Добавить новость
Октябрь 2013
Ноябрь 2013
Декабрь 2013
Январь 2014
Февраль 2014
Март 2014
Апрель 2014
Май 2014
Июнь 2014
Июль 2014
Август 2014
Сентябрь 2014
Октябрь 2014
Ноябрь 2014
Декабрь 2014
Январь 2015
Февраль 2015 Март 2015 Апрель 2015
Май 2015
Июнь 2015
Июль 2015
Август 2015
Сентябрь 2015
Октябрь 2015
Ноябрь 2015
Декабрь 2015
Январь 2016
Февраль 2016
Март 2016
Апрель 2016
Май 2016
Июнь 2016
Июль 2016
Август 2016
Сентябрь 2016
Октябрь 2016
Ноябрь 2016
Декабрь 2016
Январь 2017
Февраль 2017
Март 2017
Апрель 2017
Май 2017
Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018
Август 2018
Сентябрь 2018 Октябрь 2018 Ноябрь 2018 Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026 Май 2026 Июнь 2026 Июль 2026 Август 2026
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13 14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

Лоьраш – реза бу, жигархоша – хеттарш до. Лаам а ца хоьттуш йийр ю вакцинаци

0 477
Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь пенсионераш декхаребина коронавирусна дуьхьал вакцина тохийта – лаамза дарбадар долийначу регионех ю и шиъ. Лоьраш тешна бу оцо уьнах лечийн статистика лахйийриг хиларх, хIунда аьлча лакхара ду баларш къаьсттина къаношлахь. ХIетте а мехий деттийтанза бисинчаралахь цхьа дакъа дуьсуш ду вирус адамаш хIаллакхдан я царна чипаш хIитто кхоьллина бохучух теша. Ткъа кхечарна жоьпаш хаза лаьа шайгахь IаьIначу хеттаршна дуьхьал. Масала, стенна яздойту нахе вакцина шайна яйта шаьш реза бу, олий, куьг, амма хIунда яц церан хила тарлучу хьовзамах жоп деха йиш?


ГIадужу-беттан 18-чохь Ставропол-мехкан коьртачу санитаран лоьро Ермаков Александра сацам арахецна, 60 шарал тIехбевллачу нахах лаххара а 80% вакцинаци йина хилийта, аьлла. Лахьан-беттан 19-гIа де тIекхачале тоьхна хила беза хьалхара маха, шолгIаниг – ГIура-беттан 20-гIа де дерзале.


Краснодар-махкарчу санитаран коьрта лоьро Потемкина Марияс арахецна сацам бу кхин а шога. Документо Iедалан хьукматаш декхарейо 60 шарал воккханиг а, пехийн, деган, пхенийн лазарш, диабет ерш а, сов берстина нах а вакцинацех чекхбаха. Хьалхара маха тохийта беза Лахьан-беттан 13-гIа де тIедале, шолгIаниг – ГIура-беттан 13-гIачу дийнале.


Шеца шалхенаш йолу Путин

Вакцинаци яйтар тIехь ду пенсионерашна (иштта цхьацца кепарчу говзаллин белхахошна а) Оьрсийчоьнан 14 регионехь. Амма оцу юкъанна президента Путин Владимира дуккхаза а аьлла вакцинаци лаамза йойтийла дац.


"Вакцинаци – иза, кхеташ ду, хIора стеган шен лаам бу, цо ша тIеоьцу цунах болу сацам", – билгалдаьккхира пачхьалкхан лидеро вакцина арахецар а, иза тохар а дийцаредечу кхташонехь Зазадоккху-баттахь.


 




"Лаамза наханна вакцинаци ян хьашт дац, мегар а дац. Бахархой шаьш бахка беза иза шайна оьшу аьлла хетачу ойлане, ца яйтахь, шаьш луьрачу хьелашка хIуьттий, бала а мегий шаьш кхето деза цара", – дIахьедира Путина Стигалкъекъа-баттахь хиллачу экономикан кхеташонехь.


"Муьлха а тIедожийна долу декхар атта дитало юьстах. Эрна ца олу, низамаш кхуллуш бIеннаша я эзарнаша къахьоьгу, ткъа уьш юьстах дуьту некъ миллион наха лоху. Уьш дукха хьолехь тола а тоьлу. Цундела, суна хетарехь, цхьа а ца оьшу декхареван, кхето веза. Кхето а, тешо а веза вакцинаци яйтар цомгуш хуьлучул гIолехьа дуйла", – бохура оццу Путина дискуссийн "Валдай" клубан гуламехь ГIадужу-баттахь.


