Добавить новость
Февраль 2015
Март 2015
Апрель 2015
Май 2015
Июнь 2015
Июль 2015
Август 2015
Сентябрь 2015
Октябрь 2015
Ноябрь 2015
Декабрь 2015
Январь 2016
Февраль 2016
Март 2016
Апрель 2016
Май 2016
Июнь 2016
Июль 2016
Август 2016
Сентябрь 2016
Октябрь 2016
Ноябрь 2016
Декабрь 2016
Январь 2017
Февраль 2017
Март 2017
Апрель 2017
Май 2017
Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018
Август 2018
Сентябрь 2018
Октябрь 2018
Ноябрь 2018
Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026 Май 2026
1
2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

Куьйгашца легаш Iийдина полисхойн?! Муха йира ши куьг доцчу Нальчикерчу жигархочунна кхел

0 192
2021 шеран Гезгмашин-беттан 2-чу дийнахь ГIебарта-Балкхаройчуьрчу юкъараллин жигархочунна Иритов Асланна арахь такха ши шо хан кхайкхийна кхело, цо полисхошна еттар бахьане а дуьллуш. ШолгIа бехк - "Iедалан белхахо сийсазвар" – тIерабаьккхина, зулам дина хан ялар тергоне а оьцуш. Кхело бахарехь, полисхочух летта Иритов, цуьнан легаш а Iовдуш. Амма тидамза дитина жигархо куьйгаш доцуш хилар…


Деа шаре кхачош дахдинера Нальчикерчу кхело Иритовн дов. Шена тIаьххьара дош ала елла бакъо караоьцуш, жигархочо ша вац, элира, хIуманна а бехке. Прокурора набахтехь даккха ши шо тохар дийхира кхелахошна.


"Кхело харцойина, гайтина шегахь цхьа а хаарш дацар, ша доцург тIекхолла кийчча хилар. Соьга цхьаьнхьа а аьрзнаш ца дайта, цхьаьнхьа а яздан хан ца юьтуш. Муха дахдийр ду дов оццул? Аппеляци чуелла оха, дог доху Пятигорскехь нийсо толаре", - элира Кавказ.Реалиига Иритовс.


2017 шеран ГIадужу-беттан 31-чохь, Iуьйранна 7 сахьт даьлча, 12 ницкъхо веара вежарийн ИритовгIеран керта. Баккхий хьаькамаш а бара царалахь – мехкан бехктакхаман урхаллин буьйранча Крымуков Заур а, республикерчу экстремизманна дуьхьалоечу центран куьйгалхо Сарбашев Алим а, цуьнан гIовс Губашев Хьамидби а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Нальчикерчу экспертийн-криминалистийн декъан буьйранчин когаметта волу Гергоков Азамат а, полицин куьпашна тIехьожучу а, кхиазхойн гIуллакхашкахула а долчу Нальчикерчу декъан куьйгалхо Докшукин Аскер а.


"ИритовгIеран доларчу керта полисхой низамо магош ца баьхкина. ХIусаман дайн лаамза бакъо яцара церан иза дан. Царех масех бен ца хилла белхахойн духарахь. Шайн документаш а ца гайтина цхьаъ воцчо – ИритовгIар къар ца белча, гайтина цо ша мила ву хоуьйту кехат. Доцца аьлча, низам талхийна керта хьаьвзинчара", – дийцира Кавказ.Реалиига бакъонашларъяран "Мемориал" центран куьйгалхочо Орлов Олега (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" арахьарчу агентийн реестр яьккхина, "Мемориал" реза ца хилла и статус шена тIеэца – редакцин билгалдаккхар). 


 




Кхайкхаза баьхкина ницкъхой шайца эвхьазбийла боьлча резадацар дIаоьхьна ИритовгIара, дов даьлла, цул тIаьхьа керта еъначу ницкъхойн лерринчу тобано лецна вежарий ИритовгIар.


"Кхеташ дац, стенгара бевлла цу сахьта леррина ницкъаш (СОБР). Конфликт йола а ялале, лерринчу ницкъийн дакъа муха нисделла ИритовгIеран кертан маьIIехь? И хаттар кхелехь а деллла, амма дисина жоп доцуш. Цундела го хилларг полисхоша кечйина провокаци юйла, ткъа СОБР хаийна хилла кертан йистте, ИритовгIар дарбеш, цаьрга низам дохадайта", – аьлла хета Орловна.


Иритов Асланан вешин Бесланан ши пIенда кагбина – лоьрийн тоьшалло боху иза – Асланан зудчун Маринин пIелг кагбина, йоьIан Анжеликин корта лазийна, асфальта тIе охьа а тоьхна. Шен Асланан йохийна юьхь-марш.


