Добавить новость
Октябрь 2015
Ноябрь 2015
Декабрь 2015
Январь 2016
Февраль 2016
Март 2016
Апрель 2016
Май 2016
Июнь 2016
Июль 2016
Август 2016
Сентябрь 2016
Октябрь 2016
Ноябрь 2016
Декабрь 2016
Январь 2017 Февраль 2017 Март 2017 Апрель 2017 Май 2017
Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018
Август 2018 Сентябрь 2018 Октябрь 2018 Ноябрь 2018 Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026
1
2
3
4
5
6
7 8 9 10 11
12
13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24
25
26
27
28
29
30

Поиск города

Ничего не найдено

"Къорза берет сийсазъяр". Росгвардехь нохчашца иккхина дов

0 91
ГIадужу-беттан 17-чохь "Комсомольская правда" газетерчу журналиста Коц Александра социалан машанехь хаам бира, къорза береташ лелон бакъо къовсучу эскархойн ловзаршкахь, нохчий декъахь а болуш, дов иккхина, аьлла. И информаци вуно сиха дIасаяьржира интернетехула, газеташкахула. Росгвардин хьаькамаша харцбира хаам, цхьаццаболу эскархой "сов чIиркъе" хьаьвзина хилар а къадош.


Юьйцу тIеман урхалла тIех къовлаелла еха - дукха яц хилларг довзуьйту информаци.


"Лерринчу ницкъашкара бIаьхой реза бац Ставропол-махкарчу "Тамбукан" центрехь къорза береташ йохуш дIабаьхьначу къовсамийн хотIанна. ГIаш некъ бан безачу меттехь Нохчийчуьра бIаьхой машенашца финише дIакхачо болийра церан накъосташа – къа стенна хьоьгуш ду?! Оцу харцоно цецбехира кхиболу эскархой, ца Iийра уьш бист ца хуьлуш. Лета хIиттина эскархой, видео чохь хезачу къамелашка ладоьгIча, дIасабаьхна довхой Росгвардин лерринчу ницкъийн коьртачу урхаллин буьйранчас, ша Семиляк Игора", – яздина журналиста Коца.


Цхьамма яьккхина видео а яржийна Коца: гуш бу цу чохь эскархойн духаршлахь леташ бохку нах, ахбIе гергга. Некъа тIехула хаьвдда боьлху уьш. Царна тIекхочу Iаьржа машен, чуьра араиккхина стаг ву конфликт ерзош.


Соьлжа-ГIалахь я "Тамбуканехь"?

"Тамбукан" центрехь ГIадужу-беттан 11-15 деношкахь официалехь къорза береташ лело бакъо йоккхуш, хаарш гойтуш вара 115 эскархо. Финале кхаьчна бIаьхой декхаре бара аренгахула 10 километр вада.


"Йисте кхача безачу новкъахь цхьа ирхе яра яккха езаш, минаш йоьхкина, кхераме йолчуха кечйина, дуьхьал хиш а долуш, цунах а, кхийолчу дуьхьалонех а чекхбевлира бIаьхой, герзаш а кхуьйсуш, акробатикан хьуьнарш а гойтуш. ТIаьххьара кандидатийн вовшашца хилира спаррингаш, толаме уггаре дика кечам бинарш кхечира. ХIораммо а рингехь латаран доьналла, ницкъ гайтира. Оцу муьрах чекх ца велира 38 бен", – йовзуьйту экзамен Росгвардин официалан сайто.


Кадыров Рамзана шен "ВКонтакте" машанерчу агIонехь декъалвина 7 нохчо-леринчу ницкъийн бIаьхо къорза береташ яхарна. Царалахь ву Росгвардин ОМОН-ан буьйранча Бисаев Анзор а, лерринчу ницкъийн (СОБР) "Терек" декъан куьйгалхо Лорсанкаев Сайди а, Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу гIагIадиллинчу машенийн "Север" полкан, Соьлжа-ГIаларчу Рогвардин "Юг" батальонан бIаьхой а.