Бакъду, оццу форумехь президента билгалдаьккхира, "эпидеми шоръяларца доьзна регионашкарчу Iедалийн бакъо ю, коьрта санитаран лоьрийн сацамца, нехан цхьайолчу категорешна вакцинаци лаамза ян".


Iилманах ца теша, теша экстрасенсех

"Эпидемица дIахьочу къовсаме диллича, пенсионерашна хетта а ца хоьттуш вакцинаци яр – иза дика хаам бу. Дан оьшуш, ца дича цадериг а ду иза. Сацор яц дера оцо-м эпидеми, делахь а баларш лахлур ду, хIунда аьлча, вакцинаци шайна яйтина болучара атта лов ковид, иза шайх хьакхаелча а. Эпидеми дIаер яц, амма лахлур ду баларш", – элира Кавказ.Реалиига ковид-пациенташца Краснодарехь болхбечу цхьана лоьро, интервью яла ша хьакамаша охIла вина вацарна шен цIе ца яккхар а доьхуш.


Лоьро дийцарехь, цо болх бечу поликлиникехь пациенташка хотту цамгарх дерг дерриг а, могашалла толлу.  Вакцинаци ян ца мега тIера ца йовлу цамгарш ловш болчу наханна – иммунитетна сов йоккха хало хир ю, марсаяла мега йолуш йолу цамгар, вакцина, тоьхча а, гIорасиз хир ю. Амма сов дукха а яц вакцинаци ян магош йоцу цамгарш.


 




"Лаамза ечуха ницкъаша вакцина яр конституцица ца догIу. Амма дукха хан ю вайн пачхьалкхехь демократи йоцу – цундела мега. Муьлхха а цхьа пайда бала безаш ма буй диктатурех. Новкъа делахь а, халкъан доккхачу декъера кхетам бу, аьр вай, 15-чу бIешарераниг, палтосурш цIергахь ца багабо, амма церан «ницкъ» телевизорш чухула гойту. Дукхахболу хьаькамаш а тIехь теша экстрасенсех, иштта гороскопех, адамаш хIаллакдан къайлах барт бина бохучух – кIезиг теша Iилманах. Уьш а бу халкъалара, боданах дIакъастанза долчу вайн халкъан дакъа", - дуьцу лоьро.


Наханна дехкарш дечул гIолехьа хир дара ахча кховдош хилча, аьлла хета медикна. Ца дагадоуьйту хьалха заманахь лелларг: 1771 –чу шарахь ун даьржича Москва веъначу Орлов Григорийс дIадаьккхина карантин йохорна гIуданаш деттар, омра дина цIахь-чохь сецначу божаршна 15 кепек яла, зударшна – 10. Доьзал болийначу наханна дарбан цIийнера арабовлуш дала долийна 10 сом, доьзал боцчунна – 5 сом. 


"Нагахь санна вай вакцинаци яйтарна ахча дала доладахь – масала, тохийтин хьалхара маха – 15 эзар сом, шолгIаниг тохтийтин – кхин а 15 эзар сом, нах буьйлалур бу вакцинаце лела, цхьа а омранаш а, полици а, QR-код а ца оьшуш. Пачхьалкханна ишта а хуьлуш долчу зене хьажча, кхин сов дукха ахчанаш а ма дац уьш", – йовзуьйту шен ойла медико.


Цунна гарехь, эрна ду тахана масканаш лелаяйтар а. Оцо шен Iалашо кхочушйина – могашаллин хьукматаш гIеххьачул яссаялийта, дарбадар рогIе дерзорхьама оьшура и кеп. Ши шо даьллачачул тIаьхьа дарбан хIусамаш кийча ю алссам маьнганаш хилийта цомгушчарна. Ткъа маска лелоро цамгар сов гена дIа а ца тотту, боху Краснодарерчуц лоьро.


Шен декхарх хьалхайолу пачхьалкх

"Царьград" цхьанакхетараллин Краснодар-махкарчу декъан куьйгалхочо, Дуненаюкъарчу оьрсийн халкъан кхеташонан декъашхочо Изюмов Никитас боху, пачхьалкх дено-дено кхочуш ю нах ницкъаша вакцинаци яйта тоьттуче, президента Путина иза хир дац дуккхаза а баьхнехь а.


"Вакцинаци йина боцчарна дискриминаци ю еш. Иза нийса дац. Уьнна дуьхьал вакцина тохийта резабоцчара уггаре хьалха далхориг ду пачхьалкхо хила тарлучу тIаьхьалонах долу жоп шена тIеоьцуш дацар. Нийса дира хеттарш парламентан кхеташонехь "Керла нах" ("Новые люди") партин лидера, депутата Нечаев Алексейс: вакцина шайна тухуьйтучу наха доьхку шайна Iедал цхьана хIуманна декхаредар, амма пачхьалкхо нах вакцинаци яйта декхаребахь, пачхьалкх а хила еза тIаьхьоланах жоп луш", –  боху Изюмовс.


