Добавить новость
Декабрь 2016
Январь 2017
Февраль 2017
Март 2017
Апрель 2017
Май 2017
Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018
Август 2018
Сентябрь 2018 Октябрь 2018
Ноябрь 2018
Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026
1 2 3 4 5 6 7
8
9 10 11 12 13 14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30

Поиск города

Ничего не найдено

Мехкан дена новкъарло йо кхайкхаза баьхкинчу хьешаша

0 60
Идрисова Барият

Стенна йоьжна Дагестанан куьйгалхочун рейтинг?


Дагестанан куьйгалхо Васильев Владимир Оьрсийчоьнан регионийн лидершлахь уггаре ледарчу иттаннах ву – иштта боху президенте Путин Владимире статисташа (РБК-но) кховдинчу рейтинго.


Бинчу талламо гайтарехь, уггаре сиха рейтинг йоьжначу итт губернаторх ялхалгIаниг ву Васильев.


Даржера дIаваккха веза аьлла уггаре дукха наха цунна а, ишта ГIалгIайчоьнан куьйгалхочунна Евкуровна Юнус-Бекна а – нахана цавезачу итт куьйгалхочун могIарахь гойту рейтинго и ши хьаькам.


Мелхо а, массарел а дукха наха, "хийца хьашт дац, мегаш ву" аьллачийн декъахь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.


Ша аьлча, стенна йоьжна Дагестанан куьйгалхочун рейтинг оццул сиха боху хаттар "Кавказ.Реалиино" делира эксперташка.


ГIезалойчуьра кхайкхаза хьеший


Васильевн рейтинг талхориг хила мега цо шегара даларе ерриг а Дагестано сатийсина хьуьнар далийтина цахилар, керла проблемаш гучуйовлар, аьлла хета политологна, хьалхалерчу куьйгалхочун Абдулатипов Рамазанан хьехамча лаьттинчу Халидов Денгана.


Цунна гарехь, цхьацца кег-мерсаниг доцург, тоделла хIума дац махкахь – ткъа наха чIогIа сатийсира Васильевс хьал тодаре. Бахархошна уггаре цатайнарг ду Iедало шега стохка Оьрсийчоьнан бюджетера Дагестанна даийтина 10 миллард сом гIуллакхашка цадерзор – ахчан цхьа дакъа Москох юхахьажо дийзира.







"Бехкеван стаг карийра – финансашна тIехьожуш волу вице-премьер. Мухха а делахь а, иза мехкан куьйгалхочун бехк бу. Хьал зийча, суна хетарехь, ледарлонаш дуккха а карор ю. Социалан-экономикан таронаш Васильевс совйохур ю моьттура наханна. Ткъа уьш-м ю, Къилбаседа Кавказан регионашца юстича, уггаре ледарнаш. Кхиаман стратеги яц къастийна, меттигерчу говзанчех оьцуш бац тоъал пайда. Ледара кхочушйо федералан программаш, бизнес ю лекъаш. Цу тIе, ГIезалойчуьра совдегарш а баьржина Дагестанехь дукха, ца теша нах, уьш шайн дуьхьа кхаьчна кхуза бохучух", - элира Халидовс.


Делахь а цхьа дика даьлла Васильевгара – пачхьалкханна ял гулъяр лакхадаьлла, боху эксперто. Амма билгалбоху цо махкарчу совдегаршна хуьлу цатемаш. "Кхузахь социологин зераш дIадахьа деза – мел дукха нах дIабахана бизнесера, шайгара йоккхучу йолан барамаш а ца лайна. Шайна цхьа болх нисьархьама нахера юхалург ахчанаш доху дукхахболучара. Цхьаъ ду банкеташ хIитточаьргара, мехкдаьтта духкучаьргара лаккхара ял ехар - иза оха къобалдо, кхин ду, когахIоьттина а валале, стаг йолаца охьатаIор", аьлла го Дагестанера сурт Халидов Денгана.


Къамел дерзош йовзийтира цо кхин ши проблема а: реза бац нах Васильевна цо кхушара дуьйна доларчу клиникашна финансаш ялар сацорна а, ХIинжа-ГIалахь шайн машенашца нах дIасалелочийн бизнес кегаре яккхарна а.


Шира некъаш


Дагестанан куьйгалхочун рейтинг йожар юристо Кадиев Расула дузу экономикехь, меттигерчу говзанчашна некъ баккха лелош йолу политика халкъанна товш яцарца, хьаькамаш "арара чубалош хилар" наха емалдеш хиларца.  







