Добавить новость
Ноябрь 2011
Декабрь 2011
Январь 2012
Февраль 2012
Март 2012
Апрель 2012
Май 2012
Июнь 2012
Июль 2012
Август 2012
Сентябрь 2012
Октябрь 2012
Ноябрь 2012
Декабрь 2012
Январь 2013
Февраль 2013
Март 2013
Апрель 2013
Май 2013
Июнь 2013
Июль 2013
Август 2013
Сентябрь 2013
Октябрь 2013
Ноябрь 2013
Декабрь 2013
Январь 2014
Февраль 2014
Март 2014
Апрель 2014
Май 2014
Июнь 2014
Июль 2014
Август 2014
Сентябрь 2014
Октябрь 2014
Ноябрь 2014
Декабрь 2014
Январь 2015
Февраль 2015
Март 2015
Апрель 2015
Май 2015
Июнь 2015
Июль 2015
Август 2015 Сентябрь 2015 Октябрь 2015
Ноябрь 2015
Декабрь 2015 Январь 2016 Февраль 2016 Март 2016 Апрель 2016 Май 2016 Июнь 2016 Июль 2016 Август 2016
Сентябрь 2016
Октябрь 2016
Ноябрь 2016
Декабрь 2016
Январь 2017
Февраль 2017
Март 2017 Апрель 2017 Май 2017 Июнь 2017 Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018
Август 2018 Сентябрь 2018 Октябрь 2018
Ноябрь 2018
Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026 Май 2026 Июнь 2026 Июль 2026 Август 2026 Сентябрь 2026
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
15
16 17 18 19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30

Поиск города

Ничего не найдено

Бакъонаш йоцу зона. Муха дагалоьцур ю Кадыровн заманара Нохчийчоь

0 38
Нохчийчохь айдина даздеш дара мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан 45 шо кхачар. Оцу дийнахь схьайиллира йина яьхна дуккха а керла объекташ – йохк-эцаран центраш, маьждигаш, динан центраш. Кавказ.Реалиино дагалоьцу Кадыровн цIе коьрте хIоттош Нохчийчоьно яьхна гIулчаш.


ЦхьаьнадогIу Нохчийчоьнан коьрта шахьар йиллина а, мехкан куьйгалхо вина а денош. Бакъду, историно ца дузу ГIадужу-беттан 5-гIа де оьрсийн инарлас Ермолов Алексейс йиллинчу Грозная-гIопаца. ГIап йотта йолийна 1818-чу шеран Мангал-беттан 22-чохь, Грозный-гIалин статусе изя яьккхина, Теркан махка юкъа а лоцуш, 1869-чу шарахь.


Нохчаша Соьлжа-ГIала олуш йолчу шахьаран цIе 2005-чу шарахь республикан депутаташ хийца гIоьртира "Ахматкала" цIарца – 2004-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь вийна Кадыров Ахьмад вазвеш. Амма Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира ша дихкира иза дан.


Кадыров Рамзан Iедале веъначу 2007-чу шарахь Соьлжа-ГIалин мэрино сацам арахийцира ГIалин Де иза винчу дийнахь даздар къастош.


Пандеми яржале лаьттинчу шерашкахь даздаршка кхойкхура дуьненна бевза "седарчий". Хилира Соьлжа-ГIалахь, Кадыровга иза вазвен дешнаш а олуш, актриса Суонк Хилари, актераш Депардье Жирар а, Сигал Стивен а, ткъа Оьрсийчоьнан эстрадера "седарчий" ллаа махка цахеддаш.


Нохчийчоь КадыровгIарна мутIахь яр

ТIаьххьарчу шерашкахь хIайтараллица хуьйцуш ю Нохийчуьрчу яртийн, гIаланашкарчу, ярташкарчу урамийн цIераш. Би-Би-Си радионо бинчу талламца, КадыровгIеран доьзалхойн цIерш техкина Нохчийчохь 64 урамна. Уьш схьабевллачу юьртана герга мел кхочу а дукха ю и цIерш, цуьнца цхьаьна, мехкан Iедалера коьрта даржаш дерраш а санна дIалецна Кадыров Рамзанан гергарчу наха.


