Добавить новость
Февраль 2011
Март 2011
Апрель 2011
Май 2011
Июнь 2011
Июль 2011
Август 2011
Сентябрь 2011
Октябрь 2011
Ноябрь 2011
Декабрь 2011
Январь 2012
Февраль 2012
Март 2012
Апрель 2012
Май 2012
Июнь 2012
Июль 2012
Август 2012
Сентябрь 2012
Октябрь 2012
Ноябрь 2012
Декабрь 2012
Январь 2013
Февраль 2013
Март 2013
Апрель 2013
Май 2013
Июнь 2013
Июль 2013
Август 2013
Сентябрь 2013
Октябрь 2013
Ноябрь 2013
Декабрь 2013
Январь 2014
Февраль 2014
Март 2014
Апрель 2014
Май 2014
Июнь 2014
Июль 2014
Август 2014
Сентябрь 2014
Октябрь 2014
Ноябрь 2014
Декабрь 2014
Январь 2015
Февраль 2015 Март 2015 Апрель 2015 Май 2015 Июнь 2015 Июль 2015
Август 2015
Сентябрь 2015 Октябрь 2015 Ноябрь 2015 Декабрь 2015 Январь 2016 Февраль 2016 Март 2016 Апрель 2016 Май 2016 Июнь 2016 Июль 2016 Август 2016 Сентябрь 2016 Октябрь 2016 Ноябрь 2016 Декабрь 2016
Январь 2017
Февраль 2017
Март 2017
Апрель 2017
Май 2017 Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018
Август 2018 Сентябрь 2018 Октябрь 2018 Ноябрь 2018 Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026 Май 2026
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

Террорхой я бехке боцурш? ПIаьнгазарчу нохчашна тIехь кхел йийр ю Гуьржийчохь

0 60
Карарчу ГIадужу-баттахь кхел йолор ю ПIаьнгазарчу пхеа нохчочунна тIехь, Гуьржийчоьнан талламо уьш бехкебо терроран тобанахь латтарна. Амма бехктакхаман гIуллакх толлуш ду ала информаци яц лецначийн гергарчаьргахь а, я бакъонашларъярхошкахь а. Уьш кхоьру бехк Iедалхоша шаьш тIекхоьллина хиларх.


Марсхьокху-беттан 24-чу дийнахь Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин урхаллерчу бIаьхоша лецира Дуиси, Корети ярташкара бахархой Мачаликашвили Мохьмад, Кавтарашвили Рамаз, Багакашвили Хьамза, Цатиашвили Юсуф, Маргошвили Рамаз. 18-20 шераш ду церан. Телефонаш а, компьютераш а дIаяьхна цаьргара. Герзаш хилла дац церан.


Етт а боьхкина адвокат лаца

"Гуттар а къечу доьзалшкара ду и бераш, де доцуш нах бу цIеранаш. Цхьаьннан доьзалехь, масала, ялх йиша-ваша ду, болх беш и цхьаъ бен а воцуш, алапа а ду цуьнан лахара. Дешна бац лецнарш, тоъал ца бийцало гуьржийн мотт а – кIистоша (ПIаьнгазара бахархой – ред.) цIахь нохчийн мотт буьйцу, амма школехь Iамабо гуьржийниг. Цигарчу наханна гуьржийн мотт шайниг санна бу, дукхахберш дахарх иэбелла беха. Амма оцу берашна ледара хаьа пачхьалкхан мотт – уьш школехь вуно ледара дешна бу". Иштта бовзуьйтира и кегий нах Кавказ.Реалиина "Юккъеречу Азин институтан а, стартегин центран" а эксперта Баранец Томаша.


Баранеца тоьшалла дарца, маьждиге лелла кегий нах, динан гIуллакх дезаш бу.


"Амма церан доьзалш бац салафийаш. Церан наной гуьржийн зударий санна лела –месаш ца лечкъайо, лаг ца къовлу, корталеш леладо – хьиджабаш яц уьш", – билгалдоккху эксперта.


Цунна хетарехь, оцу наханна дуьхьал баьхна бехкаш бух боцуш хила тарло.


 




"ХIоьттинчу суьрто цецбаьхна кIистой. Цхьаъ делахь, и леррина операци харжамаш хуьлучу деношкахь дIаяьхьна. Дуьххьара дац харжамаш тIекхочуш Iедало бахархойн тидам шегахьа узуш, ша гуьржий Iалашбеш къахьоьгу алийтархьама. Ткъа кIистоша-м ца дина Гуьржийчохь терроран тохар я кхечу кепара тIелатар цкъа а", - дуьйцу Баранец Томаша.


Наха хоьтту, боху эксперта: Шемахь тIом боцу шераш девлла хилча, муха тида деза цига тIаме кегийрхой ийзош хьийза нах бу Iедало тахана а бахар?


