Добавить новость
Июнь 2011
Июль 2011
Август 2011
Сентябрь 2011
Октябрь 2011
Ноябрь 2011
Декабрь 2011
Январь 2012
Февраль 2012
Март 2012
Апрель 2012
Май 2012
Июнь 2012
Июль 2012
Август 2012
Сентябрь 2012
Октябрь 2012
Ноябрь 2012
Декабрь 2012
Январь 2013
Февраль 2013
Март 2013
Апрель 2013
Май 2013
Июнь 2013
Июль 2013
Август 2013
Сентябрь 2013
Октябрь 2013
Ноябрь 2013
Декабрь 2013
Январь 2014
Февраль 2014
Март 2014
Апрель 2014
Май 2014
Июнь 2014
Июль 2014
Август 2014 Сентябрь 2014
Октябрь 2014
Ноябрь 2014
Декабрь 2014
Январь 2015
Февраль 2015 Март 2015
Апрель 2015
Май 2015
Июнь 2015
Июль 2015
Август 2015
Сентябрь 2015
Октябрь 2015 Ноябрь 2015 Декабрь 2015 Январь 2016 Февраль 2016 Март 2016 Апрель 2016 Май 2016
Июнь 2016
Июль 2016
Август 2016
Сентябрь 2016 Октябрь 2016 Ноябрь 2016 Декабрь 2016
Январь 2017
Февраль 2017 Март 2017
Апрель 2017
Май 2017
Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017 Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018 Июль 2018 Август 2018 Сентябрь 2018 Октябрь 2018 Ноябрь 2018 Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026 Май 2026
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

"Оьрсийчоьнан йозаллин" Iадаташ. Хьан лур ду Кавказехь зударий байъарна жоп?

0 30
Зударий байъарна кхелаша дехначу жоьпан хьокъехь деношкахь ши хаам баьржира прессехь. ХIинжа-ГIалхь полисхо лаьттинчу Велагаев ТIахIира, мелла а волуш, къиза йийна шен зуда, дакъа дIалачкъийна. Ткъа ГIалгIайчуьрчу Могушков Мохьмад-Бешара шен йишина Евлоева Лизина урс хьаькхна, иза маьттаза лелаш яьккхина видео социалан машанехула яьржича. Хийланиг цецвоккхуш дайн таIзар дина шинна а – шина шарахь цIахь-чохь хан такхар. Буса хIусамехь хила декхаре бу уьш, магош дац алссам адам гуллучохь хила, кест-кеста цIахь йоккху хан токхучарна тIехьожучу урхаллехь билгалвала ваха а веза и шиъ. Изза таIзар до, масала, жима кхаъ эцначунна (10 эзар соьме ца кхочуш), зуламе программаш яржочу хакерна я магийна йоцчу ловзарийн машенашца ахча доккхучунна.


Ма-дарра лелларг иштта ду: 33 шо долу Евлоева Елизавета чохь йолу видео яьржира, марехь болу зударий маьттазбовлучу хьелашка а ийзабой, юха цаьргара видео нахала ца йоккхург ахча доьхуш хьийзинчу тобан декъашхочо Алтемиров Iиса бхьана долуш. Полисхочо Холухоев Дауда машане хIоттийнера иза лоцуш гойту видео, амма оцу чохь нисъеллера Евлоева а, полисхочунна ши шо гергга хан туьйхира набахтехь такха, ткъа араваьккхира, иза хан изоляторехь текхна ваьлла, аьлла. Шен йиша чохь йолу видео гинчу Могушков Мохьмад-Бешара, цунна урс хьакхна, тIевахна Iедална. Цунна дина таIзар ду видео яржийначу полисхочунна тоьхначул а кIезиг.


Полицин пенсионер волу Велагаев ТIахIир, къаьркъа а молий, воьдуш хилла ша йитина зуда Умажат йолчу, цуьнан неI тухуш хилла кест-кеста. 2019 шрахь аьтто баьлла ТIахIиран зуда ехачу хIусамна чувала – тапчан мукъ бетташ йожийна цо иза, садукъдина, дакъа куза юкъахьарчийна цо. Лулахошна ши кIира даьлча декъан хьожа хааелла, кхайкхинчу полицино Iорадаьккхина хилларг.


