Добавить новость
Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026 Май 2026 Июнь 2026
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30

Поиск города

Ничего не найдено

"ФСБ-га хеттарш Iаламат дукха ду": Нохчийчуьра криминалан къу лаьцна Стамбулехь

0 1267
Цхьатерра масех интернет-ресурсаша, шайн хьасташна тIетевжина хаамбира, 2021-чу шеран гурралц "криминалан къуьнан" статусехь хилла криминалан авторитет Домбаев Ахьмад (Ахмед Шалинский цIарца вевза) Стамбулехь лацарх. Телеграм-каналийн информацица, Домбаевн а, цуьнца цхьаьна хиллачийн а Iалашо хилла, Туркойчохь а, Европехь а бехачу Кадыров Рамзанан рожан критикашна кIелонаш ян. Туркойн къайлахчу сервисаша а, меттигерчу зорбан гIирсаша а цкъачунна йеш комментарий яц Оьрсийчоьнан бахархой лецарх лаьцна.


Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан картотекица а догIуш, Домбаев (иштта билгалваьккхина иза харц цIарца - Прохоров Руслан аьлла) федералан лехамашкахь ву. Цунах лаьцна информаци хаийта аьлла, йовзийтина телефон: 8-8672-59-43-40. Иза ю Къилбаседа ХIирийчоьнан Чоьхьарчу гIуллакхийн министралла.


Кавказ.Реалиин хьасташца, криминалан авторитетера а, цуьнца цхьаьна хиллачу, зоьрталчу кегийрхошкара а герз а, ши миллион долларшкахь сов ахча а даьккхина, спортхойн тIоьрмигаш чохь дехьадаьккхинера цара ахча. Стамбулехь Домбаев лаьцначул тIаьхьа Нохчийчуьра, хетарехь, юкъарло лелийна нах баьхкинера кеманца, иза маьршавоккхуш барт бан. Цунах лур ду аьлла ахча ду пхи миллион долларш. Хьосто билгалдоккху, карарчу хенахь и хьал сецна лаьтташ ду, тIаьххьара сацам бина бац.


Оцу историхь коьртачу хаттарех ду: Къилбаседа ХIирийчоьнан Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехула федералан лехамашкахь хилла Домбаев Ахьмад парггIат оьрсийн доза а хадош, Туркойчу муха кхаьчна? Варианташ масийтта ю. Харц кехаташ кечдина хила тарло цо, йа дуьхьало йоцуш дехьавалархьама дозанхошна ахча делла хила тарло, йа ницкъахоша тапъаьлла, дехьавала пурба делла хила тарло.


Шозза коронаци йинарг

Домбаев Ахьмад Вис-Хаджиевичан официалан биографи дикка йоца ю. 1981-чу шеран Дечкен-баттахь Шелахь вина ву иза, Москварчу зуламхой лоьцучу декъан белхахоша лецира иза 2009-чу шарахь, баккхийчу барамашкахь курхаллаш лелорна бехкевина, колонехь даккха итт шо хан туьйхира цунна. Официалехь йолчу информацица а догIуш, Домбаевс шен накъостаца юкъахь – ФСБ-н полконикца Журавлев Евгенийца – контрабандица къийсам латтабо а бохуш, 8 миллион соьмана мачаш лачкъийнера цара. Схьаяьккхина парти складе дIаяьхьнера, цигара яйра.


"ГАИ-н белхахоша машенлелорхошкара кехаташ а, мачийн партин документаш а схьа а эцна, шайн машенна тIебигира, гIуллакх къасто. Дукха ца Iаш цига еара нохчийн номераш йолу Mercedes-G джип а, ши Lada-Priora а, царна чуьра охьавоьсира 10 стаг. Талламан версица, царна тIехь куьйгалла деш вара хьалхо талораш а, къола а дарна таIзар дина хилла Нохчийчуьра Домбаев Ахьмад… Нохчийн ОПГ-хь уггар а лараме хеташ ву иза, криминалан къу хила "коронацина" кечлуш ву", - яздора кхел йоьдучу юкъанна "Известия" газето.