"Шема воьдуш стагга а вац. ДАIИШ эшийна масех шо хьалха, цундела ца кхета кIистой, стенна ца юьту Iедалхоша, нах лоьцуш, йижа и ирча вариант. Меттигера бахархой тешна бу иза гуьржийн къайлахчу сервисийн провокаци хиларх. ДуьнентIехь континенташ мел ю а хууш боцу, дешарна тIаьхьабисина бехачу кегийрхошна дуьхьал атта ду харцо лело. Берашка цхьаъ алийтина Iедалан ницкъаша, тIаккха леррина операци дIаяьхьна, аьлла хета кIистошна", – дуьйцу Баранеца.


Цо билгалдоккху, ша эксперт бен вацар, вац ша, боху, талламча, ша Паьнказарчу нахе ладоьгIна, Iедало и саннарг хьалха а лелийна, цундела бац цунах тешам, билгалдаьккхира Iилманчас.


"ХIара дуьххьара дац. 2017 шарахь иштта операци дIа а яьхьна, цхьа а бахьана а доцуш вийра цара Мачаликашвили Темирлан а, тешна бу нах. КIистоша дегабаам бо гуьржийн Iедална. 200 шо хьалха гуьржаша кхайкхина баьхкина оцу чIожа нохчий, гуьржашна талораш дечу ламанхойх уьш Iалашбан. КIистоша кхочушдина гуьржийн дехар, боьлла шайн махках, тIера бу гуьржашна. пачхьалкх кхерамна кIел ю алархьама, шайца тIеман мотт бийцархьама кхобуш ду шаьш Iедало, аьлла хета царна. Гуьржашца гергарлонаш лелахь а, и тайпа вас латтайо нехан дегнаш чохь Iедало", – тешна ву Баранец.


Оцу вон хиламаша ваьккхина вийначу Мачаликашвили Темирланан да, Малхаз, харжамашкахула депутат вала гIоьртачу новкъа, цунна ца лаьа Iедале кIистошца "тIеман маттахь къамелаш дайта, церан бан ма-боггIу, цара 200 шарахь беъначу пайдане хьаьжжина ларам бойла лаьа цунна", экспертна гарехь.


Лецначу кегий наханна адвокаташ лецарца йолу проблема кхочушйина цIерачу доьзалша – масех етт дIабохка дезна уьш лоцуш, дуьйцу Баранеца.


"Чай мала охьахевшича а тарло лаца"

Гуржийчохь могIара хIума ду террор бахьанехь, цул а деза-даккхий зуламаш бахьанехь айдинчу девнашкахь адокаташ муьлш бу цахаийтар, ур-атталла кхело бина сацам цабовзийтар, боху журналиста Мчедлишвили Звиада.


Цуьнан даггара ву кхин цхьа эксперт а. Масала, Гуьржийчуьрчу стратегин, дуьненаюкъарчу талламийн фондан куьйгалхочо Кавахадзе Александра тидам тIеберзабо и тайпа девнаш, тIе "Къайле" олу мухIар а тухий, халкъах хьулдеш хиларна.




Тхан кхузахь иштаниг дуьххьара дара, кхин ца хилла а хила тарло Советан Iедал доьхчхьана схьа йолчу заманахь


"Уьш наханна довзуьйтуш дац, цундела официалехь карош хIума а ца хуьлу церан хьокъехь, ца хаьа, муха йоьду кхел, хаанза дуьсу таллам мича кхаьчна а", – боху эксперта.


Делахь а Мчедлишвили тешаш вац бехктакхаман гIуллакх дерриг а доцчу бахьанех вовшахтоьхна бохучух.


"Суна ца хета гIуллакх нехан тидам кхечу хорша берзорхьама айдина аьлла, я иза харжамаш хилале Iедало беъна пайда гойтуш вовшахтоьхна аьлла. Хила тарлуш дерг: цхьамма оцу берийн цIерш яьхна, я цхьамма царна тIе доцург кхоьллина. Терроризм Гуьржийчохь, мухха а дийцича а, коьрта тема яц, массарел а лазаме яц. Цхьадика хилла дац кIоршаме терроран тохарш, бахьана дац царех кхера", – аьлла хета Мчедлишвилина. Цунна гарехь, Iедалхошна ца моьттина шаьш кIистой лецар гIарадер ду аьлла.


