Добавить новость
Февраль 2015
Март 2015
Апрель 2015
Май 2015
Июнь 2015
Июль 2015
Август 2015
Сентябрь 2015
Октябрь 2015
Ноябрь 2015
Декабрь 2015
Январь 2016
Февраль 2016
Март 2016
Апрель 2016
Май 2016
Июнь 2016
Июль 2016
Август 2016
Сентябрь 2016
Октябрь 2016
Ноябрь 2016
Декабрь 2016
Январь 2017
Февраль 2017
Март 2017
Апрель 2017
Май 2017
Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018
Август 2018
Сентябрь 2018
Октябрь 2018
Ноябрь 2018
Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026 Май 2026
1
2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

ГIелонехь ю гIалгIайн оппозици

0 54
Акиев Тимур,                                                                                                               "Эхо Кавказа"

Лецарш, ледарш ловш беха гIалгIайн протестан болам, шена цо цатамбар доькхуш хьийза Iедал


Полицино, къайлахчу сервисаш мохк баьккхина лоьху Магасехь лаьттинчу гуламийн хьалханчаш. Шайх къаьхкина, махкахбевлларш кхайкхабо федералан лехаме. Ма-хуьллу духьаллатта гIерта гIалгIайн оппозици репрессешна, амма гуш ду, Iедалца къийсаяла гIора дац цуьнгахь.


Даймахкал арахьа дукха хан йоццуш лаьцначу кхаа жигархочух ву Бапхоев Зеламха. Кху шеран Зазадоккху-беттан 27-чохь митинг дIасалоллуш хьийзинчу Iедалхойх летта боху иза.


КIира хьалха Якутехь лецира Бапхоев, схьавалийра Нальчике, кхобу цигарчу изоляторехь.


30 гергга гIалгIа ву Магасерчу митингашца доьзна жоьпе ийзош. Лецна латтабо дукхахберш.


Гуламашкахь билггал жигара хьийзина ала дац массарех а, амма талламчаш сиха бац шаьш зераш дIаьхьочу юкъанна и нах шайн доьзалех кхетийта, могIарчу хьелашкахь церан кхолламаш къесто. Ши бутт бу уьш изоляторехь кхобу, ткъа цхьа а вац церан бехкаш талла сихвелла, адвокаташа дийцарехь.




Оцу юкъанна, талламчаша дехна кхеле лецнарш кхидIа а чохь кхабар – Гезгамашин-беттан 25-чу дийне кхаччалц. Цкъачунна кхело и хан тIеяллалц изоляторехь кхабу кхачийнарг ву 12 оппозиционер.


 Талламчийн лаам луьстучу кхело сурт хIоттадо шена тIебалийнарш, бахархошлара политикан жигархой а боцуш, цхьа даккхий зуламаш дина нах болуш санна. Ткъа лецначех дукхахберш бу гIеметтахIиттина, я къанбелла, цамгарша хьийзош беха нах.


ЛадегIарш хуьлучу деношкахь Нальчикера кхел гоне лоцу полицино, чу ца буьту журналисташ, жигархой хьовха, ур-атталла гергарнаш а.


Масала, кху беттан 5-чохь Барахоев Ахьмадна чохь кхобу хан яхъяр луьстуш яра кхел, оппозиционеран зуда йоцург, гергарчех чу ца витира стагга а. Адвокато Урусова Фатимас дийцарехь, кхело бахьане диллира оппозиционеран агIончаша чохь цхьа гIаттам айбарна ша кхерар.


ГIалгIайн жигархойн адвокаташа хIораза а доьху кхеле девнаш нийсонца листар, доьху, кхел Нальчикехь а ца еш, нах леца бахьана даьллачу Магасе дехьаяккхар. Амма хезаш дац и дехарш цкъачунна.




Хезаш дац кхеланна, оппозиционераш лецна кхаба хьашто яц, бохуш, адвокаташа ден аьрзнаш а.


