Февраль 2015
Март 2015
Апрель 2015
Май 2015
Июнь 2015
Июль 2015
Август 2015
Сентябрь 2015
Октябрь 2015
Ноябрь 2015
Декабрь 2015
Январь 2016
Февраль 2016
Март 2016
Апрель 2016
Май 2016
Июнь 2016
Июль 2016
Август 2016
Сентябрь 2016
Октябрь 2016
Ноябрь 2016
Декабрь 2016
Январь 2017
Февраль 2017
Март 2017
Апрель 2017
Май 2017
Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018
Август 2018
Сентябрь 2018
Октябрь 2018
Ноябрь 2018
Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25
26
27
28
29
30

Поиск города

Ничего не найдено
Бабаево Бабушкин Бавлы Багратионовск Байкальск Баймак Бакал Баксан Балабаново Балаково Балахна Балашиха Балашов Балей Балтийск Барабинск Барнаул Барыш Батайск Бахчисарай Бежецк Белая Калитва Белая Холуница Белгород Белебей Белёв Белинский Белово БелогорскАмурская область БелогорскКрым Белозерск Белокуриха Беломорск Белорецк Белореченск Белоусово Белоярский Белый Бердск Березники БерёзовскийКемеровская область БерёзовскийСвердловская область Беслан Бийск Бикин Билибино Биробиджан Бирск Бирюсинск Бирюч БлаговещенскАмурская область БлаговещенскБашкортостан Благодарный Бобров Богданович Богородицк Богородск Боготол Богучар Бодайбо Бокситогорск Болгар Бологое Болотное Болохово Болхов Большой Камень Бор Борзя Борисоглебск Боровичи Боровск Бородино Братск Бронницы Брянск Бугульма Бугуруслан Будённовск Бузулук Буинск Буй Буйнакск Бутурлиновка
Кадников Казань Калач Калач-на-Дону Калачинск Калининград Калининск Калтан Калуга Калязин Камбарка Каменка Каменногорск Каменск-Уральский Каменск-Шахтинский Камень-на-Оби Камешково Камызяк Камышин Камышлов Канаш Кандалакша Канск Карабаново Карабаш Карабулак Карасук Карачаевск Карачев Каргат Каргополь Карпинск Карталы Касимов Касли Каспийск Катав-Ивановск Катайск Качканар Кашин Кашира Кедровый Кемерово Кемь Керчь Кизел Кизилюрт Кизляр Кимовск Кимры Кингисепп Кинель Кинешма Киреевск Киренск Киржач Кириллов Кириши КировКалужская область КировКировская область Кировград Кирово-Чепецк КировскЛенинградская область КировскМурманская область Кирс Кирсанов Киселёвск Кисловодск Климовск Клин Клинцы Княгинино Ковдор Ковров Ковылкино Когалым Кодинск Козельск Козловка Козьмодемьянск Кола Кологрив Коломна Колпашево Колпино Кольчугино Коммунар Комсомольск Комсомольск-на-Амуре Конаково Кондопога Кондрово Константиновск Копейск Кораблино Кореновск Коркино Королёв Короча Корсаков Коряжма Костерёво Костомукша Кострома Котельники Котельниково Котельнич Котлас Котово Котовск Кохма Красавино КрасноармейскМосковская область КрасноармейскСаратовская область Красновишерск Красногорск Краснодар Красное Село Краснозаводск