Добавить новость
Апрель 2014
Май 2014
Июнь 2014
Июль 2014
Август 2014
Сентябрь 2014
Октябрь 2014
Ноябрь 2014
Декабрь 2014
Январь 2015
Февраль 2015 Март 2015
Апрель 2015
Май 2015
Июнь 2015
Июль 2015
Август 2015
Сентябрь 2015
Октябрь 2015 Ноябрь 2015
Декабрь 2015
Январь 2016
Февраль 2016
Март 2016
Апрель 2016
Май 2016
Июнь 2016
Июль 2016 Август 2016
Сентябрь 2016
Октябрь 2016
Ноябрь 2016
Декабрь 2016
Январь 2017
Февраль 2017
Март 2017
Апрель 2017
Май 2017
Июнь 2017 Июль 2017 Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018
Август 2018 Сентябрь 2018 Октябрь 2018
Ноябрь 2018
Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026 Май 2026 Июнь 2026 Июль 2026 Август 2026 Сентябрь 2026
1 2 3 4 5 6 7 8 9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30

Поиск города

Ничего не найдено

Муса Бексултанов "Цхьа некъ"

0 120
 




Муса Бексултанов


"Цхьа некъ"


Пачхьалкхана дIалуш долу даьхни вовшахтуху меттиг – йоккха аре. Гонаха йина гIуркхийн керт. Цу чохь ши-кхо бIе бежана. Царна юкъахь бугIанаш, кегий старгIанаш а. Нах, акхарой я муьлхха а (зIакара, маIаш йолу) даьхни вовшахк- хеттачохь цхьаъ къаьста, да хIуттуш – иштта ду дахаран гIиллакх, садолу хIума кхоьлличхьана. И гIиллакхаш кхузахь а хуьлу, бежанаш долчу кертахь. Цхьа бугIа къаьста хIу тоьллачарах, кхара кIега санна, цIен бос а уьдуш, овкъаран басахь ши маIа а. БугIа йоккха хуьлу, ерстина, арц санна, лекха белакорта ерриг а ворта йолуш санна. БугIано мохь хьоькху, арабеъна шуьйра мотт а болуш, багах кхозу мазаш а го. Цунна дуьхьал цхьа а ца хIутту, цо массо а эшийна.


Цхьана дийнахь, делкъал тIаьхьуо, цхьа ламанан саргIалг (1) кхуссу даьхни долчу керта. ДегIана хьаьрчано, туьппалг санна, йоца, стомма, кегийра маIаш а гуш, цхьа уранга 2 старгIа, доIах-басахь йолчу цIоканна тIехула можа-мокха сизаш а оьхуш. СаргIалгана мохь хеза, цхьана дуьненан йистера санна. СаргIалг йолалой тIейоьду йоккхачу бугIанна, цочул а дера мохь а бетташ, иштта бага а гIаттайой. СаргIалг тIекхета ма йоггIура. Вукхо цинц а ца боккхуьйту. Кхин а, кхин а чухьоду старгIа. ХIоразза а юхакхуссу. Цу шинна гонаха бежана ца соцу. Ерриг а меттиг еса хуьлу. БугIий, саргIалггий ген-геннахь соцу.


БугIа наггахь яжа кхевда. СаргIалго бугIа ларйо, цкъа а букъ а ца берзош. Малх охьахууш бугIано ша йолччохь мохь туху. ДIора саргIалг тIейолало. Кхин а, кхин а чуччайоду. Юха а иштта дIасайолу (цхьаъ вукхул ца тулуш), ген- генахь саца.


Шина дийнахь дахло дов, бугIа мохь хьакха хIуттушехь, саргIалг цунна тIе а уьдуш. Ша мохь а хьаькхна, юха саргIалг гучуяьлча, бугIа гуттар а карзахъюьйлу, ша лаьттачохь кхийса а луш, корта дIаса а лестош, батт лаьттаца охьа нис а йой. БугIане ца лало саргIалго шен хьийзор, мохь бетта цайитар, шен ца болу толам а. КхоалгIачу Iуьйранна (мохь беттар дикка лагIделча) бугIано, йицъелча санна, цхьа инзара мохь туху.


