Добавить новость
Октябрь 2015
Ноябрь 2015
Декабрь 2015
Январь 2016
Февраль 2016
Март 2016
Апрель 2016
Май 2016
Июнь 2016
Июль 2016
Август 2016
Сентябрь 2016
Октябрь 2016
Ноябрь 2016
Декабрь 2016
Январь 2017 Февраль 2017 Март 2017 Апрель 2017 Май 2017
Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018
Август 2018 Сентябрь 2018 Октябрь 2018 Ноябрь 2018 Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026 Май 2026
1
2
3 4 5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20 21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

Iазап латто а, адамаш дайъа а елла индульгенци?

0 178
Оьрсийчоьне юха а кхайкхам бина Нохийчохь гей олу нах хьийзорна таллам баре.


Дуьненаюкъара дов эккхар доьрзуш дац, ЛГБТ олу нах лечкъорца а, байъарца а доьзна долу. Охан-бутт чекхболуш 29 пачхьалкхан Iедалша дагадаийтира Оьрсийчоьнна, Европехь кхерамазаллан а, цхьаьнабелхан а вовшахтохаралло (OSCE) и зуламаш таллар хьокъехь елла рекомендацеш. Амма я Соьлжа-ГIалано а, Кремло а хIинца а цхьана а кепара тергал ца деш дитна иза.


Кхерамазаллин хроника

2017-чу шарахь Европан Кхеташонан Парламентийн ассамблеян а, Европехь кхерамазаллан а, цхьаьнабелхан а вовшахтохараллан а демократехула а, адамийн бакъонашкахула а йолчу юкъарчу комитето 2017-чу шарахь резолюцин проектана гIортор йира "Малхбалерчу Европера хьал" цIе йолчу резолюцин проектана. Оцу проектехь критика яра Оьрсийчохь адамийн бакъонаш ларъярца доьзначу хьолана, кхайкхам бара оцу пачхьалкхан Iедалшка ЛГБТ-юкъараллан Нохчийчуьрчу декъашхойн кхерамазалла ларъйе аьлла.


2017-чу шарахь Охан-баттахь Европехь кхерамазаллан а, цхьаьнабелхан а вовшахтохараллан кхета дийзира оцу нахана дина зуламаш таллар сецна хиларх , бехктакхаман гIуллакхаш долийна ца хиларх а.




Кхин а цхьа шо даьлча Европехь кхерамазаллан а, цхьаьнабелхан а вовшахтохараллана юкъарчу 16 пачхьалкхо кхочушъян йолийра "Венера механизм" олу программа. Иза леррина мониториг яра кеп ю, оцу юкъайогIучу пачхьалкхаша адамийн бакъонаш ларъярехула а, демократехула а шайна тIелаьцна декхарш кхочуш дарехула. Оьрсийчоьне юха а хаттарш хьажийра Нохчийчохь адамийн бакъонаш йохош хиларца доьзна долу.


Европехь кхерамазаллан, цхьаьнабелхан а вовшахтохаралло довзийтинчу документехь дуьйцуш дара тIаьххьарчу 20 баттахь республикехь хуьлург бахьана долуш ша саготта хилар. Дуьйцург дара харцонца адамаш дIалецар а, уьш дайъар а, меттигера бахархой лар йоцуш бовш хилар а, бакъонашларъярхошна Iаткъам беш хилар а, ткъа иштта Нохчийчоьнан куьйгалло секс-кIезигхошна тIехь ницкъ байтина хилар а, церан доьзашка уьш "сий лардеш" байъаре а кхайкхина.




2018-чу шарахь Лахьанан баттахь Европехь кхерамазаллан а, цхьаьнабелхан а вовшахтохаралло сацам бира "Москван механизм" (Московский механизм) олу кеп юкъаяккха еза аьлла. Оцу механизмаца а догIуш, экспертех я докладхойх лаьтта леррина мисси кхолла езаш яра, адамийн бакъонаш ларъярца доьзначу хьолаца болх бан.


Нохчийчохь хьал талла декхарелахь винера Европехь кхерамазаллан, цхьаьнабелхан а вовшахтохараллан Австрера эксперт, дуьненаюкъарчу бакъонан профессор Бенедек Вольфганг. Нохчийчуьрчу Iедалша оцу кепарчу комиссешна шаьш дуьхьал хилар хаийтира меттигерчу омбудсмен волчу Нухажиев Нурдехула.


"Тхо хIинца цхьана а дикачуьнга ладоьгIуш дац дуьненаюкъарчу вовшахтохараллашкара а, церан Нохчийчу йолчу визиташкара а", –дIахьедира Нухажиевс.




2018-чу шарахь ГIуран-баттахь профессора Бендека шен доклад йовзийтира, Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъярца доьзначу хьолах лаьцна. Цо бинчу талламо тIечIагIдира меттигера бахархой динна тобашкахь харцонца лецна хилар. Бендеко иштта тIечIагIбира республикехь ЛГБТ-адамаш хьийзош хиларх лаьцна болу хаам, оцунах лаьцна берриг а хаамаш "кхеташ" а, "юхатохалур боцуш" а хилар.


Гейшна дуьхьал гIаттийна кампани цо юьйзира Нохчийчоьнан а, федералан а Iедалашна хетачуьнца. Жоьпаллехь болчу нахана юкъахь цо хьахийра Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, меттигерчу парламентан гIантда Даудов Мохьмад а.