Дена, нанна, мехкан куьйгалхочунна шена лерина дIахьо махкахь конкурсаш, йоху эшарш, язйо байташ, книгаш, дохку суьрташ. Бакъоларъярхоша дуккхаза а йийцина Кадыров Рамзана шен ден цIе къоман коьрте хIоттош йоху гIулчаш: ерриг а республикехь кхозу Кадыров Ахьмадан суьрташ а, царна тIеяздина цо баьхна хуьлуьйту дешнаш а. ХIора даржхо дехаре ву балхахь хьовха, цIахь а КадыровгIеран суьрташ дIадетта, ткъа Нохчийчоьнан пачхьалкхан урхаллаш декхаре ю шаьш мехкан куьйгалхо къобалвеш социалан машанашкарчу посташна буха язйинчу комментарех, хIиттийначу лайкех лаьцна дIахаийта.


Кадыров Рамзанан ден цIе йоккхучунна тIехь ду оцу цIарца "хьалхара президент" дешнаш доза а, Деле цунна гечдар деха а. Нохчийчуьра бахархой теша декхаре бу Кадыров-воккхахниг дерриг а дуьненна везаш а ву, иза гоьваьлла Iеламча а ву бохучух.


Бакъоларъярхоша дечу тоьшаллица, КадыровгIеран йозаллина тIехьа лаьтта ницкъ – мехкан куьйгалхочун шен куьйга кIел бу "нефтяной полк" олу бIо а, экстремизмна дуьхьало латтош йолу Росгвардин лерринчу ницкъийн дакъа а. Оьрсийчоьнан кхечу регионийн куьйгалхойн доцу эскар ду Кадыровн долахь.


Бакъоларъярхошца тIом

Кадыров Iедалехь Iачу юкъанна тIаьхьий-хьалхий махкахъяьхна массо а евзаш йолу бакъоларъяран цхьаьнакхетараллаш, ткъа бухара бакъоларъяхой, маршо лоьху нах, шайца Iедал муха ду а кхетта, я дIабахна, я меттигерчу системех дIаийна.


· Бакъоларъярхойн дахар кхерамна кIел дуй хоуьйтуш йийра "Мемориалан" (арахьарчу агентийн статусе язйина "Мемориал", амма иза реза яц цуьнца – ред. билгалдаккхар) Нохчийчьурчу декъан куьйгалхо Эстемирова Наталья 2009 шеран Мангал-беттан 15-чу дийнахь.


· 2014 шеран ГIуран-баттахь ягийра Соьлжа-ГIалара бакъоларъяран "Iазапна дуьхьалолатторан комитетан" офис – тIемалойн хIусамаш ягор а, церан гергарнаш махкара аратийсар а толлура оцу юкъаралло.


· 2015 шеран Дечкен-баттахь Гуьмсерчу "Мемориалан" офисна чулилхира туьтмIаьжгаш йоьхна нах, хIоаш диттира цара бухарчу белхахошна.


· 2016 шеран Зазадоккху-баттахь тIелетира "Iазапна дуьхьалолатторан комитетан" куьйгалхочунна Каляпин Игорна "Грозный-Сити" отель хьалха.


· Оццу шарахь лецира, набахте кхачийра "Кавказский узел" газетан журналист Гериев Жалавди.


· 2018 шеран Дечкен-баттахь лецира, набахте хьажийра 60 шо кхаьчна бакъоларъярхо, "Мемориалан" Соьлжа-ГIаларчу офисан куьйгалхо Титиев Аюб.


· 2020 шарахь Нохчийчохь тIелетира "Новая газетин" журналистна Милашина Еленина а, цуьнца нисъеллачу адвокатна Добровина Маринина а.


Ца хеддаш меттигерчу хаамийн гIирсашкахула, телеканалашкахула бакъоларъярхой емалбарца мохк мукъабаьккхира царех.


Нах байъар, Iазап латтор

Бакъоларъярхойх мохк цIан а беш, долийра Нохчийчохь кхел а йоцуш нах байъар – къайлаха духьало латтош болу тIемалой а, цаьргахьа берш а бу боху хIаллакбинарш.