КраснознаменскКалининградская область КраснознаменскМосковская область Краснокаменск Краснокамск Красноперекопск КраснослободскВолгоградская область КраснослободскМордовия Краснотурьинск Красноуральск Красноуфимск Красноярск Красный Кут Красный Сулин Красный Холм Кремёнки Кронштадт Кропоткин Крымск Кстово Кубинка Кувандык Кувшиново Кудымкар Кузнецк Куйбышев Кулебаки Кумертау Кунгур Купино Курган Курганинск Курильск Курлово Куровское Курск Куртамыш Курчатов Куса Кушва Кызыл Кыштым Кяхта
Набережные Челны Навашино Наволоки Надым Назарово Назрань Называевск Нальчик Нариманов Наро-Фоминск Нарткала Нарьян-Мар Находка Невель Невельск Невинномысск Невьянск Нелидово Неман Нерехта Нерчинск Нерюнгри Нестеров Нефтегорск Нефтекамск Нефтекумск Нефтеюганск Нея Нижневартовск Нижнекамск Нижнеудинск Нижние Серги Нижний Ломов Нижний Новгород Нижний Тагил Нижняя Салда Нижняя Тура Николаевск Николаевск-на-Амуре НикольскВологодская область НикольскПензенская область Никольское Новая Ладога Новая Ляля Новоалександровск Новоалтайск Новоаннинский Нововоронеж Новодвинск Новозыбков Новокубанск Новокузнецк Новокуйбышевск Новомичуринск Новомосковск Новопавловск Новоржев Новороссийск Новосибирск Новосиль Новосокольники Новотроицк Новоузенск Новоульяновск Новоуральск Новохопёрск Новочебоксарск Новочеркасск Новошахтинск Новый Оскол Новый Уренгой Ногинск Нолинск Норильск Ноябрьск Нурлат Нытва Нюрба Нягань Нязепетровск Няндома
Саки Салават Салаир Салехард Сальск Самара Санкт-Петербург Саранск Сарапул Саратов Саров Сасово Сатка Сафоново Саяногорск Саянск Светлогорск Светлоград Светлый Светогорск Свирск Свободный Себеж Севастополь Северо-Курильск Северобайкальск Северодвинск Североморск Североуральск Северск Севск Сегежа Сельцо Семёнов Семикаракорск Семилуки Сенгилей Серафимович Сергач Сергиев Посад Сердобск Серов Серпухов Сертолово Сестрорецк Сибай Сим Симферополь Сковородино Скопин Славгород Славск Славянск-на-Кубани Сланцы Слободской Слюдянка Смоленск Снежинск Снежногорск Собинка СоветскКалининградская область СоветскКировская область СоветскТульская область Советская Гавань Советский Сокол Солигалич Соликамск Солнечногорск Соль-Илецк Сольвычегодск Сольцы Сорочинск Сорск Сортавала Сосенский Сосновка Сосновоборск Сосновый Бор Сосногорск Сочи Спас-Деменск Спас-Клепики Спасск Спасск-Дальний Спасск-Рязанский Среднеколымск Среднеуральск Сретенск Ставрополь Старая Купавна Старая Русса Старица Стародуб Старый Крым Старый Оскол Стерлитамак Стрежевой Строитель Струнино Ступино Суворов Судак Суджа Судогда Суздаль Суоярви Сураж Сургут Суровикино Сурск Сусуман Сухиничи Сухой Лог Сызрань Сыктывкар Сысерть Сычёвка Сясьстрой

