кхачочу заманчохь кега-мерса хулиганалла лелорна шена протокол хIотточу полисхочун бетах катоьхнера цо. Мусаева Заремина итт шаре гергга хан кхачайо Iедалан къепаца. КIант дозанал арахьа велахь а, ша иза нохчийн ницкъхойн карахь ю – шолгIа кIира а ду адвокаташ а, гергарнаш а цуьнца зIе таса аьтто боцуш хьийза.


Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Янгулбаев ИбрахIима дийцина керлачу бехктакхаман гIуллакхех а, IАДАТ телеграм-канал лелорна дохкучу бехкех а, цунна хетарехь, стен билггал совцо тарло Нохчийчохь Iазапаш хьегийтар а, нах лечкъор а.


– ИбрахIим, хьуна дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакхах лаьцна кхин хIуммаъ хаьий хьуна?


– Baza телеграм-канало йинчу публикацера хиира суна цунах лаьцна. Амма и хир долуш дуйла хууш дара – талламхоша хеттарш динера сан воккхаволчу вешига Абубакаре IАДАТ каналан администраторех. Информаци зуьйш, суна хиира, билггал суо федералан лехамашкахь вуйла – бакъдерг аьлча, муьлхачу Iедалан къепехь бехкево билгалдаьккхина дацара. Иза хаа Iалашонца, МВД-н официалан сайтехь сайх лаьцна хаамаш карийра суна. ТIевола аьлла, деана кехат дац, талламхочо тоьхна телефон яц – соьга хIуммаъ ца кхаьчна.


 




 


Стенна оьшу и гIуллакх? Суна дага а догIуш, йоьдучу эфирехь Кадыров Рамзана дIахьедира, Интерполехула лехамашка воккхур ву ша аьлла. Талламна тIеIаткъам бойла дац шен цо хIилланца аьллашехь, и гIуллакх диллина цхьана Iалашонца – со дуьненаюкъарчу лехамашка вала. Кадыровн иштта методаш бен яц. Шен оппоненташца цо латточу къийсамах бакъоларъярхоша тоххара яздина ду- гергарнаш лечкъош, нах бойъуьйтуш, бехктакхаман гIуллакх доьллуш.


– Нагахь санна хьо дIавехахь, Евросоюзо хьуо дIалур ву аьлла хетий хьуна?


– Со хIинца волчу пачхьалкхерчу Iедалхоша хIун дийр ду суна хуийла дац. Амма Евросоюзо а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн департаменто а, дуьненаюкъарчу организацеша а къаьстташ дIагайтина шайн позици, сан нана маьршаяккхар Оьрсийчоьнна тIе а дожош. Доллу дуьне а кхеташ ду, Кадыровс низамашкахь доцу хIуманаш лелош хиларх. Суна хетарехь, Европерчу Iедалхошна а дика хаьа, и гIуллакх бух боцуш цхьана Iалашонца айдина дуй – со Нохчийчу юхавига. Интерполе и дехар кхачахь а, тарло иза кхочуш ца дан. Ткъа Кадыровс хIун дан тарло – со вен цхьаъ лаца хьесап ду. И хир дуй суна хууш ду, цундела оьшу барамаш лелор бу ас ларвалархьама.




И зуламе практика сацорхьама, Евросоюзо а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а дуьненан юкъараллин тIегIанехь айдан деза Кадыров а, цуьнан го а дуьненаюкъара террорхой хиларх хаттар. ЧIогIа бехкбиллар-м ду иза, амма бакъоларъяран органаша шеконашка эцна, йа билггал тIечIагIдина, оьрсийн а, нохчийн а Iедалхой доллу дуьненахь – Украинехь, Францехь, Катарехь, Австрехь, Германехь, Туркойчохь, Швецехь нохчий бойъуш, царна кIелонаш ярна бехкехиларх дуккхаъ а хиллачун тоьшаллаш хилар.


Европерчу Iедалхойх политикан цхьахволчу векална лаам карон беза, и дерриге а вовшахтоьхна, информаци системе а ялийна, иштта къайлахчу сервисашкара а цхьана, рогIера террорхойн гIуллакх хиларх хаттар хIоттон. Низамех ваша а ца вешаш, Оьрсийчохь Кадыровс шена луъург до. Киллерийн гIоьнца цо хIаллакбо кхечу мехкашкара шен дуьхьалончаш. Цуьнах йист яккха еза.


– Кремл массо а хIумана тIехь Кадыровна тIехIоьттина хилар лерича, оцу кепарчу къобалдаро Нохчийчоьнан куьйгалхочунна цхьана агIор Iаткъам бийр бу аьлла хетий хьуна?