Кхело шиннахьа а аффектан хьолехь хилла зуламхой, аьлла, тоьхна царна супермаркетехь къаьркъан шиша лачкъийча тухучул а кIезиг хан. Иштаниг нислуш ду Кавказехь.


Етта мегаш ду. Ен а мега?

2020 шеран Мангал-баттахь Нохчийчохь елира Умаева Мадина.Нанас дIахьедира шен йоI марзхойн хIусамехь йийна, аьлла, майра вира бехке. Ткъа дирзира къоначу зудчун нанас и нах а, мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан а къинтIераваккхарца. Ткъа еллачун майрачунна Кадыров Ахьмадан фондан цIарах цIенош делира.


Юкъаметтигаш ийгIинарш Гуьмсерчу мэре а гулбина, Нохчийчоьнан куьйгалхочо юхьъехира еллачу Умаеван ненан, цо йоьIан декъа таллархьама эксперташка каш дастийтарна. ДIахьедира хIетахь Кадыровс: "Нохчийчохь кхелаш яц болх беш, бохуш, Европехь а етта баганаш, зударшна тIехь гIело латтайо, боху. Нохчийн Iадатехь, маре а яхана, бераш а дина йолчу зудчунна хаа беза шен меттиг. Цунна довдан а мега, тоха а мега, нанас а тухий шен берашна".






2019 шарахь зударшна дуьхьал лаьтта дискриминаци дIаяккха Iалашо йолчу дуьненаюкъарчу ООН CEDAW комитето сацам арахийцира Нохчийчохь зударшна ечу гIелонийн хьокъехь. Толлуш дара Тимагова Шемина ницкъ бар, ша марехь Iийначу стага заьIпаллин шолгIачу тIегIанехь айпеяр. Дуьххьар шена йиттича, тиларчуьра ялла иза, ткъа Нохчийчохь хиллачу кхело 15 эзар гIуда а тоьхна, маьрша витина бехкахо. Йитина йолчу цунна тIелетта стаг юха а, диг тоьхна, корта баттIонза йитина – ТIехьа-Мартанарчу кхело аффектехь хилла иза, олий, дIахоьцу. Майра хилларг бехказвоккху бахьана гIарадоккху: зудчо "маьттаза леларца" дог датIийна цуьнан. "S.T. Оьрсийчоьнна дуьхьал" аьлла болу комитетан сацам дуьххьара бара ерриг а Оьрсийчоьнан пачхьалкх хIусамашкарчу гIелонна бехкееш.


2020 шеран ГIадужу-баттахь Къилбаседа ХIирийчохь кхело сацамбира Сланов Тамерланна дуьхьал – йоI лаьцна, петар чохь кхаьбнера ц, юьйр ю ша бохуш, кхерамаш а туьйсуш. Зуламхочунна кхо шо хан туьйхира набахтин аттачу хьелашкахь такха. Самара-махкахь, масала, оццул таIзар кхайкхийна цициган кIорни ерна.


"Проблема ерриг меттигашкахь ю алалур дац, кхузахь хаьл хиллачуьнга хьаьжжина ду, талламчашна хетарг, кхелахошна хетарг. Пачхьалкхехь юккъерчу хьесапехь тухху хенаш тоьхна метигаш а ю, цкъа нана а, бераш а дайъинера, велла дIаваллалц набахтехь латто кхачийра. Амма кест-кеста нисло йоггIу хан ца тухуш а, я лахара таIзар кхайкхош. Талламчаша а, кхелаша а тидаме оьцу меттигашкара Iадаташ, эшам хилларг "оьзда йоцуш лелар", – билгадоккху "Кавказ. Машар. Кхиар" центран куьйгалхочо Сиражудинова Саидас.


 




"Оьзда йоцуш лелар" – кхузахь къоман кхетамехь дахарехь мегаш йоцу сексуалан агIо ю. Масала, ГIалгIайчохь девашас йийна вешин йоI цигаьрка узуш хааяларна, кхеланна оцу хьолаца бехкечунна озабезам бан меттиг карийна, цо оьгIазалла совъяллачохь дина зулам, аьлла. Ткъа таIзар данне а ца дина, Сиражудиновас бахарехь.