"Дала дитина бераш". Оьрсийчоьно муха цIа балабо (ца балабо) Шемара шайн бахархой

0 46
Эзарнашкахь Оьрсийчоьнан бахархой Шемахь а, Иракъехь а буьсуш бу. Доккхачу декъанна, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан декъашхойх бисина зударий а, церан баккхий доьзалаш а бу уьш. Дукхахболу зударий Къилбаседа Кавказан мехкашкара схьабевлла бу – 2013-2015-чу а шерашкахь шайн цIийндайшна тIаьхьа Шема бахначохь бисина уьш. Ткъа цхьа дакъа, бакъонан халифатехь токхе дахар хир ду аьлла, Iехийна бигина бу. Кавказ.Реалиино дуьйцу, хIинца а мухIажирийн каппашкахь шаьш даймахка дIабигаре сатуьйсучийн кхолламех. ГIоьнчаш бац, Iехийнарш бу "ДаIишхойн хIусамнанойн" гIуллакхаш ледара ду тахана. Йийсарехь бала хьоьгуш бу уьш, йа ха дечу яккхийчу каппашкахь декъаза хан йоккхуш бу, адаман дахарехь оьшу таронаш а йоцуш. Гата тоьхначу четаршкахь хьаштагIаш а йоцуш, шайна тIехь цIано ян аьтто а боцуш, хене буьйлу уьш. КIиранашкахь хи ца кхочу царна, йа тIекхачош лоьраш а бац. Къилбаседа Кавказера зударий цIа кхуьйлуш, хIинццалц болх беш хиллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIарах адамийн бакъонаш Iалашъечу кхеташонан декъахочо Саратова Хедас юха а гIаттийна церан хаттар. Кавказ.Реалиин корреспонденте цо дийцарехь, тIаьххьарчу шерашкахь и проблема шайна тIелаьцна Оьрсийчуьрчу берийн омбудсменан Кузнецова Аннин аппарато. Делахь а, тIаьххьара Оьрсийчу Шемара кема деана, нохчийн бераш а цхьана далош, Марсхьокху-баттахь. Саратовас чIагIдарехь, ян ма-еззара терго ца йо, уьш Оьрсийчоьнан бахархой а боллушехь, церан гIо деха бакъо а йоллушехь. Цкъачунна юкъаралхошна а, бакъоларъярхошна а дуьсург ду, Шемахь болчу зударийн гергарчеран дехарш дIа а яздеш, зIене буьйлучеран кхоллам тергонехь латтор. "Со масаьрца а зIенехь ю – цаьрца къамелаш до, гIо до, сайн ницкъ боллучу барамехь. Ткъа хIинца Кузнецова Аннин аппарато шайн караэцна и гIуллакх.Шемара цIа бахка луучийн цIераш оха дIаелла цаьрга. Бераш хилла а ца Iа даймахка берза луучаьрца. Шайн доьзалш а, церан бераш а цIа дерзо луучу гергарчаьрца къамелаш до ас. Цхьадолу бераш шайн наношкара схьа а даьхна, даймахка далийна. Царех хIун хир ду? ХIун дог-ойла ю церан гергарчийн? Суна хетарехь, берашца доьзначул а актуале ду тахана зударшца доьзна хеттарш. Царех цхьа йист яккха еза. Уьш тилина, цига бигина нах хIинца цаьргара ахчанаш даха гIерта, уьш цIа буьгург. Оцу зударша бала Iоьвшина. Гал ца волуш мила ву шен дахарехь? Дера хIета, кхолламаш а тайп-тайпана ма бу, кеп-кепара некъаш а. Делахь а, уьш цигара даймахка берзон беза", - дIахьедо Саратовас. Цо бахарехь, цIа бахка луучу Оьрсийчуьрчу зударша дийцина, Родже а, Аль-Холле а, Шеман Къилбаседанерчу каппашка а цхьа зуда а, цхьаъ-шиъ бер а дIакхеториг шайгара 20 эзар долларшкахь ахча доьху аьлла. "Бизнес ма яра иза, хIинца а ю. Оцу нахаца Iаламат кхераме ду зударшна зIене бийлар, хIунда аьлча, уьш дIа а ца кхачош, некъан юккъехь бита тарло цара, Iехийна, ахча а даьккхина, - дуьйцу Саратовас. – Делахь а, шайн йоьIарий оцу