Журналиста Милашина Еленас 2017 шарахь зорбане даьккхира Нохчийчохь, йина кхел а йоцуш, байъинчу иттаннийн нехан тептар. 27 цIерш яра яьхнарш, уьш байъина Соьлжа-ГIаларчу цхьана ницкъахойн базехь, къайлаха дIабоьхкина махкарчу цхьацца кешнашка, керста кешнашка а тIехь, бохура "Новая газето". Милашинас ша бинчу талламца дийцарехь байъинчийн терахь ду 56.




ТIаьхьо прессехула гIараелира Соьлжа-ГIаларчу Лермонтов цIарахчу драмтеатран актеран Дебишева Тимуран истори. 2018 шеран ГIуран-баттахь цо гIодийхира "Iазапна дуьхьалолатторан комитете", шена йиттина бохура Соьлжа-ГIаларчу полицехь – цуьнан телефонан ноьмар хааелла хиллера наркотикаш йохкарна бехкеечу цхьана йоьIан телефон чохь. Дебишевс тоьшалла дарехь, цунна ток йиттина полисхоша, корта пенах биттина, са ца доIуьйтуш хьийзийна, цхьа полисхо ги а хаийна, хехкийтина, наркотикаш лелочийн цIерш йийца бохуш.


2018 шеран Гуран-баттахь Австрерчу эксперта, дуьненаюкъарчу бакъонийн профессора Бендек Вольфганг хаам хьажийра Европан Кхеташонан кхерамзаллин организаце (ОБСЕ) Нохчийчохь адамийн бакъонашца лаьтта хьал довзуьйтуш. Цо тIечIагIдира махкахь низамца догIуш а доцчу кепехь дукха нах цахеддаш лоьцуш хилар.


2019 шеран Зазадоккху-баттахь Европерчу Iазап юхадаккхаран комитето бехкейира Оьрсийчоь Нохчийчуьра а, Къилбаседа Кавказерчу кхечу регионашкара а хьал зен ша юьтуш яцарна.


"Петухеш" яц махкахь, ур-атталла и дош а дац лелаш"

Политикера шен мостагIий хIаллакбина даьлча, Нохчийчуьра Iедал дуьйлира ЛГБТ бу боху нах хIаллакбан. Оцу хьокъехь информаци а гулйинера ОБСЕ-на Австрерчу эксперта Бендека. Цо Нохчийчуьрчу гей-наханна дуьхьал ю, бохура, республикан а, федералан Iедалийн позици. Бендека чIагIдарехь, оцу наханна гIелоеш хьалхаваьлла лела ша Кадыров Рамзан а, парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад а.


2021 шеран Охан-беттан 21-чохь дуьнентIерачу 29 пачхьалкхо шайн арахьарчу политикан урхаллийн сайташкахула бохура, талла деза Нохчийчохь ЛГБТ-нах хьийзош хилар. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Инарла Ассамблеяхь оцу хьокъехь къамел дира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена. Цо бохура: "Вай массо а хIитта деза ЛГБТ-нехан бакъонана тIе, уьш маьрша бахийта а, кхерамзаллехь хилийта а".




Жоп луш, Кадыровс республике кхайкхира Американ президент, цунна гур ду, бохура, махкахь "петухеш йоцийла" («петух» - оьрсийн сленгехь гей – ред.).


ЛГБТ муха го Нохчийчуьрчу Iедалхошна хаийтира вице-премьера Умаров Жамболата. Махкахь ге-нах гIелонехь латтабо бохург "беккъа дIа аьшпаш бу", элира цо. "Я ламасташца а, я кхечу кепара – идеологица, физиологица тIеюьтуш яц гомосексуализм, и тайпа хIума дац тахана Нохчийн Республикехь", – бохура даржхочо.


Сексуалан башхаллица доьзна Нохчийчохь наханна гIелоярх лаьцна дуьххьара хаам баржийнарг вара Соьлжа-ГIалара Джабраилов Амин а, Омск-махкара Лупанов Максим а. Ший а жимстаг лаьцна, тайп-тайпанчу набахтешкахь, ток етташ, кхиболу ЛГБТ-нах бийца, бохуш, кхаьбнера.