"Уггаре ирчаниг – и тайпа гIуллакх нисделча зуда ер нийса хета бахархошна. Евлоева Елизавета йийча, социалан машанашкахь, мессенджерашна чохь наха къинхетам цунах ца бора, жоьпе озийначух бора. Ткъа яьржинчу видеоно петар чохь гойту йийнарг, ткъа иза цигахь хIун деш хилла ца гойту. Видео яржийначу полисхочо адам ден гIаттийна зуламхо, ткъа таIзар цунна дина а дац, ма-дарра аьлча, – дуьйцу эксперта.


Сиражудинована иштта го бахьанаш: талламчаш а, кхелахой а бу нахалара, могIарчу наха санна тIеоьцу хилам, таIзарш а кхъастадо шайна ма-хетта, дукха хьолехь бакъ бо зуамхой.


"Массо а нехан хьажам бу хийцабала безаш. Жоьпалла хила деза эладитанаш лелочарна а, адам ден кхин адам провокацица арадоккхучарна а дуьхьал. Царна деш дац таIзар, цундела иштта лаьттар ду жоьпаллица дерг а. ШарIо доьхку эладитанаш даржор, иштачарна бен къастам бу "зуламхо" Iораваьккхинчунна дуьхьал хуьлучул а луьра. Амма иштачу наханна яц еш кхел я ШарIахь а, я Iедалехь а. Iадаташ Бехктакхаман кодексерчу низамел дазделла, царех бусалба Iадаташ ала а гIерта цхьаберш. Ткъа Исламо магош дац "сий дайъинарг" вен, – элира бакъонашларъярхочо.


Низамийн гетто

Ша цхьаъ зуда лоьлийла дац маьттаза. Борша стаг нисвала веза оцу хьоле. Амма цхьаммо а ца до иза тергал. "Дукха тIехьийза мехкарий бу, аьлла, дена бераш лелор доьхкуш ца хааделла суна", – цецъюьйлу бакъонашларъярхойн "Марем" тобан куьйгалхо Анохина Светлана.




ТIелеттачу майрачух Iалашлуш, иза вийначу зудчунна а, зуда йийначу майрачунна а ден таIзарш дуьстича, го вайна муха ду Къилбаседа Кавкахзера хьал, боху цо.


"Процессийн декъашхошна – адвокаташна, бакъонашлаъярхошна – хаьа "сий лардо" олий дечу зуламна бухахь дукха хьолехь кхин зуламаш а хуьлийла. Масала, маьттазалелла олий, вашас йиша ен тарло, ткъа бухадиллина хуьлу дех бисина бахам бекъа цалаар. Иштта динчу зуламна бух "сий лардар" дилличхьана, маьрша вуьсур ву зуламхо. Дас шен йоI 11 шо кхачча дуьйна хьийзош лелийна, ткъа йоIа ша нахала ер ю аьлча, цо иза йийна меттиг хаьа суна. Аффекте а вужий деш дац и тайпа зуламаш, леррина деш ду. Аффект мел яхло? Аьр вай, масех минотехь. Оцу юкъанна зулам кечдан, кхочушдан кхуьур вац стаг", - боху Анохинас.




Цо билгалдоккху бусалба низамашкахь "сий дайъарна" адам шеггара ден йиш яцар. Ду оцу бехканна таIзар ШарIехь – зина дарна, амма кхоччуш долчу тоьшаллина веза виъ даредархо.




"Коьрта чохь соцу "цIий даккха деза" бохург, амма тешаш а, тоьшаллаш а эшар – иза кегий хIуманаш лору. Оьрсийчохь ШарIан кхел яцахь а, тоаме хета "тешаш бац, делахь а суна сайна хаьа дерриг а" алар. Цецъюьйлу, Оьрсийчоьнан кхелаш Iадаташна тIетевжаш хиларх. Масала, ХIинжа-ГIаларчу Кировн кIоштан кхелан дас Амировс бераш ца магадо Церетилова Ниница дита – иза месаш басар йина а, дегIа тIехь тату йолуш а лела, иза ца догIу "шортта бераш долчу нанна". Цо сацам бо "Оьрсийчоьнан Федерацин цIарах". Пачхьалкхехь нийсо а, Iедал а ледара хилар гойту оцу хьоло", – тешна ю журналист, юкъараллин жигархо Анохина Светлана.