юкъара схьабаха хьаьгначу дас-нанас шайн цIенош, бахам дIабухку. Цхьана а кепара низамаш цигахь лелаш дац, оцу зуламна дуьхьало ян ницкъ а бац". Цкъа уьш Шема дIа а бигина, хIинца - цIа бохуьйтуш гIо дийр ду бохуш, царна "вербовка" йинчу нехан зуламе Iалашо хиларан тоьшалла ду - цига дIабахначу цхьаболчу зударшна цара харц кехаташ даьхна хилар. "Со йолчу офисе баьхкинчу наха, шайн доьзалийн а, церан берийн а документаш дохьура. Церан дозанал араволучу хенахь пайдаоьцу паспорташ цIахь Iохкуш хиллера, ткъа уьш шаьш Шемахь болу дикка хан а ю. Дайшна-наношна бехкаш дохкура ницкъаллийн структураша, ткъа хIун дийр ду нанас: цо кхиина, маре яхийтина шен йоI, ткъа цуьнан майрчо иза дIайигина", - дуьйцу Саратовас. Хьайн цIийндас бохург де, йа хьайн цIа йола Димаьшкъарчу набахтехь йолчу 30 шо долчу Иманан да ву Соьлж-ГIалара Давлетмирзаев Iийса. Цо дуьйцу, шен йоI Шема дIаяхарх а, тахана иза муьлхачу хьелашкахь латтош ю а. "Адамашна цхьана а агIор кхераме яц сан йоI. Шайн лаамехь цига дIабоьлхучара, шайн документаш хIаллакдо, зIенаш хедайо. Ткъа цунна ца хаьара ша стенга юьгуш ю а. Шен хIусамдена тIаьхьа яханера иза Туркойчу. Тхан иштта цхьа менталитет ю-кх, ас сайн зудабераш а иштта кхиина ду: маре яханий хьо- хьайн хIусамдас боххург де. Цунна муьтIахь хила ца лаьий, хьайн цIа йола", - бохуш, дуьйцу Давлетмирзаевс. Шен йоI Шемахь маца дуьйна ю билггал хууш дац дена. 2015-чу шарахь шен йоI яханарг веллийла хаьа цунна. "Туркойчохь бехаш бара уьш, - кхин дIа дуьйцу Iийсас. - Хьажа-хIотта цIа а еара тхан йоI, кхузахь дуьненчу велира цуьнан доьзалхо а. 2014-чу шарахь юха а Туркойчу дIаяхара иза. Шема дIабаха дагахь а бацара уьш. Царна вевзачу цхьана накъосто Iеха а бина, дозанехула дехьабаьхнера уьш. Измирехь бехачу заманчохь, буьйса юккъе яхначу хенахь и накъост кхаьрга а веана, цо аьлла хиллера, курдаш тIелетта, маса кхузара дIадовла деза аьлла. Ткъа иза хиллера нах Iеха а беш, цига дIаоьхуьйтуш. Машена а ховшийна дIабигинера уьш. Сатесча хиинера царна, шаьш Шемахь дуйла. ЙоьIан аьтто баьллера, шен документаш къайладаха. Иза кIелхьараяккха хьийзира со, 2017-чу шарахь Туркойчу а цхьана вахара со. ЙоIа дитина кехаташ а карийра суна". Шемарчу набахте чу йоьллира бIаьста ДавлетмирзаевгIеран йоI. Амма Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн а, чоьхьарчу гIуллакхийн а министраллашкара жоп ца хуьлура цунна, билггал муьлхачу меттигехь иза ю хоуьйтуш. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша дихкинера цунна гергарчаьрца зIене йийлар, чIагIдо дас. Шен йоI латточу меттигна да ша тIекхиира. "Со кхетар вара, нагахь санна, официалехь Димаьшкъан карахь йоцучу территори тIехь иза латтош хиллехь. 