Добавить новость
Октябрь 2015
Ноябрь 2015
Декабрь 2015
Январь 2016
Февраль 2016
Март 2016
Апрель 2016
Май 2016
Июнь 2016
Июль 2016
Август 2016
Сентябрь 2016
Октябрь 2016
Ноябрь 2016
Декабрь 2016
Январь 2017 Февраль 2017 Март 2017 Апрель 2017 Май 2017
Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018
Август 2018 Сентябрь 2018 Октябрь 2018 Ноябрь 2018 Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026
1
2
3
4
5
6
7 8 9 10 11
12
13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23
24
25
26
27 28
29
30

Поиск города

Ничего не найдено

"Ахмат – церан "сила"

0 46
Саламова Елена

Нохчийчоьнан амал муха хийцина Кадыров Ахьмадан васто


15 шо ду Кадыров Ахьмад вийна. Кремлехьа а ваьлла, муфтин оба президентан бедарх ша хийцина 4 шо кхаьчча, Советан эскаран Толаман Дийнахь Соьлжа-ГIаларчу "Динамо" стадионехь, тIеман гайтамехь, эккхийтира иза.


Бомба, баккхий кечамаш а беш, хьалххе йиллина, цундела ала дац "Басаевца, Масхадовца аьттехьа а доьзна ду" зулам, "…бехкениг кхин ницкъ бу", элира шен да лечу дийнахь Москох хиллачу Кадыров-жимхачо.


Эккхийтинчу дийнахь дуьйна десто долийна Кадыров Ахьмадан васт нохчийн политикан доцуш ца тору дакъа ду тахана. Кадыров-воккхачух къоман да олу махкарчу Iедало – цуьнан цIе лелайойту и тилла мел мегачу меттиге. Тоьлла ларалучу Соьлжа-ГIаларчу "Нохчийчоьнан Дог" маьждиго а лелайо ур-атталла цуьнан цIе.







Къайла ца хьо цхьаммо а Кадыров Ахьмад могIара стаг вацар. Ша Кадыров Рамзана дукха хазийна махканна а, дуьненна а шен ден возаллах лаьцна дешнаш. "Ахмат – иза васт ду, иза веза-воккхачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин, Нохчийн Республикан хьалхарчу президентан, Оьрсийчоьнан турпалхочун, Оьрсийчоьнан мостагIашца - террорхошца - айбинчу тIеман коьртехь лаьттинчу стеган цIе ю, президентца Путин Владимирца цхьаьна цо къелхьарадаьхна вай дуьненаюкъарчу террорах а, Оьрсийчоь йохарх а. Дерриг а дуьнентIехь эзарнаш политикаша а, спортхоша а дозаллица даржадо "Ахмат – сила!" [Ахмат – ницкъ бу"]", элира Кадыров Рамзана 2017-чу шарахь.


Кадыров Ахьмадан суьртех яьккхина ю таханлера Нохчийчоь. Цхьа а  цец а ца воккху оцу хьоло. Деккъа дIа цкъа бен ца нисделла цунна дукха адамо ша резадоцийла Кадыров Рамзанна хоуьйтуш – футболан "Терек" тобаннна "Ахмат" цIе туьллучу деношкахь. Амма резабоцурш сихонца, "шайтIанаш", "де доцу нах", аьлла, дIалакъийра "паччахьо".


Ягарйина а вер вац Нохчийчохь "Ахмат" цIе мел йолу спортан секцеш, клубаш. Дукха хан йоццуш республикехь дIадаьхьначу спортан жимчу  машений (карийн) къовсадаларшна тиллина цIе а яра Akhmat Race.







Оьрсийчохь Кадыров Ахьмадан сийнна тиллина цIе лелош хилла ца Iа Мосох урам, я хин паналла цоьсту хIордан кема - лелайо и цIе тIурненерчу "ЦIоькъа-лом" олучу седарчийн жуларо а тIехь. Жима волуш хала-атта динан институт чекхяьккхина а, 1995-чу шарахь Нохчийчохь муфти хIоьттина а лелла Кадыров Ахьмад цец-акъ вер вара, ден а велла, и дерриг а шена дIагича.


ЦIеноша, урамаша, хьукматаша Кадыров Ахьмадан цIе лелоро а, деладенна иза вуьйцуш хазаро а ондда нехан кхетамах доьзна цуьнан васт.


Хьалха Оьрсийчохь оьрсех воцучо а олура, сурт доккхуьйтуш ша хаза гайтархьама, балдаш дIаса а озош: "сыр!" ("нехча"),  нохчаша хIинца цуьнан метта эриг ду "Ахмат – сила!". Иза а олуш кхоьссинера Москох метро чохь ша мерза мутт мелла ваьлча гIутакх цхьана нохчочо оьрсийчунна тIе. "Ахмат – сила" сийсаздина и кIант сихха меттавалийра ша Кадыров Рамзана – и дешнаш а багахь галдаьлларг кхин дер дац цуьнгара.


Лоьрийн уьрсашна буха нисбеллачул тIаьхьа, наркозах басталучу пациенташа а хьокху "Ахмат – сила!" мохь. Массеран а, масанхьа а, даима а ду – "Ахмат – сила!" , политикашна тIера косметикан туьканахь басар-подар духкучу мехкарийн биста кхаччалц.  







"Кадыров Ахьмад – тхан къоман да ву-кх, уггаре дика нохчо, массарна а масал! – воккхаве 20 шо долу Ислам. Иза тешна ву Кадыров Ахьмада, "ша вуьззина нохчо хиларе терра", коьртара холхаз-куй цкъа а дIа ца боккхура бохучух. Ткъа "духар массо а наха лелорриг лелийна" цо, Исламна хетарехь (ца гиначух тера ду жимчу стагна, коьртахь куй а боцуш, я джинсаш, спортан духар доьхна Кадыров-воккханиг).


Илеса, Кадыров Ахьмадах лаьцна и шена шен бIаьргашца гина стаг хиларе терра дуьйцу. "Ахьмад-Хьаьжа наха лоруш стаг вара, къаношца мерза вара, ладугIура даима а. Цуьнга вистхуьлийла дара. Ткъа таханлерачуьнга ала йиш яц хIумма а", боху шен 65 шо долчу цо.







Илесна ца тов Кадыров Ахьмадах жайна дар, иза къаьсттина ца тов цунна. "Дац иза бусалба динехь. Суна хаьа иза ларавезаш стаг вуй. Дан а дара иза деза адам. Делахь а, ца тов суна тахана "кхара" лелориг. Мегаш дац оццул стаг ирхваккха. "Ахмат – сила" мохь хьоькху кхара! И хIун "сила" ("ницкъ") бу? И церан "сила" бу-кх, кхетий хьо!", элира Илеса журналисте.


 




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

В тренде на этой неделе

Рахимов: «Милан» и «Ювентус» чисто тренерские команды, поэтому нули никого смущать не должны

Есть выбор: россиянам напомнили о незаконности принудительных субботников


Загрузка...
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Терек на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.