Цо билгалдоккху вакцина яйтар кхайкхош хьийзина медиа-хьасташ эшна хилар – юхьанца телеканалаша а, халкъанна хетарг хазош болчу федералан лидерша а пандеми кхераме яц бехира, вирус лабораторешкахь кхоьллина хила мега бехира. ХIинца нийсса бIостанехьа дуьйцу. Цу тIе, Малхбузера политикаша санна, нахана ца гайтина Оьрпсийчоьна куьйгалхоша шайна вакцина тухуьйтуш.


"60 шарал совваьлларг вакцина ян декхаревар – иза а ю популизм. Муха толлур ду хьал, хьанна йина-ца йина толлуш, петаршкахула лелар ду Iедал, полици? Ялур мая ц и тайпа терго", – тешна ву Изюмов.


 




Вакцина тохийтар, QR-код тIехь йолу паспорт даккхийтар дац хIинца халкъ Iедалх цатешарна тIехь соцуш. Антиваксерех гуттар а Iедалца ийгIина хьийзарш дIабаха, хенаш хьалха керста «старовераш» санна, изоляци шайна тIеэца а кийча бу, шайнна ярташ яхка, пачхьалкхах юьстахбовла, аьлла го сурт 2015–2017 шерашкахь Краснодарехь "Парнас" партин декъан куьйгаллехь Iийначу Запрудин Леонидна.


Цунна хетарехь, цивилизацех къаста а кийча бу цхьаболу антиваксераш, реза бу болх бита а, социалан гIо Iедалера схьаэца а, шайх "бажа" я "леш" ца бичхьана. И тайпа протест вайна хааелира 2000-чу шерийн юьххьехь, дуккха а керста бахархой шайна гIудан ноьмарш (ИНН) яла а, паспорташ тIехь кодаш хIитто а йолийча.


Амма ша медик хиларе терра, Запрудин вакцинаци яйтарехьа ву:


"Муьлхха а вакцинаци, кхаллар кховдош яхь а, шед етташ яхь а, пандемица латточу къовсамна пайде ю. Статистико гайтина дуьненехула яьржина вакцинаш эвсаре, кхерамза хилар. 60 шарал тIехбевллачарна вакцина тохар дика ду, уьш бу угаре дукха лийраш, церан дукхалло бо тIеIаткъам дарбан хIусамашна", – дуьйцу Запрудина.


Жигархочунна хетарехь, Оьрсийчохь вакцинаци янза буьсу я кхетамчохь болу антиваксераш, я пачхьалкхах, гонахарчу нахах тешаш боцу бахархой.


"Уьнах, кегийчаьрца дуьстича, сиха бала тарло 60-65 сов шераш дерш. Цахеддаш лаьтта цамгарш шайгахь алсамйовлу шераш ду церан, ковидо йохьу проблемаш цаьрга ца такхало", – боху Краснодар-махкарчу пациенташна гIодечу "Могуш виса бакъо" цхьанакхетараллин куьйгалхочо, лоьро, юриста Чернышук Николайс.


Махашена ца тохийта бакъо ю хIораннан а, амма оцо юкъараллина зен бен ца дохьу, тешна ву иза.


"Ца лаьий маха тохийта – ма гIтохийта. Вакцинаци ярна дуьхьал вай алсам мел хуьлу а дукха лийр бу вайх. Ткъа вай сиха вакцинаци яр чекхдаккхахь, лийраш а хир бу кIезиг. Вакцинаци сихха вай чекхъяккхахь, дехкарш а девр ду дIа", – аьлла жамI дира шен къамелан Чернышука.


***


Вацинаци яйтар тIедожийначул тIаьхьа иза йина хиларх долу харц QR-кодан сертификаташ дохка долийра Оьрсийчохь.  Ахчан дуьхьа цхьаболчу медикаша до и тайпа зуламаш а – тоьхна йоццушехь, вакцина тоьхна олий лушг ду уьш. "Пациентан монитор" цIе йолчу проектан куьйгалхочо Увайсов Зияудина бахарехь, Дагестанехь сертификаташ ах декъанна эцна ду нахехь. Харц сертификаташ лелаш хааделла Нохчийчохь а, Ростовхь а, Краснодар-махкахь а, иштта кхечу регионашкахь а. 




 




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

В тренде на этой неделе

Курилы наши. Путин впервые посетил острова, хотя в Японии в ярости

Трамп в лабиринте. США загнали себя в угол в войне с Ираном


Загрузка...
Ria.city
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Валдай на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.