2017-чу шарахь Оьрсийчоьнан ФСБ-н белхахоша хеттарш ма динера цуьнга. Иза евзинера, цуьнан пIелгийн таммагIаш а эцнера. Ша набахте кхаьчначу заманчохь, цуьнан ка яьллера цхьана Iарбойн зудчуьнгахула соьга хабар тоха, шен бераш дIадигахьара аьлла", - дуьйцу Давлетмирзаевс. Яхначу аьхка аьтто белира ден шен йоьIан бераш цIа дерзон. Кузнецова Анна бахьана долуш, Марсхьокху-баттахь цIа далийра бераш. "ХIинца шина йоьIан итт а, бархI а шераш ду, кIентан ялх шо ду. Кху шеран Марсхьокху-беттан 17-чохь Москва далийра бераш. Цигара ас схьадалийра уьш. ЧIогIа психика галъяьлла дара бераш. ЦIахь деша Iамош бу аса уьш,  хьехархой цIа а кхуьйлуш. Хьалхарчу классехь ду кхуьй а бер, хIунда аьлча, Шемахь школе лелла бац уьш. Хьехархошца башха контакте а ца буьйлу уьш. Нанна са хьийзаш кест-кеста мохане хьийза. Шина шарахь цуьнца цхьана камера чохь латтийна уьш, и доллу къемат ган а гуш. Царна хьалха церан наношна етташ хиллера хадархоша, кхеран бераш юхахьара лелча. Юха, сан йоI цхьана набахтера  кхечу набахте дехьаяьккхича, бераш тIеоьцучу хIусаме дIабигинера уьш, ненах а баьхна. Царна тIехь Iуналла дечара а, меттигерчу Iарбойн бераша а тIехь ницкъбеш хиллера царна. КIант чIогIа дера ву. ТIейогIучу хенахь реабилитацин центрерчу психологашка гIо деха дагахь ву со", - дуьйцу Iийсас. Иза тешна ву, шен йоI цIа ялон тарлора, амма къайлахчу сервисашкара пурба оьшу аьлла: "Суна хууш ду, Шема дуьхьал яц, сан йоI саннарш, Оьрсийчоьно дIабигарна. Амма вайн къайлахчу сервисашна ца лаьа уьш цIа берзон. Экстремизмна дуьхьало латточу Центрехь элира соьга, иза лехамашкахь ю аьлла. Полисхойн декъе вахара со, ма-дарра дуьйцуш, яздина кехат дитира ас, иза йолу меттиг а къастош. Цкъачунна кхин цхьалха даьлла хIуммаъ а дац. Димаьшкъарчу Адра олучу набахтехь ю сан йоI. Уггар а хьалха, балехь ду бераш. Цкъацкъа цхьангахула кост кхочу соьга йоIера, кхин зIе яц сан цуьнца". Дика доьшуш яра, фестивалашкахь дакъалоцуш а яра Къилбаседа Кавказера бахархой хилла ца Iа, шайн доьзалш Шемара цIа балабаре сатуьйсуш. Ленинградан кIоштара ю Ершова Ольга. 2015-чу шарахь, студент йолчу хенахь ГIебарта-Балкхаройчу  яхначул тIаьхьа бусулба дин тIеэцнера цуьнан йоIа Марияс. Къайлах бусулбачу стаге маре а яханера иза. Шина шарахь деца-ненаца цхьана яьхна иза, ши шо даьлча Шема дIаяханера шен цIийндеца. Аль-Холлехь ю иза хIинца, жима ши бер а ду цуьнан. "Тхо православаш ду, йоI жIаре ерзийна а яра тхан, - дуьйцу Ольгас. – Жигархо яра иза, академехь дика доьшуш яра, йиш локхуш, фестивалашкахь дакъалоцура цо. Цхьана дийнахь Нальчике яханера иза, цул тIаьхьа дуьйна бусулба дине йирзинера, юха бусулбачу стаге маре а яхара иза. Цуьнан хIусамда оха тIе а ийцира, шина шарахь тхоьца цхьана Iийра и ших. Цхьа шо, ши буттий хан йолуш кIант а вара церан. 2015-чу шарахь, шаьш невцан ваша волчу Туркойчу доьлху элира. Диъ де даьлча байра уьш. ФСБ-га яздира ас, полицига а хаамбира. Цхьана баттахь кост дацара цаьргара, тIаьхьо цхьана бевзачу нахехула хабар кхечира, уьш Шемахь бу аьлла. Бомбанаш еттара царна. Цигахь йоI хилира церан, кеста диъ шо кхочур ду цуьнан. Багузехь висира цуьнан майра. Ткъа иза ша Аль-Холь олучу меттиге дIайигира. Божарий ара ца бовлуьйтуш хиллера цигара, цундела цуьнан аьтто ца белира сехьавала. Iамеркахошца барт а бина, зударий а бераш а арадохуьйтура. Чиллан-баттахь сан йоI шина