"Чатаев вийча хилларг – иза кхин дара. Амма Чатаев масарна а вевзара. Иза вуьйш йина леррина операци нах бехачу тIекIелдинчу цIа чохь йира. И саннарг – нах бехачу цIенош чохь тIемаш бар – Дагестан йоьлла хIума делахь а, кхузахь нах цецбохуш, Iадош хIума ду. Тхан кхузахь иштаниг дуьххьара дара, кхин ца хилла а хила тарло Советан Iедал доьхчхьана схьа йолчу заманахь. Кхин цхьа хилам а белира гIара, Чатаевн гIуллакхца доьзна Мачаликашвили вийра. Иза, сан кхетамехь, ницкъхой галбовлар дара. Цо телефон схьаэца куьг дIакховдийнера, боху, ткъа вукхарна иза граната я кхин герз ду моьттина. Цул тIаьхьа ницкъхой шайгара даьлларг хьулдан гIиртира, гIалат дIанисдан. Наха дийцарехь, бехк а боцуш вийна иза, ларамза. Цуьнан хилла хила мега Чатаевца хьийзинчийн гергарло, амма оцу гергарлонна буха милла а вигалур ву. Милла а бехке валур ву, зуламхочуьнца чай мала охьахевшича а тарло лаца. И нах муьлш хилла, кхуза стенна баьхкина Мачаликашвилина ца хиина хила а мега", - боху гуьржийн журналиста.


Чекхдаьллий Шемица дерг?

Квахадзе Александра шена, кхечу наханчул башха, девзаш дац, боху, берашна дуьхьал гIаттийна гIуллакх, цундела ца алало цуьнга, стенна, мел бехке бу лецнарш.


"Амма вайна хаьа, Iедало аудиокъамелаш даржийна, кегийрхоша дечу хабаршкахь хеза ДАIИШ къобалъеш а, шаьш дан леринарг цара дуьйцуш а. "Терроризм" олу бехктакхаман гIуллакх айдан тоаме ду иза, боху эксперта.


Мчедлишвилис бакъдо кIистой гуьржийн дахарх массарел а чIогIа йоьлла диаспора хилар. Цо бахарехь, Паьнказахь массарна а дика хаьа гуьржийн мотт, фамилеш ю гуьржийн кепехь, гуьржех уьш къасталург дин бен дац.




"КIистойнний, гуьржийнний юкъаметтигаш шелйинарг Шемин тема яра. Амма и шело уггаре хьалха хаалора паьнгазхошлахь – салафийашний, ламастехь бусалба дин лелочарний юкъахь. Къийсамаш лаьттара Шема я Иракъе цхьаъ дIавахча. Стаг царна тIаьхьаваха воьлча, наха къаношка я полицига орца доьхура. Шаьшлахь баккхий къестамаш хилла кIистойн оцу хьокъехь. Ткъа кху шина шера чохь ДАIИШ хьехор а дицделла хилча, тема а ца оьшура гIитто", - аьлла хета Мчедлишвилина.


Билггал мел дукха бу Шема тIаме бахана кIистой, журналистанна ца хаьа, дац и терахь официало даржийна а. Тайп-тайпана олу терахь. Паьнказара хьовха, ерриг а Гуьржийчуьра цига ваханарг ву бохура 50 стаг. Официалехь боцчу хаамашца – 200.


"Суна хетарехь, 200-250 стаг хир ву. Кхин сов хуьлийла дац, Гуьржийн махкара беллачух долу кехаташ ган йиш ю, лагерашкахь царех бисина зударий а хаьа мел бу", – боху Мчедлишвилис.


Баранец Томаша дийцарехь, дукха бац Гуьржийчоьно терроран бехкашца жоьпе ийзийна нах.


"Суна дагадогIуш, тIаьххьара дара Тимерлан вийча и тема хьаяр. Амма Паьнказахь леррина операци дIаяхьаза дукха хан ю. Цундела хета паьнказхошна бераш лецар Iедало леррина дина зен ду. Делахь а, ца ала йиш яц, гуьржийн ницкъаша шайн болх бо, дукха хьолехь дика а бо иза", – боху Баранеца.


Пхи жима стаг лоццушехь гуламашка елира Паьнказа. Гергарчара а, юьртахоша а тоьшалла до уьш бехкебацарх. Ши бутт бу чIожахь протестан акцеш хIиттаза.


Кавказ.Реалиино хеттарш дахьийтира Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин урхалле, дийхира кхел маца йолало хаийтар а, кегийрхошкара даьлларг довзийтар а, амма хIара материал арайолучу ханна жоп кхаьчна дац.




 




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

В тренде на этой неделе

Спортивный журналист Роганов: «Зенит» набрал очки и стал чемпионом заслуженно

"Спартак" сыграл вничью с "Динамо" в матче финального тура РПЛ

Заключительные матчи сезона РПЛ: где и когда смотреть

В Дагестане росгвардейцы обеспечили безопасность футбольного матча Российской премьер-лиги

Новости Дагестана



Глава Дагестана Сергей Меликов

Частные объявления в Дагестане



Загрузка...
Rss.plus
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Махачкала на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.