Добавить новость
Октябрь 2015
Ноябрь 2015
Декабрь 2015
Январь 2016
Февраль 2016
Март 2016
Апрель 2016
Май 2016
Июнь 2016
Июль 2016
Август 2016
Сентябрь 2016
Октябрь 2016
Ноябрь 2016
Декабрь 2016
Январь 2017 Февраль 2017 Март 2017 Апрель 2017 Май 2017
Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018
Август 2018 Сентябрь 2018 Октябрь 2018 Ноябрь 2018 Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026
1
2
3
4
5
6
7 8 9 10 11
12
13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23
24
25
26
27 28
29
30

Поиск города

Ничего не найдено

Кадыровн «паччахьалла» огуш дерг

0 72
ХIун къуьйсу вовшашца Нохчийчуьрчу хьаькамаша?


Советан Iедалан заманахь кег-мерсачу битамаша гойтура Малхбузерчу политологашна, муха хийцалур ю Москвара политика. Мила мича охьахуу рогIерчу Политбюрон кхеташонехь тергалдича, кхеташ хуьлура хинболу хийцамаш.


И кеп лела тахана Нохчийчохь. Шен кхеташонехь Iедалхойх хьаьнца, муха къамел до Кадыров Рамзана тергалдича, хаало, мила стенга «охьаваьккхина», «хьалаваьваьккхина», «вожор ву» цо.


Оьрсийчоьнан президентца Путинца Малхбале вахана леллачуьра ша цIа кхоччушехь, кхеташо хIоттийра Кадыров Рамзана. Цигахь цо шена бовзийта элира, ша цхьа хан хьалха мохк 8 декъе а боькъуш, царна тIехIиттийначу куьйгалхоша бина болх.


Мохк буьззина шен куьйга кIел лаца гIерта Кадыров, тидира оцу кхеташонан маьIна тергамчаша.


Секторийн куьйгалхоша рогI-рогIехь дийцира шаьш баьхначу кхиамех лаьцна. Бина болх массара а бузура Кадыровн цIарца, къамел дола а дора, чекх а доккхура цуьнан цIе хьахош.




Дина гIуллакхаш довзуьйтучийн могIарахь волчу цхьана хьаькамна, уггаре шена герга ларалучу стагна, Кадыров резавоцийла хаалора кхеташонехь – парламентан куьйгалхочунна Даудов Мохьмадна.


Ткъа Даудовс аьлларг дацара сел цатал хIума – Куьршалан кIоштахь газах жоп лучу белхахойн проблема шега листалур ю аьлла ца хета шена, бохура цо. Оцу дешнашна оьгIазвахара Кадыров. Махкахь шел тIаьхьа кхоалгIа стаг ву ала тарлуш волчу хьаькаме кхочуш муха ца дало, веккъа оцу цхьана хьаькаман цIе а йохуш, кхечу муьлххачо а дендерг, цецвуьйлура мехкан куьйгалхо.


ЖамI – сектор дIаяьккхина Даудовгара. Цуьнан метте хIоттийна итт шарахь "Газпром межрегионгаз Грозный" компанина коьртехь лаьтташ волу Баймурадов Лом-Iела.


Ша Даудовс ца къадийна шена хIун хета хиллачух, социалан машанашкахь сацавелла, Кадыров рогIехь хаста а вина, цул тIаьхьа Шелан кIоштахь субботник муха дIадаьхьира а дийцина.


Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацин цхьана белхахочуьнгара «Кавказ.Реалиина» хиира Кадыровн гонехь «массо а вулавелла Iаш» хилар. «Цхьа а вац хиндерг хууш. Цхьа Даудов хилла ца Iа вуьйцург, Кадыровн берриг а го бу булабелла Iаш, цхьанне а ца хаьа оьгIазалла хьанна тIеюжур ю рогIехь», - элира хьостано.




«Нохчийчоьнан куьйгалхо вен бохкура» аьлла, хьехо баьхна хьаькамаш буьйцуш а бацара Кадыров даржах ваккха гIерта цхьа къайлах нах боху хабар даьржича. «Керлачу Газетерчу» журналиста Милашина Еленас йиллира и тема дуьххьара, леца мега Кадыровна «гонахара нах а, церан гергарнаш а», аьлла.


Газето дийцарехь, массарел хьалха «куьйга кIел» нисбелларш бу Устрада-ГIалин мэр лаьттина Темирбаев ИбрахIим а, цуьнан гергарнаш а, ха а, орцан министр Яхъяев Руслан а, парламентан депутат Iийна Магомаев Шемал а, хьунан экс-министр Мулаев Дикамохьмад а, вице-премьер хилла Вайнахов Халид а, мехкан некъан полицин коьрта хьаькам Денилханов Шамхан а, иштта, полицин инарла-майор Алаудинов Апти а.


Нохчийчуьрчу телевизионо сихха тидаме ийцира газето яздинарг, Милашинас мел буьйцучу «карчамхошка» къамелаш а дойтуш. ХIораммо а харцдира шаьш хьахош яздинарг. Амма оцу «Грозный» ТВ-н программо кхоьллира керла шеконаш.


Вацара программехь Милашинас массарел а дукха валхош волу Устрада-ГIалин мэр лаьттина Темирбаев ИбрахIим. Махкарчу бахархошна хетарехь, «маьрша вац иза» шена хетарг ала. Бакъду, Темирбаевс а, цуьнан гоно а шайца лелийна харцонаш дагаоьхучу гIалин бахархоша ца йоккху и цIе доглазарца.




Вацара программехь гойтуш я вуьйцуш Гаибов Идрис а. Парламентан депутат лаьттина волу иза тахана а дац хууш стенгахь ву, цунах хIун хилла.


Кху беттан 4-чохь араяьллачу програмехь хIора а хьаькамо бохура, ша-ша балхах мукъаваьлла, садоIуш ву ханна. Ткъа депутат лаьттинчу Магомаевна ца карийра нах тешшол ала хIума – ша шена яьккхина садаIа бакъо, шо ду мукъа волу, 19 шарахь бина ша болх, тоьур ду, бохура.


Кадыровна «тешнабехк бан кечбелла хиллачех» цхьаъ ву шен балхахь – чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс, Итон-Кхаьллан, Шуьйтан секторх жоп луш волу Алаудинов Апти. Цо интернетехула халкъе мухха а хаамаш бахь а, цуьнан «гIуллакхаш дика дац» аьлла хета махкахь наханна.




Дуьйцучу деношна юкъанисделира Кадыровн уллера доттагI Вимурадов Абузайд вина де – иза баккхийчу хьаькамех массара а вира декъал, амма ца вира Алаудиновс. Оцо а гIовттина бахархошлахь хеттарш.


«Кавказ.Реалиино» къамел шайца динчу нохчех массо а бац хьаькамаша «тешнабехк кечбина хилла» бохучух тешаш, амма массара а боху, цхьа «кхеташбоцу болам» баьржина Кадыровна гонах.


Цхьайолчу хьостанаша чIагIдарехь, я Кадыров ша, я иза ларвеш долчу декъан (официалехь – Росгвардера «Терек») куьйгалхо Висмурадов ву «тешнабехк» листа болийнарг.




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

В тренде на этой неделе

Рахимов: «Милан» и «Ювентус» чисто тренерские команды, поэтому нули никого смущать не должны

Есть выбор: россиянам напомнили о незаконности принудительных субботников


Загрузка...
Ria.city
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Терек на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.