бераца дехьаяьккхинера, Зазадокху-баттахь нуц зIене велира тхоьца тIаьххьара. Сан йоIе кост кхаьчнера, иза вийна аьлла. ЙоI могуш яцара сан, гай лозуш лийлира иза. Юучуьнца къоьлла хьоьгура цара, деш гIо а дацара. Буц а кхехкош, и юуш хан яьккхинера цара. Бераш меца лелара, жимахъерг якхош яра, ткъа сан йоI кхалла хIума а йоцуш Iийнера". Масийтта шарахь шен йоI лехначу Ольгин гIад дайна, йоьлхуш бен дийца а ца лора цуьнга: "Тхайн бераш гур дуй-те тхуна, хаац суна-м. Цхьа а бух боцуш хуьлу президенто а, хьаькамаша а кхоьхьуьйту жоьпаш. Путинера жоп догIу – арахьарчу гIуллакхийн министралле довла олий. Димаьшкъан контролехь йоцу меттигаш ю уьш, и доза церан кара кхаьчначул тIаьхьа аьтто бала там бу тхан берашна депортаци ян олий, хьулу цаьргара кхочу кехташ а. Нагахь санна, и территореш Димаьшкъан кара ца йолхахь? Политика ма ю и. Мехкадаьтта долу меттигаш Американо дIалур ма яц. Бераш цомгаш а хуьлуш, леш ду цигахь. Со муха ехар ю, сайн доьзалхо цигахь вала там бара бохучу ойланашца?! Цхьана зудаберашкара тиша четар эцгнера сан йоIа, оцу чохь Iаш ю иза Дагестанерчу цхьана зудчуьнца а, цуьнан берашца а". Ольгин йоIа дехар динера нене, цIа балочийн тептаре ша язъе ала, Нохчийчуьрчу бакъоларъярхочуьнца Саратова Хедица зIене ялахьара аьлла. "Оцу тептаре язйира Хедас сан йоI. Шемарчу Оьрсийчоьнан консулан декъе а дийхира ас, Туркойчуьрчу Оьрсийчоьнан векалте а елира со, ООН-е яздира, Оьрсийчоьнан омбудсмене Кузнецова Анне гIо дийхира, Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖIаре хаийтира, ФСБ-н директоре Бортников Александре яздира. Бобераш ду цIара цIа кхуьлуш дерш, амма, цхьа кIезиг. Журналисташ а баханера цига, шайна цIа даха лаьа бохуш, билхинера зударий.  Шаьш набахте хьовсорна кхоьру цхьаберш даймахкахь. ХIуммаъ дацара иза а, хан текхна, арабевллачул тIаьхьа, керла дахар долор дара цара. Цаьргара дин доккхуш цхьа а ма вац, Делах теша, Ислам а ларде", - боху Ольгас. Бала битина уьш Шен ма хуьллу шен махкахой цIаберзош гIо дан хьийза Эрежебова Жанета. Цуьнан йоI а ю Шемахь. "Шен цIийндеца дIаяхана Зиярат. Шаьш Туркойчу доьлхуш ду элира соьга, садаIа а, дарба лелон а. Цхьа а шеконаш ца хилира сан. Соьца зIене а юьйлура йоI, къамелаш хуьлура тхойшиннан, иза дIаяххалц. Уьш стенга боьлху сайна хууш хиллехь, ас айса Iедале дIахаийтина хир дара", - боху Эрежебовас. 2017-чу шарахь Саратова Хедига гIо дийхира цо, ткъа эххар а, цунна гIо дан юьйлира ша а. "Офисе оьхучу заманчохь, суна гора, Хеда ца ларайора кехаташца. Бухгалтеран болх а, конторехь а белхаш бинчу суна хаьара кехаташ листа. Цундела гIо дан лиира суна. Дагестанера а цхьана нах оьхура Хеда йолчу. Кхин цхьа а вацара, иза йоцург, и гIуллакх лелош. Аса гIо дора цунна чулучу кехаташца, документаш кечдеш а. Хедица цхьана Москва а яхара со, массо а инстанцешкахула лийлира, журналисташна хьолах лаьцна дIа а хоуьйтуш. 