ТIаьхьо гучуделира Нохчийчохь ЛГБТ-ах хиларна борша нах лецна ца Iаш, зударий а буйла лоьцуш. Шех лаьцна дийцира шена цIахь йиттинчул тIаьхьа, махкара еддачу, ницкъаша бисексуалан "лазарх тоеш" хьийзийначу Лорсанова Амината. 2021 шарахь лачкъийра Тарамова Хьалимат, цо цул хьалха дийцира, шена доьзалехь етта, кхерамаш туьйсу, аьлла.


Кадыровн критикаш хIаллакбар

Оьрсийчоьнал арахьа дуьххьарчех вийра Гергарчу Малхбалехь Нохчийчоьнан Ичкерин президентан когаметта лаьттина волу Яндарбиев Зеламха – Катарехь 2004 шеран Чилланбеттан 13-чохь.


Европехь а, Азехь а нохчийн политикаш, юкъархой баъйар жигарделира Нохчийчоьнан куьйгалле Кадыров Рамзан хIотторца.



2009 шеран Дечкен-беттан 13-чохь Вена шахьарна юккъехь герз тоьхна вийра 26 шо долу Исраилов Iумар.
2017 шеран Гезгмашин-баттахь Киевна юккъехь вийра Гуьржийчура нохчо Махаури Тимур.
2017 шеран ГIадужу-беттан 30-чохь Киевехь тоьпаш туьйхира Окуева Аминина.



2019 шеран Марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинехь вийра Хангошвили Зеламха.
2020 шеран Дечкен-баттахь Францехь урс хьаькхна вийра блогер Алиев Iимран (Мансур Старый).



Вена гIалина гергахь 2020 шеран Товбецан-баттахь герз тоьхна вийра Умаров Мамихан (Венера Анзор).


Байъина Кадыровн оппоненташ Туркойчохь а: 2008 шарахь - Эдильсултанов Хьаьжи а, Джанибеков Ислам а, 2009 шарахь - Асаев Iела (Муса), 2011 шарахь - Мусаев Берг-Хьажа, Альтемиров Рустам, Амриев Зоврбек, 2013 шеран Стигалкъекъа-баттахь Онлу Медет, 2015 шеран Лахьан-баттахь Эдильгериев IабдулвахIид, 2016 шарахь - Исрапилов Руслан.


Ша Нохчийчохь кест-кеста хIаллакбора нах, тIемалой бу олий, амма тоьшалла ца карадора уьш дуьхьалонан могIаршкахь хилла ала, цундела иза даима шеконехь лаьттина бакъоларъярхойн а, гергарчийн адвокатийн а. Кадыров Iедале варца дуьйладелира тIемалой лоручу нехан доьзалш махкахбахар, церан хIусамаш ягор.


2021 шеран гурахь Кадыровс тIедожийра шен гонерчу накъосташна Малхбузехь беха, Ичкерин Iедалехь Iийна политикаш, мехкан маршонехьа лаьттина жигархой емалбар. НеIалташ хьежочу юкъанна, махка лата кхойкхура цаьрга, я олура, "шайн кIентий бахкийта" Соьлжа-ГIала терроран тохарш дан.


"Гражданское содействие" цхьаьнакхетараллин, "Миграци а, бакъо а" боламан куьйгалхочо, "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочо Ганнушкина Светланас чIагIдо: Оьрсийчоьнан низамаш дац болх беш Кадыровн Нохчийчохь. Иза хуьлийла а дацара, боху цо, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна харцонаш лелор магийнарг Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир ца хилча.




 




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

В тренде на этой неделе

Военный автоинспектор из Кузбасса принял участие в окружном учебно-методическом сборе Росгвардии

Герой или преступник: как судят пилота, посадившего самолет в поле

Почта России признала водителя из Омска одним из лучших в стране

В Челябинске открылся фестиваль кукольных спектаклей для взрослых


Загрузка...
Rss.plus
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Омск на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.