Нальчикехь лаьцна кхобучу шина жигархочун – Дугиев ИбрахIиман а, Дзейтов Русланан а - адвоката Цороев Виситас иштта довзийтира хьал: "Кхелахойн бала бац оха дуьйцучун, оха низам а, Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан хьехамаш а дуьхьалбетта, ткъа уьш тIетийжа деккъа дIа талламчаша бохучунна – лецна латтораш бовда тарло, цара тешашна тIеIаткъам бан мега, шаьш маршоне кхачахь, боху".


Лецначуьра дIахецча, оппозиционераш талламчех къайлабевр бу бохург бух боцуш го дукхахболчу гIалгIашна. Изоляторера арабевлича, махках бевлла баха меттиг яц къоман лидерийн – бевдича бехйо цара шайн цIерш, протестан болам юьхьIаьржа хIоттабо. Оппозиционераш бовдарна кхоьру талламчаш бохург бакъ дац - кхоьру уьш федералан центро тергонехь кхобу хьал хийца, Москох тIехьожуш ца хилча, изоляторера араваккха тарлора муьлххарг а.







Цкъачунна лецначех арахецнарг пхи стаг бен вац, бакъду, юьххьехь, нах леца болош, дов а ца айдеш,  2-3 кхо жигархо а хийцира дIа.


Тамаше хIуманаш а лела лецаршца доьзна. ЦIера дIасавер вац аьлла куьг а яздайтина, талламчас дIахецначех ву Ажигов Адам. Талламчас и сацам бале диъ де хьалха йинера цунна кхел, беа баттахь чохь кхаба кхачийра иза. Гарехь, ГIалгIайчуьрчу Iедалхоша аьлла талламчашка иза дIахеца. Мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека а элира ша ГIалгIайчоьнан телевизионна еллачу интервьюхь, и тайпа дехарш хьийсийна ша талламчашка, аьлла.




Ажигов Нальчикера дIахеццале хьалха цуьнан а, махкарчу кхечу вахархочун, Мужахоев ИбрахIиман а гергачара дехнера мехкан Кхерамзаллин кхеташоне, шайн нах лецна а ца кхобуш, цIахь-махкахь лебайтахьара талламчашка, аьлла. Кхеташоно шен адаптацин комиссехь дийцаредира и дехар.


Цхьа Ажиговн я Мужахоевн гергарчара дехна ца Iа Iедале шайн нах махкахь, паргIатчу хьелашкахь бехар жоьпе. Оццу кепехь Бадиев Адаман дов листар дехна цуьнан гергарчара а. Ткъа стенна ца вахийтина иза ханна мукъабуьтучийн декъа? Стенна ца луьсту лецна латточу кхечу оппозиционерийн гергарчийн аьрзнаш? ХIунда дац кхелехь хазош Iедалхойн дехарш?




Гуш дерг цхьаъ ду: яц талламна, кхелана шайга ден дехарш тидаме эца хьашто. Протестан болам хьашна бевлла ницкъхой, оппозици къайлаяьлла еха. Резавоцург хаавелча, сиха вуьгу административан жоьпаллина кIел. Ишта нисделира, масала, жигархочуьнца Матиева Анжелица. Цу тIе, оьшуш дац ницкъхошна стаг таIзарна кIел вуьгуш хено къастийна гураш лардан а - тохало гIуда цхьа зама хьалха митингехь мел хиллачунна. 


Делахь а, яц листина гIалгIайн юкъаралло протесташкахь елхийна проблемаш. Олийла дац, цу тIе, ницкъ гайтаро лакхадоккху Iедалан сий.




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

В тренде на этой неделе

Влюбиться в Россию заново: на ТНТ выходит новый сезон шоу «Кто куда» с Лео Канделаки и Анжеликой Стубайло

Поздравляем, вы скоро станете родителями! Россияне, признавайтесь, когда вы готовы услышать эту фразу?

На улицах Нальчика образовались стихийные свалки

Акция «Эстафета подвига» продолжается в Кабардино-Балкарии


Загрузка...
Ria.city
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Нальчик на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.