Добавить новость
Сентябрь 2018
Октябрь 2018
Ноябрь 2018
Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026 Май 2026
1
2
3
4 5 6 7 8 9 10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

ГIалгIайчоьнан Несарарчу гIаттамхойн баьчча лоручу Орцхановн гIуллакх листина даьлла

0 139
Къилбаседа Кавказан Федералан гонашкарчу Талламан комитетан коьртачу урхалло листина даьлла "Имарат Кавказа" организацин Наьсарарчу секторан эмирна Орцханов Тимурна (Малик) дуьхьал долийна хилла бехктакхаман гIуллакх. Оьрсийчоьнан Iедалхой лечкъаш хилла иза, стохка Германино дIавеллера. Цунна бехкаш дехкина къизаллица а, шогаллица  а зуламаш лелорна: экстремистийн юкъараллехь латтар, талорхошца хилар, ницкъаллийн структурийн белхахошна а, эскархошна а тIелетарш дар, полисхошна кIелонаш ян Iамор, бахам хаа а хууш хIаллакбар, бакъо йоцуш герзаш лелор, иштта лоьлхуьйтурш шен куьйга кечъяр а.


Талламчийн версица, Умаров Доккас а, Тазиев Iелас а буьйралла дечу йоккхачу тобана юкъа догIучу гаранех дIакхетта хилла иза 2006-чу шарахь аьхка. 2010-чу шеран ГIадужу-баттера схьа дуьйна 2012-чу шеран гуьйрене кхаччалц ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа-ХIирийчоьнан а дозанаш тIехь Орцхановс а, цуьнан накъосташа а вийна ГIалгIайчоьнан орцан министраллан белхахо, тIелетарш дина оцу шина а махкахь чоьхьарчу гIуллакхийн министарллан полисхошна, иштта, гIалгIайн  Гӏажарий-Юьртахь Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан эскархойн коврана а. ХIетахь ялх бIаьхо вийра, кхин а ялханна чевнаш йира. Талламчашна хетарехь, Орцханов юкъахь волчу тобан Iалашо хилла тIейогIучу хенахь а Къилбаседа-ХIирийчохь а, ГIалгIайчохь а куп тоьхначу эскаршна тIелета.


"2012-чу шарахь дуьйна Орцханов Тимур шен доьзалца хьулвелла хилла юьхьанца Бельгехь, цул тIаьхьа Германехь а. 2019-чу шеран Зазадокху-беттан 14-чохь Германино Оьрсийчу депортаци йира ГIалгIайчоьнан вахархочунна а, цуьнан кхаа берана а. Къайлахчу сервисийн белхахоша Москвахь дIалецира иза", -аьлла, дийцина Кавказ.Реалиига полицин деккъехь.


Орцхановн хьокъехь толлучу гIуллакхна тIехула зенаш хилла ву аьлла, билгалваьлла 33 ницкъахо, эскархо, церан герагара нах а. ГIуллакх толлучу юкъанна лаца кхайкхийна ву кхин а 8 стаг.


Цул совнах, цу кепарчу зуламашна бехкевина, 2011-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц таIзарш а дина, набахтешкахь хенаш токхуш ву оцу юкъараллан 20 декъашхо. Бехктакхаман гIуллакх дIакъевлина 12-нна дуьхьал, уьш кхалхарца доьзна. Карарчу хенахь, жоьпалле ийзош ву Тазиев Iела а (Магас), Добриев Iела а.


Ша лаьцначул тIаьхьа Орцханов Тимура мукIарло дина Добриев Iелина, иза гIаттамхойн декъехь хилча санна. Стохка Магасехь митингехь полисхошца тийсадаларш хиллачул тIаьхьа ГIалгIайчоьнан ницкъахоша лецира Добриев.


Германехь йиссинчу Орцхановн хIусамнанас лаьцначу адвокато Цороев Виситас латкъамбира стохка Охан-баттахь, БуьритIерчу талламан изоляторехь латточу Орцхановна тIе ца вуьту ша аьлла. Ткъа талламчаша дIахьедира, адвокатна дуьхьало а йина, гIуллакх толлуш шайна гIо деш ву иза аьлла.




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

В тренде на этой неделе

Во Внуково, Домодедово и Жуковском введены временные ограничения на полеты

Росавиация: во Внуково ввели временные ограничения на прием и выпуск самолетов


Загрузка...
Rss.plus
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Магас на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.