ТIаьхьо Домбаевна баккъал ян а йира "коронаци", и хилира 2012-чу шеран Дечкен-баттахь Кутаисин а, Сухумин а криминалан авторитетийн Дубайхь хиллачу гуламехь. Делахь а, оьрсийн зуламхойн дуьненан лидеран Усоян Асланан (Дед Хасан цIарца дика вевзаш волу) агIончаша, коронацин урхаллехь хиллачу къуйшца Ониани Тариэлца (Таро) а, Джангвеладзе Мерабца (Сухумский) хиллачу конфликтана тIехула шайн могIаршка ца витира Домбаев. Оцу тIехула цхьан хан яьлча юха а "коронаци" хилира цуьнан - кхин а ницкъе йолчу Дед Хьасанан кланехула. Бакъду, Усоян веллачул тIаьхьа. ТIаккха бIостане хьал хIоьттира - "коронаци" къобал ца йира Сухумерчу криминалан авторитеташа, "ямартло" ю аьлла, шайн сий дайъина хеташ.


 




ТаIзар токкхучу Домбаев Ахьмада шолгIа "коронаци" хиллачул тIаьхьа жигара регионашкахула чекхваьккхира иза – Владикавказ, Ростов-ГIала, Ставрополан мохк, Воронеж, Самара, Соль-Илецк, Липецк, Елец, Махачкала, амма 2017-чу шарера 2019-чу шаре кхаччалц иза латтийра Челябинскан кIоштан Федералан таIзар кхочушдаран урхаллин (ФСИН) набахтешкахь. Шатайпачу тутмакхан гIуллакх цигахь дIанисделира – Европан кепехь кечйина, дечиган йийбар хIоттийначу хIусамчохь экзотикан сурсаташ чохь долу тускарийн фонехь Домбаевн даьхна суьрташ машанашкахь кIезиг дац.


Маьршаваьккхинчул тIаьхьа Нохчийчу дIавахара криминалан авторитет. "АУЕ" болам Оьрсийчохь экстремистийн лоруш, цуьнан символика йихкинашшехь, цигарчу Домбаевн доккхачу цIийнан (цуьнан мах 300-400 миллион сом лору) кевна тIехь бархI са болу "къуйн" седарчий дара. Амма, мехкан прокуратурана а, полицина а ца гуш санна. Делахь а, нохчийн коьртачу къуьнан статусе гIерта Шалинский Ахьмад даймахкахь дукха ца Iийра, Москва дIавахара иза.


"Къаьсттина дика гIо хилира Шалинскийна Нохчийчуьра. Цхьа могIа "криминалан къуй" бу оцу махкара, амма цхьа дIоггара баккхий кхиамаш мафин иерархехь баха церан аьтто ца баьлла. Уггар хьалха корта бахочу молханех уьш боьзна хиларна. Нохчийчохь "криминалан къуйшца" йолу юкъаметтиг шелъйинера оцу тIаьххьарчу факторо. Ша ду – кеп-кепара самукъадоккху препараташ лелош ву аьлла, цкъа а хаавелла воцу спортаца а, динца а волу Домбаев", - хаамбира "Росбалто".


2021-чу шеран Гезгамашин-баттахь масех криминалан авторитето тIедожийра Шалинскийна регионашкара гулдинчу ши миллион долларшкахь ахчанах динарг хаийта шайна аьлла. Вукхо жоп делира, юкъара ахча ша хьадина дац, ткъа Москвара а, Нохчийчуьра а еза хIусамаш ша даьккхинчу ахчанах эцна ю ша аьлла, яздора "Лента.ру" хьостано. Оцу юкъанна, лебинчу къайлахчу кассираша дийцинера, Домбаевн герггарчу наха хIора кIиранах Соьлжа-ГIаларчу банкоматашкахь бIеннашкахь эзарнашкахь соьмаш схьаоьцура аьлла.


"Ша Ахьмада, суна хаарехь, шена дохку доллу бехкаш тIе ца дуьту. Цо дIахьедира, цхьа а хIума ша эцна яц, ткъа шегахь долу ахча "мехкадаьттана тIехь" даьккхина ду ша аьлла", - чIагIдо Znak.com ресурсо. Изза информаци тIечIагIдира, хан токхучу заманчохь мехкадаьттан бизнеса тIехь тутмакхо даьккхина ахча – миллиард сом гергга - ду и аьлла, хаамбинчу "Труд" газето а. Мухха делахь а, дерриг а теллина, зийна даллалц, криминалан гонашкахь Шалинский Ахьмадан "криминалан къу" статус сацийна яра.