СаргIалг гучуоьккху, бугIанца дукха тийсаяларна йора дирзинчу боларца. БугIа кхоссало цхьана меттехь, бугIано корта лестабо, бугIа гIуьрашка йоьду. БугIа цкъа яда тохало, пен а берзош. ТIаккха цIеххьана дуьхьал хIутту, тап-аьл ла дIатерца, беа ког дIа а гIортабой, корта лаьтта а лахбеш. ТIехьаьдда йолу саргIалг, жIаьла санна, дIа чIинчIура хуу тIехьарчу когаш тIе, бердах кхетта тIулг санна, генна юха а кхуссуш. БугIа хьоьжу, тIекхета а дагахь. СаргIалг чукхоссало, шена хиллачо дарйина, цхьа а сацар а доцуш.


БугIано, пел а оьккхий (кур каррах ца кхетийта), саргIалган чукIело шен маIашца нислушшехь, корта цIеххьана хьалатохарца (цхьа маIа чуьйрех чу а йоьдуш) саргIалг генна ирххьо, букътIехьашха лаьттах тухуш. Юха саргIалг кога гIаттале куьраца дIа ведйо, шен дегIан ерриг а йозалла маIашна тIе а йохуьйтуш. ТIаккха дIасакхуьйсу цхьацца маIаца, хIоразза а дил ха а этIош. Юха мохь хьоькху, буточу когийн кегийчу бергашца кIоргга латта а охкуш. Етт а, шинара а ца дуьту, тIе а уьдуш, кур бетташ, раз-пурх кхийсалуш, хьожа яхарца батт ийзош.


СаргIалг-цуьрг яьржина Iуьллу, дIакхоьссина бехчалг санна, шена динчу хIилланах цкъа а кхетар а йоцуш. Суна кхин сурт дуьхьал хIуьтту, маццах цкъа хилла долу. Шайн а, нехан а хIума бен а ца лоруш, Iовдал сонталла йолчу Индарбин бе рех (цуьнан исс кIант кхуьу цхьаьний), шаьш вийнарг ца вовзарна (Iелам стаг воь цара), мехкан чIир хьаьрча.


Кхелахоша кхаа баттахь (диндай юкъахь а болуш) дов дерзош бина машар кхузткъе берхIитта етт хIутту, цхьана аьттан а да воцчу Индарбис дIабала безаш. БерхIитта аттана дуьхьал Индарбин йоргIа дин боьду – цуьнан берриг а бахам.


Пхиппа аттах пхи кха духку, шиъ (кхелахошна хьасталой) дена тIаьхьа а дуьтуш. ТIаьххьарчу хьаьжкIан цинцах мукадехко до санна, массо а хIумнах цIан- велча а, кхин итт етт буьсу Индарбис такха безаш. Цунна Мовла го цхьана сарахь, генна Iинал дехьахь Iаш волу. Мовлин цхьа а кха ца хуьлу. Иза дохнаца вехаш ву. Цу шиннан барт хуьлу цу бусса, Мовлас итт шарахь шега цхьа кха леладой- тург Индарбина итт етт а луш. Мовла цу Iай хьаьттано хьо, довха денош даьхкича. Зудий, кIант дуьсу тIаь- хьа. КIентан бархI шо бен ца хуьлу. Мовлин зуда Индарбис, готана еъча, эккхайо, ша даьхни воттана (3) далийнера олий. Цо пхи шо а хьехадо. Индарби веллачул тIаьхьа Мовлас даьхни «доьхкина» хуьлу – исс вашас дуьйцу иштта, шайн баа дуй бу а олуш. Наха къера дуй схьа ца оьцу. Юха нийсса итт бIаьсте дIа а яьлла, цхьайтталгIа гота йолаелча, берхIийт- тара ваьлла волу Мовлин воI Малцаг Индарбин доьзал болчу хIутту, я шен итт етт, тIаьхьа итт эса а долуш (зама яларна), цIа берзабе, я ша хIокху кIиран дийнахь йолийна гота итт шарахь дIахьур ю олий.) Малцаг халла кIелхьараволу, вежарша тIера хеча ца йоккхуш – Малцаг цхьалха стаг хуьлу. Iуьйранна нанас (хIетахь а наб кхетаза волу) шен кIант чуьра аракхойкху.


