Зуламаш дар кхуьучу регионашлахь нисъелла Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а
0
195
Кху шеран ворхI баттахь зуламаш дар дебначу мехкийн лидершлахь нисъелла Нохчийчоь, Тува, ГIалгIайчоь. Зуламаш кхиъна Нохчийчохь 28,8%, Тувахь - 23,8%, ГIалгIайчохь - 19,7%. ТАСС агенталло бина и хаам, зуламийн хьолах хIоттийначу статистикан материалашна тIетевжина.
Рейтингехь билгалъяьккхинчу итт регионна юкъаяхна Тулан кIошт, Ненецкан автономин го, Приморскан а, Красноярскан а кIошташ, Санкт-Петербург, Дагестан, Камчатка.
Зуламаш лахдалар хааделла Комихь, Смоленскан а, Еврейн автономин а, Рязанан а, Новосибирскан а кIошташкахь.
Зуламаш хилариийн хьесап динчу Оьрсийчоьнан ргионашлахь язйинера Нохчийчоь Мангал-баттахь а.
ТIаьххьарчу эхашерачохь, Дечкен-баттера Стигалкъекъа-батте кхаччалц церан терахь дистина 41 процентана.
Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана масийттазза дIахьедира, мохк "уггар а маьрша, кхерамзе" бу аьлла.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, пачхьалкхера кхийолу регионаш гIертачу дахаран тоьллачу хьелийн тIегIане республика кхаьчна аьлла. Баккъал а йолчу статистикаца бIостане ду цуьнан дешнаш – социалан-экономикан гайтамашца аутсайдершлахь юьсу Нохчийчоь.
"Хьал дика долуш вайниг санна цхьа республика яц Оьрсийчоьнан регионашлахь. Юстийша муьлххачу а регионца, Москвана тIера дIадуьйлалой. Европехь а, Туркойчохь а дика хир ду аьлла, дIавахнарг а шен цIа ван веза. Массо а агIор оьшуш мел долу хьелаш нисдина ду, де дийне кхин тIе а толуш а ду уьш а", -боху видео тIехь Кадыровс.
Оцу юкъанна, Оьрсийчоьнан регионийн рейтингашкахь Нохчийчоь кест-кеста тIаьххьарчу меттигашкахь гойту: бензинан мах лакхара гойтучу рейтингехь 85 позицех 80-гIа дIалаьцна, тоьллачу регионийн рейтингехь 69-гIа меттиг бу, пачхьалкхерчу къечу нехан декъах хIоттийначу статистикехь 72-гIа меттигехь ю Нохчийчоь.