Ницкъахошца бертавахар

Gulagu.net бакъонашларъяран проекто дуьххьара тидам бира Домбаев Ахьмадан, 2028-чу шарахь Челябинскерчу номер 1 йолчу колонехь тутмакх Кидинов Евгений вийначул тIаьхьа – цуьнгара 700 эзар сом даккха гIиртинера, цул тIаьхьа къиза вийра иза. Кхело къасторца, цунна ницкъбечаьрца дакъалаьцнера колонехь "тIехьожург" хиллачу Шешунов Максим а, Шалинскийн герггара криминалан авторитета Дашаев Ильяса а. 2021-чу шарахь стаг верна бехкевинчу иттанна хенаш кхайкхийра кхело.


"ФСИН-н белхахой и гIуллакх сацо гIоьртира, наркотикаш совъевлла кхелхина аьлла, дуьххьара кхелан-медицинан экспертизана фальсификаци йира. Амма, юкъараллин терго тIеозоран бахаьанашца, стаг вийна хилар къайладахьарх гIуллакх ца хилира", - дуьйцу Кавказ.Реалиига Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира.


 




Бакъонашларъярхоша информаци нахалаяьккхинчул тIаьхьа, долийра гIуллакх талла, ФСИН-н оперативникаша маса колони дехьаваьккхира Домбаев Ахьмад.


"Гуш дара, "криминалан къуьнан" статусехь волу тутмакх вийначун бандица дехьаваьккхина хилар, мукIарло ден долу дукхахболу тешаш кхерорхьама дина дуйла. Криминалан къуьнан доттагIчунна - Дашаевна дуьхьал тоьшалла дар – валаран меха дара. Тутмакхаша дуьйцура, Домбаевна мел а эвсара хьелаш хIиттийна – дарбан цIийнан декъехь шенна аьлла палата ю, хадархо цхьаьна а волуш, масийтта мобилан телефонаш а ю, бохуш. Gulagu.net проектаца къамел дан гIиртинарш а, Кидинов вийначарна мукIарло динарш а палати чу балабора цунна суждане бахийта", - кхин дIа дуьйцу бакъоларъярхочо.


Осечкин тешна ву, и тайпа тайна хьелаш цунна къайлахчу сервисаша хIиттийнера аьлла – ФСИН-н а, ФСБ-н а пурбанца бен къуна иштта хьелаш лур дацара. Цуьнан хьашташ кхочушдаран мах бара бакъдолу тоьшаллаш дина тутмакхаш кхерор.


Къамел динчо билгалдаккхарехь, тIаьххьарчу цхьана шарахь а, эхашарахь а Домбаев Ахьмад федералан лехамашкахь вара Къилбаседа ХIирийчоьнан Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехула, криминалан иерархехь лаккхара дарж дIалацарна – Оьрсийчоьнан Зуламан кодексехь оцу доккхачу зуламна бехкевинчунна набахтехь даккха 15 шо кхачадо.


"Оцу юкъанна, Домбаев цхьаммо а хьавеш вацара, паргIат дIасалелара иза пачхьалкхехула, гуш ма – хиллара, дуьненан мехкашкахула а. Гуш ду, къайлахчу сервисашна а, Нохчийчоьнан куьйгаллина а Домбаевна а юкъахь бина цхьа барт хилар. Къайлахчу сервисашкара гIо ца хилча, хьена-хьенан а цкъа а аьтто бер бацара Оьрсийчуьра аравала. Цундела, ФСБ-га хеттарш дуккха а ду", - дерзийра къамел Осечкин Владимира.


Gulagu.net проектан хаамашца, Домбаевн банда бехкехила тарло Осечкинна дан лерина бохучу тIелатарна а. Бакъоларъярхочо тIечIагIдарца, и зулам дийцарединера, кадыровцийн Москвара штаб-квартира ю бохучу, "Президент- Отельна" герга долчу гонашкахь.


Делимханов а, Дукузов а, кхинберш а

Security Turkey тобан векало – цо лелош ю "оьрсийн маттахь къамел дечу вежаршна Туркойчоьнан дозана тIехь кхерамзалла латто" телеграм-канал – дийцира Кавказ.Реалиига, карарчу хенахь меттигерчу Iедалхоша а, зорбан гIирсаша а Домбаев лацарх информацин комментарий еш яц аьлла. Лаьцначун бакъонан статусах бен болчу сацамца доьзна хила тарло и – лаьцна вуьтур ву иза, йа маьршавоккхур ву.