 




Масех сахьт даьлча хааман автора Коц Александра билгалдоккху, латар Ставрополерчу центрехь ца хилла, Соьлжа-ГIалахь хилла, цига экзамен дIаэца бахана инструктораш а болуш, олий.


"Тхан "Витязера" Соьлжа-ГIала бахана инструктораш бара уьш, нохчашкара экзамен схьаоьцуш. Цара шайн бIаьхой "Урал" машенашца буьгий, хьалхабохура, кхидIа ида буьйлалора уьш. Вайнчара боху: "Аш хIун леладо, шун хьерадевлла? " Цара уьш юха а "Урал" тIе хийшабо, хьалхабоху цхьа-ши километр, охьабиссабо. СадоIуьйту цаьрга… Вайнчара видео яьккхира, вуьйш лата чухьаьвдира. ГIурт бара цигахь. Иштаниг хилла дацара цкъа а… Иза эскар сийсаздар ду, кхардам бу. Къорза берет сийсазъяр ду", – боху яьржинчу цхьана аудио чохь ницкъхойн бIаьхочо.


Цо билгалдоккху къовсамехь 20 инструктор а, 200 Нохчийчуьра эскархо а хилар. Конфликт йоьдуш "кочабахара", "хьажийра", боху, инарла Семилякна.


"Семиляка ша юьстахваьккхира и (довхо – ред.) дерриг дирзича, могIара дIахIоттийтира. Юха волавелла дIавахара. Семиляка дукха харцона чекхйовлийтира. Политика бахьанехь, шегара дарж дожарна кхоьру, ахчан дуьхьа лела. Суна ца хаьа, цара цунна хIун лур ду аьлла. Ган а гуш, цаьргахьа велира", – дуьйцу кхечу аудиохаамехь.


Экзамен тергалъеш Iийна шаьш бохучара дуьйцу, Кадыровс шен бIаьхошна, экзаменах чекхбевллачарна, миллион соьмаш лур ду аьлла. Хаамийн гIирсаша яздарехь, девнехь жигара дакъалаьцна "Терекан" буьйранча лаьттинчу, хIинца ницкъаллин дакъошна тIехьожучу вице-премьера Висмураов Абузайда.


Дов иккхинчохь " Кадыровн гергара стаг" а вара, боху аудио чохь. Гарехь, вуьйцург ву эскархойшна говзалла Iамочу "Терек" центран буьйранча Кадыров Iабдул-Керим, мехкан куьйгалхочун девешин воI.


БIаьхоша дIайоху шайн береташ

Росгвардин официалерчу векала Грибакин Валерийс, хилла яц цхьа а конфликт, аьлла "Известия" газетехула, "амал гайтар бен, хилла хIума дац, ницкъ берг тоьлла, даима а санна, толамхой ас декъал а бо".


Оьрсийчуьрчу уггаре а коьртачех йолчу РИА Новости агенталло хаам арахецна даьллачу девнах лаьцна, "Цара Iехийна: къорза береташ бахьанехь долу къаьхьа бакъдерг" яра материалан цIе. Амма тIаьхьо и цIе, хийцина, къадйира, ткъа хьалхалераниг йисина кешехь.


 




Росгвардин куьйалла гIиртина конфликт йижо, боху анонимехь висинчу "500-й" шех олучу тIеман хаамийн проектан шолгIачу авторо.


"Тхоьца зIене ваьлла Росгвардера массийтта бIаьхьо. Дерг талла а теллина, оха сацамбира хьал довзийта. Росгвардин куьйгалла хилларг дижо гIиртинийла а хаьа суна, ша конфликт йижорал а совнаха. Хаам арахецна буьйса чекхъяьлча, Iуьйранна, 250 комментари язйира конфликтан декъа нисбеллачара, цара бакъбо хиламна резабоцурш", боху журналиста.


Цо бакъдо конфликт яьлла хилар, бакъдо иза араяьккхинчу масех видеоно а.