Полисхой а бахана лоьрашка аьрзнаш эцна: Крымуков Зауран легаш лазийна хилар тIечIагIдина, Губашиев Хьамидбин балда лазийна, корта дIа а тоьхна.


"Кхел йоьдуш билгал ца даьккхина полисхошна ИритовгIара, цхьана декъанна аьлча, куьйгаш доцчу Аслана чевнаш йина хилар. Кхелахой хьаьвсинчу видео чохь гуш дац Аслана цхьана полисхочунна зен деш. Масала, йоккха шеко ю полисхочунна Губашиев лазийна хиларх – цуьнга хьаьжначу хирурго а, невролого а кеп-кепара хIиттийна диагнозаш. Стенна нисделла иштта?" – цецвуьйлу Орлов.


Бакъонашларъярхочо дийцарехь, Бехктакхаман-процессуалан кодекс а талхош йина кхелан-медицинан экспертиза, цундела Иритовн адвоката керланиг яккхийта дехна, амма кхел реза ца хилла. Дехна адвокато видеоматериалашна экспертиза яйтар а, хьан хIун аьлла толлуш – Iедалан белхахошна тIелерна бехкевора Иритов. Амма оцу дехарна а жоп ца делла кхело.


"Оцу дерригено а вайна гойту кхело харцо йинийла, цуьнан сацам харц буйла, Иритовс а, цунна адвокат кхачийначу оха а кхел юхаян еза боху. Сатийса дуьсу, рогIерчу кхелан инстанцино дов нийсонца талларе а, сацам боггIург тIеэцаре а", – элира Орловс.


"Хьоьга Iедало шена тIекхойкху"

Официалерчу версица, 12 полисхо а, "герггахь нисбелла" леррина ницкъаш а Иритов Iедална тIевоьху кехат дIадала бахана хилла – иза "Вольный аул" боламан жигархошца цхьаьна гулам хIотто гIертар низамехь дац ала бохкуш хилла полисхой. Цаьрга уьш Аслан вехачу керта ца кхаьчна аьлла. ХIусамдай кIоршаме хьийзира, шайх летара, ткъа шаьш дуьхьало еш лаьттира, боху Iедалхоша.


 




"Полисхоша "низам ца дохийна" нехан керта бовларца, ИритовгIара яьккхина конфликт, боху Iедало. Ткъа эксперто видеодокументаш а зийна, язбинчу сацамехь полици йо довдаккхарна бехке", – билгалдоккху "Iазапна дуьхьалолатторан комитетан" Къилбаседа Кавказан декъан куьйгалхочо Аламов Мохьмада.


Талламчаша массийттазза хийцина девнан фабула. Юьхьнца кечдинчу документаша бохура, куьйгаш данне а доцчу Иритов Аслана легаш Iийдина полисхочун, гIоддах шен "куьйган пIелгаш чIагI а деш".


ТIаьхьо, 2018 шеран Зазадоккху-беттан 6-чохь рогIехь тIебаьхьна бехк, цигахь боху, Иритовс маьттаза мотт лебина Крымуковга, корта тоьхна лазийна Губашиев.


Кхел йина девнехь дакъалацарна Иритов Бесланна а – сацамо 6 бутт набахтехь такха кхачийра цунна, амма и хан цIахь лаьцна яьккхийтина хиларна, дIахийцира.


ГIебарта-Балкхаройчоьнан Лакхарчу кхело хицам боцуш битина сацам. Иритовс ша бехке ца лору. ""Iазапна дуьхьалолатторан комитетан" белхахочо Гусев Константина дIахьедира кхеле, талламна ца карийна Иритов Аслан бехкеван тоьшаллаш, аьлла. Масала, видеогайтамехь Иритов а, Губашиев а, Крымуков а къамелаш деш ву, амма вац леташ.


ИритовгIарна хилла чевнаш

Нальчикера гIалин кхел дов луьстуш Iачу юкъанна Иритов Аслан ша гIиртина шена баьхкина хиллачу, шена а, шен вешина а, зудчунна а, йоIанна а чевнаш йинчу полисхошна дуьхьал бехктакхам айбайта.


Иритовн дехар кхочушдина, амма шен рогIехь прокурарора эксперташ бехкебина чевнийн хьокъехь харц тоьшаллаш кечдарна. Аламовс бахарехь, хIинца а аьтто ца баьлла полисхой жоьпе озон.