"Тхоьга дийцира, тIаьххьарчу шина беттачохь Соьлжа-ГIалахь кест-кеста Делимханов Адамца [Нохчийчоьнан цIарах Думан депутат] а, Дукузов Казбекаца (2004-чу шарера схьа дуьйна Европехь нохчийн виъ оппозиционер вуьйш декъах хилла лоруш ву иза) а Домбаевн цхьанакхетарш хилла аьлла. Уггар хьалха, Кадыров чIогIа оьгIазвахна блогер Халитов Хьасан дIаваккха Iалашо хилла церан, аьлла хета тхуна. Масех бутт хьалха хаийтира тхуна, Хьасанан коьртах пхи миллион доллар ахча кхайкхийна Кадыровс къевлинчу кхеташонехь аьлла", - дIахьедина къамел динчо.


 




Security Turkey телеграм-каналан векална хетарехь, кадыровцаша хьалха а пайдаоьцуш хилла криминалан авторитетех нах байъа кечлуш, ткъа 2021-чу шарахь Туркойчохь шайн аьтто боьхначул тIаьхьа ва-банке а бахна, массо а ресурсех пайдаэца сацамбира цара. Шена дуьхьал оццул тайпа тайна хIуманаш лелош Кадыров Рамзанна ганза дукха хан яра, тешна ву къамел дийриг.


"Нохчийчуьрчу хьаннашкарчу гIаттамхошца йист яккха ФСБ-ца юкъахь кадыровцийн аьтто хиллачул тIаьхьа, Кадыровс шен ницкъ тIехьажийра дозанал а арахьа беха гоьбевлла гIаттамхойн хилла командираш байъа. Оха тергойира, нохчех лаьттачу туркойн диаспорех дIаэн гIерта нах чубахкийтина хилар. Тхо уьш гучубаха дуьйладелира, 15 гергга стагах лаьтта маша билгалбелира тхуна, шайлахь Расаев Бесланца цхьаьна лаьцна ялх стаг а волуш", - боху тобан векало.


Стамбулерчу Коджаэлин университетан дуьненаюкъарчу къаьмнийн декъан куьйгалхочо, туркойн политолога, профессора Кайа Ульгер Ирфана Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь дIахьедира, Оьрсийчуьра бахархойн тоба лацарх шена хууш ду аьлла.


"Нохчийчохь тоталитаран ала мегар долу политикан система кхоьллинчу Кадыровс, шен болатан куьйгаца урхалла а деш, боллу оппозицин боламаш юьстахбаьхна. Цунах а тоам ца хуьлуш, Кадыровс юкъаозош ю киллерийн тоба, эмиграцехь болу шен дуьхьалончаш хIаллакбан. Билггал, дахначу кIиранах Стамбулехь туркойн полицино лецира, оцу кепара нах байъа кечлуш хилла, арахьарчу мехкийн бахархой, кхелан сацамца лаьцна чохь битина уьш", - боху Ульгера.


Къамел динчунна хетарехь, оцу хьокъехь комментари яла ца хIуьтту официалан Iедалхой, "хаттар экаме хиларна".


"Вукху агIор, хIинцале Украинехь тIом болоран кхерам латтарца экаме евлла Туркойчоьнан а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигашна, и хьал негативе дерза тарло. Амма кхеташ ду, Кадыров йа цуьнан омраца лела ницкъаш, хьалхара бутт бац Туркойчуьрчу нохчийн оппозицина кIелонаш кечъен, иза гучудаьккхира туркойн иччархоша", - дерзийра къамел профессоро.


***


2021-чу шеран ГIадужу-баттахь Туркойчохь лецира Оьрсийчоьнан бахархой, уьш бехкебира Кадыров Рамзанна критика ечу нохчийн диаспорера наханна зулам кечдарна а, "политикан а, тIеман шпионажна" а, "герзашца леларна" а. Туркойн хаамийн гIирсаша Къоман иччархойн организацина тIетевжина, хаамбира, лаьцначийн лидер -Расаев Беслан ву- депутатан Делимханов Адаман а, бизнесхочун Дукузов Казбекан а тIедахкарш кхочушдеш хилла. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакийн Министраллин (МИД) векало Захарова Марияс дIахьедира, арахьара политикан урхалла "тидам беш ю Оьрсийчоьнан паспорташца Туркойчохь лаьцначийн гIуллакхна тIехь".


Туркойчохь арахьарчу мехкийн бахархой лецначул тIаьхьа – Оьрсийчуьра виъ вахархо, Украинера а, Узбекистанера а цхьацца вахархо – пачхьалкхан Iедалша нохчийн диаспоран лидершна пачхьалкхан хадархой хIиттийна. Иштта, Туркойчохь бехачу нохчаша а чIагIбина шаьш лардаларан барамаш.




 




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также


Загрузка...
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Соль-Илецк на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.