– ТаIзар доцуш дитаро а, дерриг магийтаро а боккъал а стаг коьртана галвоккхур ву, Оьрсийчохь а санна, изза кепех пайдаэца тарло кхечу пачхьалкхашкахь а. ХIуммаъ а къайлах а доцуш. Хьо бакълоь, массо а цуьнан зуламаш цкъачунна Путина, Кремло могуьйтуш ду цунна. Иза гуш ду, масала, пресс-секретаран Песков Дмитрийн комментарехь а. Дуьхьара сан нана лачкъорах йолу истори "фанатстика" ю элира цо, тIаьхьа тIечIагIдина доцу, тхан доьзал а, бакъоларъярхой а терроризмна бехкебар – пачхьалкхан вахархочун санна Кадыровн "шена хетарг" ду иза элира.


 




Дуьненаюкъаралло тIеIаткъамбар – пайден механизм ю. США-н Госдепартаменто Нохчийчохь нах хьийзор сацаде аьлла, тIедожош сан ненан хьокъехь дIахьедар дича, Кадыров а, цуьнан пропаганда а оцу сохьта бехказабийла гIертара. Иштта кепаш эффективе ю, "Путинан пехотинцан" а, "Оьрсийчоьнан патриотан" а активаш, суна хаарца, дозанал а арахьа ю. Цуьнан векалш маьршша Евросоюзехула бевлла лелаш бу, кхузахь зуламхой шайна тIеберзош, шаьш гIоьналла лелош ду бохуш, пропагандехула сурт а хIиттош, массанхьахула а баржа гIерта уьш. ТIаккха цIа а боьлхий, нах хьийзабо.


Малхбузено мел а кIеда санкцеш ю Кадыровна а, цуьнан гонна а дуьхьалъяьхнарш. Дагадаийтал, Американо шен доьзал "Iаьржачу тептаре" баьккхича, латкъамаш бора цо, сан берийн хIун бехк бу, бохуш. Велхаза велира иза, шен зуламашна уьш гунахь бац бохуш, тешон гIерташ. Ткъа, нагахь санна, дуьненаюкъара террорхо аьлла, иза дIакхайкхавахь, цуьнан хIуммаъ а дойла хир ма дац, цхьанна а Iаткъамбан а. ТIаккха юхавер ву. Шога дозанаш деттаро бен иза меттавалор вац.


– Хьуна дуьхьал долийначу гIуллакхна тIедоьрзур вай юха а. Хьо тешна вуй, политикан хатI хилар а, бехкашца фальсификаци лелийна хилар а тIечIагIдина ду аьлла хетар хиларх Евросоюзна?


– Суна и гуш ду. Амма кадыровхойн Iалашо ю – со кара ца вагIахь а, мелла а зенаш дар. Дагадаийтал, Абдурахманов Тумсоан дуьхьал даьккхина хилла бух боцу гIуллакх, иза Шемахь тIом бина ву бохуш, - цо мел а миграцин проблемаш ехира цунна дуьхьал Евросоюзехь. Малхбузехь чIогIа лазаме тIеоьцу "террорхо" боху ярлык, иза нийса а ду, амма къастош хила деза, бух болуш бехк муьлхара бу, шайна товш боцчарна тIехь репрессеш лелорхьама стенгахь пайдаэцна.


Европехь а, Америкехь а, нохчо схьавоьхуш кехат деача, уггар а хьалха кхета деза – бехк боцуш тIеийзош хила тарло аьлла. Оьрсийчоьнан Iедалхоша стеган бехк хилар тIечIагIдан деза, шайна моьттучунна тIехь бехкаш а ца дохкуш.




Оьрсийчохь бух боцу бехкзуламан гIуллакхаш муха доьллу, рогIера хиъна сан нана лачкъорна тIехь. Шайггара кхоьллинчу бахьанаца бертаза Лахара Новгородера шен хIусамера араяьккхина, ши эзар километар йолчу Соьлжа-ГIала дайигира иза. Ткъа дIакхаьчначул тIаьхьа бехкейина, некъаца полисхой цо сийсазбина аьлла, цул тIаьхьа тIелеттера а боху полисхойх цхьахволчунна. Собар дехьа. Аша шаьш зорбане ма яьккхира, гIора а доцуш, халла хеттаршна жоьпаш луш, хиина Iачу сан ненан видео. Диабет, кхин а дуккха а шеца цамгарш йолу гIеметтахIоьттина стаг, 24 сахьтехь лоьрийн гIо доцуш, хIума кхалланза йолчу зудчо "бIаьрг баккханза витина" (Кадыровс ма-бохху) зоьртала стаг? Бехк бу бохучух хIинца а тешаш ду шу?


– Дика ду. Уггар а коьртачех хаттар – билггал вуй хьо IАДАТ телеграм-каналан администратор?