"ХIара дерриг а сов дахделла. Масала, талламчас шега материалаш юхахьовсийча бохура, полисхошна дуьхьал дов айдарх долу кхелера кехаташ кхаьчна дац шега. Оцу бахьаница аьрзнаш дан а дийзира", – дуьйцу бакъоларъярхочо.


Вольный аул

Нальчиках дIатоьхна цуьнан йистера Вольный аул 1970-чу шерийн юьххьехь. Цигарчу "Нальчикский" миллионер-совхозехь къахьоьгуш вара ши эзар стаг. И совхоз, Иритовс бахрехь, шерашкахь банкроте кхачийна леррина, йохийна.


2017 шарахь куьйгалло Вольный аулерчу бахархошка дIалур ду элира латта. Жигархоша кехаташ а кечдира цунна. Амма и латта юьртахошна ца кхачош, Нальчикан бахархошна хIусамаш ян къастийна мэрино.


2017 шо доьрзуш латта лело бакъо къастош аукцион кхайкхийна, амма ца битина оцу аукционе Вольный аулан бахархой, цара кхоьллина "Вольный аул" юкъаралла экстремистех лаьтташ ю, аьлла. Республикерчу юстицин министралло тIаьхьо дIаяьккхина цунна тIера и ирча статус, ткъа йисина юкъаралла аукционехь дакъалаца йиш йоцуш.


Лаьттаца боьхна сацамаш кхеле баьхна дуккхаза а, 2019 шарахь Къилбаседа Кавказерчу арбитражан кхело бакъйина Нальчикан администраци, харцонаш ца карийна латта декъарца.


 




Инцидент оьккхучу дийнахь Иритов Аслан а, "Вольный аул" цхьаьнакхетаралла а протестан митинг ян гIерташ хилла Нальчикан мэрина хьалха – иза хIоттор низамехь доцийла хаийта, кехат жигархочуьнга дIадала баьхкина хилла полисхой. Ткъа Иритовс, ша вацара митинг хIотто воллуш, низамна дуьхьалхотта гIерташ, шега хьалхо даийтинера дехкарх лаьцна кехат, чIагIдо.


Делахь а жигархоша оцу дийнахь дIаяьхьна мэрина хьалха митинг – ца хилла цигахь Иритов. Мэрино дийцарехь, "политикан маьIна долу" кхайкхамаш беш хилла гуламхоша – полицино дIасалаьхкина протестхой, лаьцна хилла царех 12 стаг.


"Кхузарчу Iедалехь бу вовшийн гергара болу нах, уьйраш лела царна юкъахь. Махкахь кхуьуш, есташ ю коррупци, амма тхоьга иза ца эшало. Мехкан куьйгалхочун гергара ву верриг а хьаькам. Дерриг а эцна ду. Хийца ца делла цхьа хIума. Полицин коьрте керла хьаькам веара – Павлов. Со воккхавера. Кехаташ гIовттийра, тхан латта, бахам лачкъийна хиллера, совхозан бахам кхечу урхаллин долабоккхуш хIоттийна дац цхьа а кехат. Амма хан дIаяхна, бехктакхаме ца ийзабало бехкенаш, делахь а гIала декхаре ю харцонца динарг юхаэца", – тешна ву Иритов.


***


Бакъонашларярхочунна Орлов Олегна хетарехь, Иритов Аслан кхеле озор дозу цуьнан жигараллица.


"Оьрсийчоьнан коьрта васташ ду кхелаш, лецарш. Шена тоьхна хан текхна Иритовс а. Иза ший а куьг доцуш стаг ву, хан тоьхна цунна ОМОНхочун, Росгвардерчу бIотIин легаш Iовдарна. Вац Иритов я политик а, юкъараллера жигархо ву…", – элира кхел йирзинчу муьрехь журналиста Невзоров Александра.


Аппеляци листаре хьоьжу хIинца Иритовн адокат. "Iазапна дуьхьалоталлоран комитет" – цунна а, цуьнан гергарчарна а йиттинчу полисхошна дуьхьал бехктакхам гIатторе. "Вольный аул" – меттигерчу бахархойн латта цаьрга дерзоре.




 




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

В тренде на этой неделе

XV Русская Музыкальная Премия телеканала РУ.ТВ пройдет 21 мая

Пожар охватил склад автозапчастей в Подмосковье на 3000 м²

Влюбиться в Россию заново: на ТНТ выходит новый сезон шоу «Кто куда» с Лео Канделаки и Анжеликой Стубайло

Представители Росгвардии провели профориентационную встречу в Кабардино-Балкарии


Загрузка...
Ria.city
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Нальчик на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.