Нохчийчохь машенаш елла къорза береташ яьхначарна
0
165
Ставропол-махкарчу "Тамбукан" центрехь къорза береташ йохуш кху баттахь дIабаьхьначу къовсамехь тоьллачу Нохчийчуьрчу ОМОН-н командирна Бисаев Анзорна а, "Терек" СОБР-н командирна Лорсанкаев Сайдина а Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондо совгIаташ дина Mercedes машенашца. "Новости" информацин агенталло бина цунах лаьцна хаам.
"Иза ший а тешамца къахьоьгуш схьавогIуш ву Нохчийчоьнан хьалхарчу президентан, Оьрсийчоьнан Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь. Бохор боцчу лаамо, доьналло, майралло гIо до царна шайн гIуллакхдарехь лаккхара жамIаш гайта. Къорза берет- спецназан тIемалочун сийлаллин лаккхара символ ю. Анзора а, Сайдис а тоьшалла дина, бIе процентана шаьшинна береташ кхачош хилар", - дIахьедина Новости агенталле информацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахьмада.
ГIадужу-беттан 17-чохь "Комсомольская правда" газетерчу журналиста Коц Александра социалан машанехь хаам бира, къорза береташ лелон бакъо къовсучу эскархойн ловзаршкахь, нохчий декъахь а болуш, дов иккхина, аьлла. ГIаш некъ бан безачу меттехь Нохчийчуьра бIаьхой машенашца финише дIакхачо болийра церан накъосташа, яздира журналисто.
Цхьамма яьккхина видео а яржийна Коца: гуш бу цу чохь эскархойн духаршлахь леташ бохку нах, ахбIе гергга. Некъа тIехула хаьвдда боьлху уьш. Царна тIекхочу Iаьржа машен, чуьра араиккхина стаг ву конфликт ерзош.
"Къорзачу беретийн "Витязь" дакъойн" ассоциацин куьйгалхочо Лысюк Сергейс шолгIачу дийнахь яьккхинчу видео чохь (ютьюб-канал War Gonzo, ГIадужу-бутт, 18) бакъ ца дира экзаменехь летта бохург, яьржинарг фейк ю, элира цо.
Американ Iедалша Кадыров Ахьмадан цIарах йолу Фонд "Магнитскийн глобалан актан" буха тIехь долчу санкцийн тептаре яьккхина. Адамийн бакъонаш талхочу нахана дуьхьал долийна ду и тептар Вашингтоно.
2019-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондана пайда хилла 6,075 миллиард соьмана. Организаци масийттазза бехкейира, бюджетан белхахошка бертаза фонде ахчанаш дохкуьйту бохуш, амма Нохчийчуьрчу Iедалша а, республикан дешаран министралло а харцдира иза.
Формалехь фондан куьйгаллехь ю мехкан куьйгалхочун нана Кадырова Аймани.