Цунна хетарехь, махка керла Iедалхой бахкийтича а лела ца яьлла нийсо. "Белхаш, даржаш доькъу аьлла "Сан Дагестан" цIе йолу къовсаман барам хIоттийра – иза театрехь гойту концерт санна барам бара. Даржаш доькъучу бахкинчу дагестанхойх 11 эзар дIавахара къовсамера эшна, и нах реза бац тахана. Цара шайн резабацар даржадо гергарчу нахехула – иштта 100 эар резавоцург хуьлий хьуна.


Мэраш, кIоштийн куьйгалхой хIиттош дIабаьхьина болх а яра моттаргIа. Хунзах, Избербаш протесташка евлира. Театрехь санна дара ХIинжа-ГIалин мэран гIант "кхоже диллар а", толамхо мила ву хьалххе хууш а долуш. Ца хийцаелла хьалхалера харц система. Экономика хьалха махкарчу тукхумашна тешош хиллехь, хIинца ГIезалойчуьрчу нахаца йийца еза, цаьрга къобалъяйта еза белхан Iалашонаш, проекташ", - дуьйцу Кадиевс.


Цо бахарехь, Васильевн сий ай ца до цхьацца даржаш доькъуш нислучу хIуманаша, масала, ХIинжа-ГIалин мэран даржера лаьцна дIавигинчу Амиров СаьIидан уллерчу гергарчех ву Оьрсийчоьнан президентан гоне Дагестанан векал хьажийна Гасанов Джамаладин.


Хаарш дац


Васильевн некъ тера бу юхьанца, хьалхарчу шарахь, 70%, амма рогIерчу шарахь 13% халкъалахь рейтинг латтийначу Абдулатиповнчух, билгалдаьккхира политолого, ННТ телеканалан редакторо Курбанов Ханжана.







Шена гонах белхахойн тоба гул ца ялаелла Васильевга – Iедале кхаьчна цул хьалхарчу куьйгалхошца болхбина "бесаза" нах, элира Курбановс. Цунна хетарехь, "Васильевна, ша дика милцо бен вацаре терра, ца хаьа экономикан Iалашонаш, некъаш къасто, стратеги кхолла, бахамах долу хаарш дац цуьнан. Дагестанхошна го цо дерриг а Казанерчу нехан аутсоринге [аутосоринг - бизнес, урхалла кхечу компанин карадалар – ред.] доккхуш. Иза иштта дуйла гойту хьесапаш а ду махкахь. Здунов Артем премьер-министр хIотторо вон гойту Васильев. Шена бевзаш боцу болх юьхьарлацарна, деккъа дIа цIарна инвест-проекташ (ангалин тIай, ХIинжа-ГIала гайта бина хIоз-атракцион) юкъаяхарна кхаьрда цунах эксперташ, бахархой. "Цахаарийн рейтинг" лакхайолуш ю, охьаюжучу метта. Республикан проблемаш евзаш а боцу нах аьхна шена гонах Васильевс".


Курбановна гарехь, Васильевн а, цуьнан накъостийн а сий дожадо нохчашца долчу дозанийн темано а - цара дагестанхошна гайтина, лулахошна муьлхха а латта дасадаларх васильевхошна бен-башха доцийла.


Эксперто бахарехь, Васильевн рейтинг охьайоккху цунна гонахарчу информаторийн тобано. Изза дара Абдулатиповца а, боху Курбановс. "Васильев ша дош ала говза вац, ткъа шайн лерса делош волу хьакам дукхавезачу къаьмнех бу дагестанхой. Шайца лараме а волуш, бегаш бан хуушверг тов царна".




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

В тренде на этой неделе

Крупный туроператор анонсировал летние пакетные туры с перелетом по России: от Сочи до Байкала

Дебютанта Второй лиги-Б из Дагестана крупно обыграл ФК «Севастополь»

Море лучше Черного: вот куда едут "свои" в 2026 - пляж как на Бали, кормят от пуза, а цены в 2 раза ниже

Море лучше Черного: куда едут свои в 2026 — здесь пляж не хуже чем в Таиланде, отлично кормят, а цены в 2 раза ниже

Новости Дагестана



Глава Дагестана Сергей Меликов

Частные объявления в Избербаше



Загрузка...
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Избербаш на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.