2017-чу шеран ГIуран-баттахь цигара нах цIа кхийла болийра. Юха кхин цкъа а рейс йира, цул тIаьхьа процесс юкъахъяьккхира, бобераш бен цIа а ца далош. Со кхеташ яц, хIара хIун ду – кема догIу, цу тIехь 20-30 стаг бен ца хуьлу. Эзарнашкахь бераш ма ду цигахь дуьсуш. Уьш хIунда ца балабо цIа? Йоккха пачхьалкх ма ю хIара… Пиратийн карара вешан бахархой схьа а бохуш Iаш дац вай? Цигахь барт бан ницкъ кхочу вайн, ткъа курдащца гIуллакх ца хуьлу?", - латкъамаш бо зудчо. Цо бахарехь, Шемарчу куьпара сингаттаме хаамаш кхочу: "Тхан юьртара цхьана кIантана лоьрийн гIо оьшу,  бIаьрг бистина, ноткъа йина цунна.  ЦIечу жIаран аьтто ца болу орца кхачон. Оцу четар чохь леш ву ала мегар ду иза, йа дарбан хIусаме а ца вуьгуьйтуш, йа лор тIа а ца валош. Иракъехь долчу тхайн берех тхуна хууш хIуммаъ а дац. Сан йоI Зиярат Иракъехь яйна ю. Суна-м иза дийна ю, йа яц а ца хаьа. 2016-чу шарера схьа дуьйна цуьнца зIе хаьдда сан. Иракъерчу Русафа олучу набахтеца зIе ю, цигахь а ма ду дуккха а бераш. Официалехь йоцу набахтеш а, берийн хIусамаш а ю. Цигара информаци тхоьга ца кхачайо. Билггал бакъ ду-дац ца хаьа суна, амма сан йоьIан бераш Багдадерчу берийн цIийнехь бу аьлла, хаам кхаьчна соьга. Кузнецова Анне а яздинера ас, Иракъан консуле а хаьттира, берех лаьцна хууш хIума дац шайна олий, жоп ло цара а". Оьрсийчоьнан омбудсмено массо зуда а, бер а цIа дерзор дара, амма цуьнан цхьаннан карахь хIуммаъ а дац аьлла, тешна ю Эрежебова: "Дукха хан йоццуш бер дина Кузнецовас, амма, хIетте а, пандеми йоьдучу юкъанна ша яхара иза Шема. Шена пурба лахь, кхин дIа а оцу тIехь цо болх бийр бу аьлла, хета суна. Арахьарчу гIуллакхийн министралла ю оцу гIуллакхна коьртехь. Даймахка бало безачийн массеран а цIераш оха дIакхачийна омбудсмене Москалькова Татьяне. Амма, цхьа жигараллица деш хIума дац цара. Дала дитина бераш". Мародераш, летарш, антисанитари Аль-Холь олучу куьпахь ю Нохчийчуьра Айза (цIе хийцина.-редакци). Шема воьду шен 18 шо долу кIант саца а ца велла, цуьнца цхьана дIаяханера иза. Цигарчу цхьана тIамехь вийра цуьнан воI. БIаьста аьтто хилира Айзин Кавказ.Реалиин корреспондентца зIене яла. Гучуялахь, телефон дIа а йоккхий, етташехь, хIетте а хIинца а яздо цо, набахтехь латточу хьолах лаьцна. "Ши кIира ду сан легаш лозу, шело хьакхаелла сох. Дийнахь малх хуьлу, буса шийла лаьтта. ДогIанаш оьху, гIамаран дарц а хьийзош. Голашка кхаччалц хатт бу, санитаран хьелаш ирча ду, хьожанаш лаьтта. Латтош ха ду, меттигера мародераш бу – цхьа ирча хьал ду. ЦIеххьашха гучубовлий, машен чу а дуттий тхо, талламаш дIахьо. Йа маьхьарий детта буьйлало, четаршчуьра арадовла, депортаци йийр ю шуна бохуш. Нах арабовлу, массеран а дегIах хьовсу, карийначаьргара телефонаш схьайоху. Бепиган хьожа а йоцу, хубс олу хьокхамаш а, хьозийн кхоьшца дуга а, йа томат чохь кхоьш а ло тхуна", - дуьйцу Айзас. Цо бахарехь, куьпахь лор ванне а вац: "Ахь дIа хаьттина молха, "дац тхоьгахь" олий, жоп ло. Нагахь, лучу далахь а, багарбой, итт буьртиг ло." КестолгIа Шемара Оьрсийчоьнан бахархой цIа балон дагахь буй уьш аьлла, кехат дахьийтира Оьрсийчоьнан омбудсменан аппарате Кавказ.Реалиин редакцино. ХIинца а къачанза ду жоп.