Малцагна шен мостагIаша кха буссехь аьхна го. «Аш ялта гурахь чудерзадахь, со сайн нанас дена Мовлина йина йоI ю-кх шуна», – хабар дохьуьйту Малцага. Ялта кхачдала долало. Ялтин кан шуьрех боьлча, йочане хан а ларйой, Мал- цаг буса кIа хьакха воьду, цхьаьна накъост а воцуш. ХIара валале сахуьлу. Орца долу. Юрт гIотту. Виэ бохуш, мохь а хеза. ХIара чохь зударий, бераш бен, кхин боьрша стаг ца висначу гIаличу оьккху, чухулара гIуй дIа а буллуш. Масех стаг, вовшах дихкинчу гIуркхашна тIехула, гIалин буьххье волуш го цунна. Малцаг, тIе зударийн коч а юьйхина (цхьанна тIера схьайоккхий), кIудалца юьхь а лечкъош, гона юкъара кIелхьара волу. Ша Iинал дехьа а ваьлла, дукъах хьалавирзича: «Эхь ду-кх шуна, цу ялтех хьекха а беш, межаргаш ца буун белахь!» – мохь туху цо вукхаьрга. «Маре баха хьан толам, зударийн коч а юьйхина болу», – вуьйш дуьхьал кхойкху.


Малцаган коьртах сийна цIе лета. Иза мохь а болуш, вухахьоду (коч боху дош хеза цунна), ша эхь декха тIекхачале, вуьйш баларна кхеравелча санна. Цхьа ши хьоькх тIехьа юьсу, хIара юьртах чувулуш. ГIовтIехь цхьа бер а хаало, карахь тIулг ловзош Iаш. Боьршачу нахах бIаьрг ца кхета. Кхуо мохь туху, цаьрга кхойкхуш. Юрт тийна ю, кешнаш санна.


ТIулгаш го цхьанхьара кхуьйсуш, ген-геннара, хьежош санна. Цхьаъ кхета. Юха кхин цхьаъ а. ТIаккха зударий, бераш. Маьхьарий, къадехар, массара а детта тIулгаш а. Коьртах кхета, белшех, тIаккха шолгIа а – коьртах. Малцаг вужу. Цхьаъ-м ала гIерта. ТIулгашна куьг а лоьцуш, ле.


Дуьххьара цкъа яккха дагахь хьалаозийна шаьлта а юьсу, мукъ батта тIера хьалахьаьдда, шина пIелггал а херо а гуш. Цунна ца кхета, ша хIунда ле, шена динарг хIун ду а – доьналлица хIилла ца деха, хIилла кIиллошца хуьлуш ду, меттан шалхо кхача болчу, дахаран – масех некъ а. Малцаган цхьа некъ хуьлу.


Цхьана дашо вен а воь. IСаргIалг – дегIана жима, буто, горга старгIа; 2Уранга – таьIна-мокха бос болчу бежанан дахалла охьа хуьлу Iаьржа томма- гIаш; 3Воттана – корта метта а буьсуш, кхаа шарна бIе жий дIабелча, кхо шо тIех- даьлча и бIе жий юхаберзор.




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

В тренде на этой неделе

Невидимый гений: драма о Сергее Есенине возвращается на театральную сцену

АТОР назвал выгодные направления на Черном море от 36 тыс. рублей

Новости Крыма



Глава Крыма Сергей Аксёнов

Частные объявления в Ялте



Загрузка...
Ria.city
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Ялта на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.