"Зуламхо бакъво цо зуда "сий лардеш" йийча – оцу тIедуьгу гIуллакх, таIзар лахара хир дуйла а хууш. Дукха хьолехь талламчаша и тайпа зулам Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексан " аффекте воьжначохь стаг вер" олучу бехканна буха хьо. Кхелаша "маьттаза лелар" бехк базбечу хьелашка яздо, зуламхо набахтин шерех мукъавоккху я лахдо таIзар", – дуьйцу "Правовая инициатива" (арахьарчу агентийн статусе яьккхина и юкъаралла Оьрсийчоьно – ред.) проектан юриста Саввина Татьянас.


"ЖамI ду бехкениг динчу зуламе хьажжина таIзарна бухавига пачхьалкх гIорасиз хилар, оцу хьелашкахь зударшна гIелонаш яр мегаш хилар ду", – билгалдоккху цо.


Зудчунна дуьхьал зуламдинарг кIезиг хан тухий я тоххане а ца тухуш вуьту. ГIуллакх гIарадаьлла леларо а ца бо хьоланна тIеIаткъам. Алиева Марем йиначунна, Умаева Мадина лечу кхачийначунна ца дина хIумма а, элира Саввинас.


"Правовой инициативо" шен рапортехь дуккха а гайтина зуда "сий лардеш"ерца пачхьалкхо бан безачу белхан кепаш, боху цо.


Тарзар лахара ду

Ала деза, наггахь низамо ма-бохху луьра а хуьлу "сий лардеш" динчу зуламашна таIзар. ХIинжа-ГIалара эскархо Махмудов СаIадулла юха ца вахана шах анна тIеман декъара аравалийтича, цIа а вахана, шен йиша урс хьакхна йийна цо. Аьлла, иза "ладугIуш яцара", едда дIаяханера цIера Хинжа-ГIала, маре ца яхархьама. Набахтин халчу хьелашкахь такха 9 шо хан туьйхира Махмудовна.




2015 шарахь Соьлжа-ГIаларчу Старопромыслан кIоштахь кхело шен 38 шо долу йоI Даурбекова Зарема ерна бехкевира Даурбеков Султан. Цо а, цуьнан адвокато а йоI маьттаза лелара бохура – кортали ца лелош, боршачу нахера совгIаташ схьаоьцуш, къаьркъа молуш.


"Даурбековс ца даьккхина йоьIан са, цо ца йийна иза. Иштта ала деза: цо дахарера дIаяьккхина иза, цуьнга шен да а, гергарнаш а юьхьIаьржа ца хIиттабайта. Иштта нийса хир ду", – дIахьедира кхелехь адвоката. 6-15 шерашна юкъахь хан йогIура Даурбековна, кхело цунна 7 шо кхайкхийра.


Кхин а цхьа масал Нохчийчуьра. 10 шо набахтехь такха делла йиша-кхиазхо ерна вахархочунна – ша вуьтуш вацара, йиша харцхьа лела бохуш: аьлла цо кхелехь.


Сийсазалла бахьанехь зударий байъинчарна йиттина хенаш ю 5-7 шераш. Цкъа бен ца дина таIзар зуламхочунна велла дIаваллалц набахти такха (йиша а, цуьнан жима ши бер а дерна). Кхечунна ца кхайкхийн кхело набахти, зулам дина хан геранара ю аьлла (Нохчийчохь стага шка цхьана веха зуда йийнера урс хьаькхна). Бехктакхам къастош кхело пайдаэцна Бехктакхаман кодексан 105 артикло лучу уггаре лахарчу хенах: листинчу 13 девнехь – 7 шаре кхаччалц набахти, кхаа девнехь – 8 шераш, шина девнехь – 10 шераш, цкъа – 9 шо. Иштта боху "Правовая инициативан" артикло.




 




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

В тренде на этой неделе

Спортивный журналист Роганов: «Зенит» набрал очки и стал чемпионом заслуженно

Живой культурный инстититут: какие фильмы покажут в рамках Международного фестиваля «Интермузей.БРИКС+»

Заключительные матчи сезона РПЛ: где и когда смотреть

Молодое лето. Долгосрочный прогноз погоды на июнь 2026 г.


Загрузка...
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Самара на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.