Нальчик

Технология информационных угроз


Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

В тренде на этой неделе

Коммунальные платежи: средний чек и региональные нюансы

«Важно, когда дети приходят смотреть хорошее кино»: артист Юрий Назаров — о первой главной роли, съемках с Олегом Далем и встречах со зрителями

Юрий Назаров — о первой главной роли, съемках с Олегом Далем и встречах со зрителями

В Кабардино-Балкарии стартует крупнейшая экологическая акция «Вода России»

Новости Нальчика

Волгодонские картингисты заняли три призовых места в Апшеронске

новости недели

В Кабардино-Балкарии стартует крупнейшая экологическая акция «Вода России»

Отдых на майские: много гор и моря от 35 000 рублей на двоих


Вести из Лескенского района

Прямые авиарейсы между Казанью и Нальчиком запустят с 4 мая

В Кабардино-Балкарии стартует крупнейшая экологическая акция «Вода России»

Полиция сообщает


Вести из Лескенского района

Полиция сообщает

В ИАСиД КБГУ прошел День карьеры

В Кабардино-Балкарии стартует крупнейшая экологическая акция «Вода России»


Глава Кабардино-Балкарии Казбек Коков
Кабардино-Балкария

Казбек Коков подписал указ о награждении муниципальных работников Почетной грамотой Кабардино-Балкарской Республики


Частные объявления в Нальчике



Загрузка...
Ria.city
Персональные новости
Оззи Осборн

Оззи Осборн во второй раз войдет в Зал славы рок-н-ролла



Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Нальчик на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.


© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 123ru.net в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, "My Love", Ru24.pro, Russia24.pro и др.

Розенбаум высказался о пластических операциях

Пианист из Электроуглей получил областную премию

Концерт Дениса Мацуева «Jazz and friends»

«Посмотрите на этих губастых. Катастрофа!»: Александр Розенбаум против пластики в угоду моде


Соболенко: я предпочитаю смотреть мужской теннис, а не женский

Первая ракетка России рассказала об общении с Шараповой

Вторая ракетка Казахстана опустилась в чемпионской гонке WTA

Россиянин Сафиуллин потерял четыре места в рейтинге ATP


India unveils Gukesh as its youngest challenger in chess history

Laura Dern Is the Star of Roger Vivier’s New Short Movie

Ramon Cardenas aims to cement his contender status agains Jesus Ramirez Rubio tonight

Ryan Poles Needs A Last-Minute Review Of His Quarterback Scouting Notes To Ensure Nothing Is Missed