–Цкъачунна суна цунах лаьцна дийца ца лаьа. ТIейогIучу заманчохь дуьйцур ду ас ма-дарра. ХIинца стенна ца дуьйций? Шен тIедилларца, сан нана лачкъорна а, лелочу харцонна тIера терго дIаяккха хьийза Кадыров. Мусаева Зарема лачкъийна, амма хьовсийша – цуьнан кIант мел боьха хIума ю бохуш, сурт хIоттон лаьа цунна. Цуьнан низамашца ловза суна ца лаьа.


– ХIетте а, Европерчу нохчийн диаспоран векалийн цхьана декъо хIокху конфликте ситуацехь Кадыровн агIо лаьцна, IАДАТна шога критика а еш, эр вай, кадыровхойх лаьцна товш йоцу посташ хIитторна.


– Кадыровгахьа а болуш, IАДАТНА критика еш болу нах, иза волчу дIахьийсо беза. ХIорш хIун деш бу Европехь, нагахь санна, Нохчийчохь хьийзийна шаьш даьхкина хилча? Шайн паччахь волчу дIабаха беза-кх. Иза дуьненаюкъара террорхо ларарх лаьцначу хаттарна тIе юхадоьрзу вай. Иштта сацам тIеэцча, террорхошна гIо латтор зулам дар хир ду. Сайниг санна фейк а йоцуш, баккъал а бехктакхаман гIуллакх хир ду.


– Хьо хIинца Европехь ву, шун нана Соьлжа-ГIалахь лаьцна ю. Хьуна хетарехь, стенах гIо хир дара цунна?


 




– Тхан доьзал а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристаш а шайн ма-хуьллу бакъонан гIо кхачон хьийза царна, таханалерачу Нохчийчохь тарлучу гурашкахь. Амма Малхбузен пачхьалкхаша нах лечкъочеран а, уьш хьийзочеран а, и зуламаш дойтучеран а хьокъехь цхьа шога барамаш тIе ца эцахь, хIуммаъ а хийцалур дац. Коьрта прокуратурех а, Талламан комитетан куьйгаллех а цхьана а тайпа дегайовхо яц – Кадыров а санна, оцу системин винташ ю уьш. Нохчийчохь лелочу харцонна Кремло бIаьргаш дIа мел къуьйлу, хIуммаъ а хийцалур дац. ХIокху доллучунна а бехке Кадыров а, Кремль а ду. Дуьненаюкъарчу институташкахула бен уьш совцон йиш яц.


***


Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду шаьш аьлла, бовзийтина нах Лахарчу Новгородера ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхинера Дечкен-беттан 20-чохь. Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхехь тешаш санна ледан нуьцкъаша суьдхо лаьттина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIадига бакъо лун кехаташ дара церан карахь. Янгулбаев Сайди суьдхочун статусехь хиларо иза хьаван бакъо ца ло, цундела цхьа Мусаева лецира цара.


ТIаьхьо мехкан информацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахьмада хаамбира, Мусаевана чохь яккха 15 дей-буьйсий хан тоьхна полисхочунна тIелатарна а, иза аьшнашварна а бехкейина аьлла.


Лачкъийна йигичхьана бакъйолу информаци яц хоуьйтуш инсулинах йоьзна диабет цамгарца йолчу Мусаева Заремех лаьцна. Цунна тIе буьтуш бац адвокаташ.


Евроберто Оьрсийчоьне кхайкхамбина, Мусаева Зарема дIахеца аьлла. Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн гуламехь а тIедожийна иза маьршаяккхар.


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн департаменто леррина дIахьедар дира зорбан гIирсашкахь, шаьш саготта хилар хоуьйтуш, Нохчийчуьрчу Iедалша адамаш лечкъорах а, дIалецарх а льацна саццаза хаамаш кхочуш хиларна, шайна юкъахь нохчийн бакъонашларъярхойн гергарнаш а, эмиграцехь беха оппозиционераш а болуш.


Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу наха ша а, шен да а лачкъорах масийттазза дийцира Янгулбаев ИбрахIима. Цо чIагIонаш йо, шайна тIехь Iазапаш лелийра, ша Кадыровс а цхьана бохуш. "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристашка бинчу хаамашкахь ("Новая газето" цхьа дакъа зорбане даьккхира), масала, билгалдаьккхина ду: "Веа хадархочо куьйгаш, когаш лаьцна, бертал охьа а виллина, турбанашца йиттира суна. Р.А. Кадыровс сан бета тIе ког а биллина, йиттира суна турба. Юьхьанца букъах, когаш тIе, коьртах. Цул тIаьхьа со харца а херцина, суна тIера стомма свитар дIа а яьккхина, дикка лазавайта, гай тIе йетта волавелира Кадыров. ТIаьхьа кIадвелира иза".




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также


Загрузка...
Ria.city
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Аша на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.