2019-чу шарахь Зазадоккху-баттахь Iезап латтар ца хилийтаран Европан комитето бехке йира Оьрсийчоь, Нохчийчохь а, Къилбаседа Кавказерчу кхечу республикашкахь а хIоьттинчу хьолехула юкъаметтигаш лело реза ца хиларна. Кхин а ши шо даьлча Европан кхеташоно керла санкцеш кхайкхийра Оьрсийчоьнна дуьхьал ЛГБТ-юкъарлон векалшна а, Iедална критика йинчу нахана а тIехь Iазап латторна. Уьш хьакхалуш яра Аргунерчу полицин хьаькамах Катаев Аюбах а, республикан вице-премьерах, СОБР "Терек" олучу тобан хьаькамах Висмурадов Абузайдах а (тиллина цIе "Патриот").




2021-чу шарахь Охан-беттан 19-хь кху дуьненерчу 29 пачхьалкхо шайн арахьарчу гIуллакхийн министраллин сайташна тIехь зорбане ехира Нохчийчохь ЛГБТ-юкъарлонера адамаш хьийзор хьокъехь таллам барца йоьзна рекомендацеш. Оцу дIахьедарна тIе куьг таIийначу пачхьалкхаша къаьсттина билгалдаьккхира, "доклад йовзийтинчул тIахьа даьллачу шина шарахь Оьрсийчоьнан федералан Iедалша оцу докладана конструктиван кеп йолу жоп делла ца хилар ".


Оцу кепара, дуьненаюкъаралло даре дира хьал дIанисдан Оьрсийчохь хIумма а дина цахилар.




Оьрсийчоьнан ЛГБТ-юкъарлонера адамаш Нохчийчохь хьийзор, тIаьхьа а ца тоьтташ, эвсараллица талла доладе аьлла биначу кхайкхамна кIел куьйгаш тIаIийра Люксембурго а, Австино а, Австралино а, Албанино а, Бельгино а, Британино а, Германино а, Грецино а, Данино а, Исландино а, Испанино а, Италино а, Кабо-Вердено а, Канадо а, Коста-Рикано а, Литвано а, Мальтано а, Нидерландаша а, Норвегино а, Португалино а, Слованино а, Американ Цхьанатоьхначу Штаташа а, Финляндино а, Францино а, Чехино а, Чилино а, Швейцарино а, Швецино а, Эстонино а.


Дагахь бац шаьш динчу тIедожорна тIерабовлла

"29 пачхьалкхо дина дIахьедар кхетуьйтуш сигнал ю Оьрсийчоьнан Iедалшна, ЛГБТ-адамаш Нохчийчохь хьийзорах лаьцна хаттар дуьсур хиларан дуьненаюкъараллан коьртачу кхочуш дечу хаттаршна юакъахь, иза гIамара юкъа дохуьйтур дац. И хаттар шуьйра лаьтташ ду – иза системан кепехь лело харцо ю: адамаш лечкъор, Iазап латтор ткъа иштта республикехь, кхел а ца еш, уьш дайъар", - боху Human Rights Watch вовшахтохараллан Европехула а, Юккъерчу Азехула а йолчу программан директоран гIовс йолчу Локшина Татьянинас.




Цунна хетарехь, дуьненаюкъараллин велкалш жигара хилахь, оцо, мел лаххара а, гIо дан мега зуламаш даран тIегIа лахдан. Бакъонашларъярхо, "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-маша" кхоьллинчу Кочетков Игорна а хета, кхечу пачхьалкхаша беш болу Iаткъам чIогIа мехала хилар, цо дицдала ца дуьту дина зуламаш аьлла.


Кавказ.Реалиица къамел деш цо элира, массо а кхеташ ву нохчийн Iедалшкахь индульгенци (къиношна геч деш католикашна мехах луш долу кехат - ред) хиларх ЛГБТ-адамашкахь Iазап латто а, уьш дайъа а аьлла. И бахьана долуш Соьлжа-ГIалахь цхьа а терго йоцуш дуьту дуьненаюкъараллана хетарг, цундела мехала ду дуьненакъаралло кхин дIа а Iаткъам бар билггала Кремлна.


Кочетковна хетарехь, 29 пачхьалкхо арахецначу дIахьедаро гойту, уьш дагахь ца хилар Нохчийчуьра зуламаш таллра тIедожорна юхайовла: "Мехала ду Масквана хаийтар цхьа а дагахь цахилар иза дицдан".




Оьрсийчохь адамийн бакъонаш талхош хиларна саготта ду шаьш, бохуш дIахьедарш дечу юкъана Европерчу пачхьалкхашкара цIахьежош бу Къилбаседа Кавказера мухIажарш. Ша аьлча, Охан-беттан 9-хь Францера араваьккхина нохчийн набахташкахь Iазап латтош хиларан теш волу Гадаев Мохьмад. Германино, шен агIор, араваьккхина Нурмагомедов а, Хьалха МартантIерчу полицин декъехь къайлаха чувоьллина баттахь латтийна волу Мамуев а. Оццу хенахь Швецере депортаци йина хилла нохчо Афанасьев Кана цхьа бутт баьлча вийна карийна.




 




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

В тренде на этой неделе

МЧС: из-за ливней во всех регионах Северного Кавказа ожидаются подтопления

В Армавире на Кубани объявлена эвакуация жителей на фоне угрозы подтопления


Загрузка...
Rss.plus
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Терек на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.