"Нохчийчуьрчу Росгвардин хаарш мехе дахкалур дац соьга, со говзанча вац, амма иштаниг юьхьаръэцча, ала ду, кхечу регионашкахьчул ледара Iамабо цигахь бIаьхой. Видео хьажча го, масала, гIишло йоккху Iаморан барамехь ледара гайтина шаьш эскархоша. Реферис, ша цхьаъ юкъарвоккху, олу, эццахь нах чухьаьлха цунна. Кхиболу бIахой боьлу, нах толамах баккхийбечу юкъанна", – боху эксперта.


Цо билгалдоккху кхиболу эскархой, 604-чу "Витязь" центран декъашхой, оршотан дийнахь дуьйна охьатосуш бу шайгара къорза береташ, бохуш.


Экзаменехь кийтарлонаш лелорал совнаха, Нохчийчуьра ницкъхой, береташ баьхнарш, Росгвардера ламаст лардеш, гора а ца хIитира, боху эпсарша (хаам баржийна оцу хьокъехь Къилбаседа Кавказан тIеман гонан "СКФО Telegraph" телеграм-канало).


"Хьашт дац деза хабарш дийца, доцург десто. Къаьсттина социалан машанашкахула. ПарггIат листа деза хилларг. Иза эскаршкарчу "Къорза беретийн" кхеташоно луьстур ду, бовзуьйтур бу хилла сацам", – аьлла журналисташка  "Къорзачу беретийн "Витязь" дакъойн" ассоциацин куьйгалхочо Лысюк Сергейс.


ШолгIачу дийнахь яьккхинчу видео чохь (ютьюб-канал War Gonzo, ГIадужу-бутт, 18) Люсюка бакъ ца до экзаменехь летта бохург, яьржинарг фейк ю, олу цо.


 


Кадыровгара масал а оьцуш

Иккхинчу конфликт туьдийла ду Кадыровн Рамзанан кхетамехула, цуьнан приоритеташкахула, коьрте дуьллург, бIаьхойн хаарийн метта  "титул" а, "сертификат" а юйла гича, - дуьйцу Кавказ.Реалиица хилларг зуьйчу " Исламан ойланаш" ютьюб-каналан автора Белокиев Ислама.


 




"Оцу схемица схьаэцна гIерта нах "кехаташ" я "дипломаш", церан кхетамехь оцу документаша лакха йоккху церан статус, базбо уьш. Иштта Кадыров а гIерта дуьнентIехь мел йолу регалеш долаэца. Иза академик ву, боксан мастер а ву, тоьлла фермер а ву, Оьрсийчоьнан турпалхо а ву, иштта дIа кхиверг а ву", – боху Белокиевс.


Алссам къорза береташ яхар а ду дахаран оццу схемица. Цундела аьлла Кадыровс, телеграм-каналаша бахарехь, экзаменах чекхбевллачу бIаьхошна ша миллион соьмаш лур ду.


"Бен а дац, и береташ цаьрга муха кхочу, коьртаниг – уьш хилар ду. Ткъа оцу Кадыровн "толаман" новкъахь дуьхьал нисвелларг хьаьшна дIаваккха веза. "Паччахьа" (иштта олу Кадыровх цуьнан куьйга кIелхьарчу наха – ред.) ша магийча бен ца вахана Висмурадов девнца къестамаш бан", – аьлла хета Белокиевна.


Кавказ.Реалиин корреспондента дийхира тIеман журналисте Коц Александре комментари ялар, амма цо жоп доцуш дитира дехар.




 




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

В тренде на этой неделе

Опережая график и сохраняя качество

Свердловское отделение «Ассамблеи народов России» и фонд «Ветераны СВО и КТО» активно поддерживают Международную патриотическую акцию «Я вернулся, мама…»

4,2 млрд рублей выделят для строительства и капремонта Таловского гидроузла и Старо-теречной системы

"Тобол" нашёл нового главного тренера: он работал с Черчесовым


Загрузка...
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Терек на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.