Добавить новость
Апрель 2014
Май 2014
Июнь 2014
Июль 2014
Август 2014
Сентябрь 2014
Октябрь 2014
Ноябрь 2014
Декабрь 2014
Январь 2015
Февраль 2015
Март 2015
Апрель 2015
Май 2015
Июнь 2015
Июль 2015
Август 2015
Сентябрь 2015
Октябрь 2015
Ноябрь 2015
Декабрь 2015
Январь 2016
Февраль 2016
Март 2016
Апрель 2016
Май 2016
Июнь 2016
Июль 2016
Август 2016
Сентябрь 2016
Октябрь 2016
Ноябрь 2016
Декабрь 2016
Январь 2017
Февраль 2017
Март 2017
Апрель 2017
Май 2017
Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018 Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018 Август 2018
Сентябрь 2018
Октябрь 2018
Ноябрь 2018 Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026
1 2 3 4
5
6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30

Поиск города

Ничего не найдено

"Сан йиша йилхира дукха хаза хетта"

0 30
Гаглоев Алан

2010-чу шарахь Черкесскехь вийначу Шебзуховн а, Жуковн а гергарнаш реза бу сенатор Арашуков лацарна


 


"Адыгэ-Хасэ" куьйгалхочун гIовс Жуков Аслан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан министрийн кабинетан куьйгалле ваха кандидат ваьлла хилла Шебзухов Фраль а верца йоьзначу шеконашца Москох, шен белхан меттехь, лаьцна  32 шо долу депутат Арашуков Рауф.


Ламеш тIехула хьалаведдера…


Гиначара дийцина РБК-на Арашуков муха лецира. Пачхьалкхан думин Федерацин Кхеташонера арабаьхна журналисташ, цул тIаьхьа чоьхьаваьлла инарла прокурор Чайка Юрий а, Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр а.


Цара сацам дIабешна, Арашуков зуламаш дарца йолчу шеконна кIел ву, депутат хьаван йишъяцарх болчу аьттонах мукъаваккха догIу, аьлла.


Ша хьехо ваьккхича, ламеш тIехула хьалахьаьдда сенатор, амма спикеро Матвиенко Валентинас шен шогачу озаца хьехамбина, дуьхьало яр эрна дуйла хоуьйтуш.


Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексан массех артикл талхорна бехкевина политик. Толлучу зуламашлахь ду нах байар, зуламхойн гIера кхоллар, адамаш карчаме кхайкхар. Иштта цунна бехкедуьллу, Жуков вийча тоьшалла дарна Черкесск-гIалин депутатна Карданов Русланна еттар а.


Лаьцна, Талламан комитете дIавигича, Арашуковс дIахьедина, шена оьрсийн мотт тоъал ца хаьа, талмаж оьшу, аьлла.


Таьхьо Петарбухахь, "Газпроман" цхьана офисехь лаьцна Iедало Арашуков Рауль а – Рауфан да. 30 миллирд соьманна газ лечкъорца динчу зуламан декъахь хила тарло иза, боху низамхоша.




"Тхо хезаш ву тахана Дела"


Сенаторна бехкеден зуламаш дина 2010-чу шарахь. ХIетахь Iедална каравеара политик Жуков вийна киллер, цо йовзийтира стаг вен ша араваьккхинчун цIе, дийцира шена цо мел ахча делла (миллион сом).  Байинчийн гергарчара а чIагIдора, зуламан да Арашуков-жимахниг ву бохуш.


Бакъоларъярхошна хетарехь, гIарадевлла и зуламаш цаталлар дозура АрашуковгIарна Кхарачой-Чергазийчоьнан талламан комитето  бечу озабезамца. Амма меттахдаьлла и хьал таллам Москох хьалалушшехь.


"Дерриг а карладели суна тахана. Исс шарахь йиттира оха тхаьшна къевлина лаьтта неIарш. Амма тхо хезаш ву тахана Дела. Со теша хIинца дерриг а дIанислур ду бохучух.  Бийца мотт боцчу дитташна а тIехь хаьара, сан ваша санна болу нах байар харцо юйла. Бакъдерг тхоьгахьа даьлла тахана", элира "Кавказ. Реалиин" корреспонденте 9 шо хьалха вийначу Жуков Асланан йишас Жукова Аллас.


Жуков вуьйччу муьрехь вийначу Шебзухов Фралан вешица Русланца а хилира къамел "Кавказ.Реалиин".  Москох хилларг хезначу хьалхарчу сахьташкахь шега 56 стаго телефон тоьхна, уьш баккхийбе АрашуковгIарна хиллачух, бохура цо.


"Со воккхаве, со чIогIа воккхаве. ТIаьххьара а хили оха сатийсинарг. Ерриг а Адыгейски кIошт ю йоккхаеш. Амма ца тешара нах бакъдерг тоьлур ду аьлча. Церан да а лаьцна  боху, иза шозза дезза ду суна. Уггаре луьра таIзар дан догIу царна. Тахана сан йиша йилхира дукха хаза хетта. Оха толам баьккхина!" – элира Шебзухов Руслана.


Цуьнца гергарлонехь а ца хилла, тIе а ца гIиртина, доттагIалла а ца лелийна…


Арашуковс йиттина хиллачу депутатна Карданов Русланна ца лиира хиламах хезча шена  дагатеснарг довзийта.


Сенатор Арашуков лацарца доьзна шайна хетарг алаза буьсу цуьнан уллера доттагIий а (олийла дуй царех "доттагIий"?). Вистхилаза ву цкъачунна, масала, цунах "сан хьоме ваша Рауф" баьхна Кадыров Рамзан а – интернет яьккхина ду цушимма цхьаьна хан хьош, сакъоьруш даьхна суьрташ.







ХIумма а ца хилча санна дIаIа эшарлакхархо Басков Николай – Арашуковца доттагIаллехь вара иза.


Ца аьлча ца Iаелларг ю цхьа Каделаки Тина – журналист. Цо шена, вевзаш хилар доцург, кхин мила ву а ца  хаьара Рауф, боху. Амма цхьа хан хьалха-м вара иза цунна "уггаре хаза, къона сенатор".


 







"Лулахой санна тхо девза денош хилла ца Iара, азлуш, цхьаьна уьдура Iуьйранна. Къамелна тIера, доттагIалла дезаш адам санна вевзара суна иза. Бегаше доцчу зуламашна иза бехкево аьлла хезча, дагахь а доцуш, ирча кхаъ хиллира суна", яздина Канделакис интернетехь.


Лакхарчу Iедалан векалшкара дуьйлу зуламаш емал а деш, "низам долуш а ду, шо шен болх а бо", яздина евзаш йолчу журналисто.


Ден гергарлонаш бахьанехь, 18 шо кхаьчча депутат а, 22 шо кхаьчча министр а хIоьттинчу Арашуковгара даьлларг кIез-кIезиг довзуьйтуш, дийца доккхур ду хIинца.


 




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

В тренде на этой неделе

Накануне Святой Пасхи в ОГВ(с) прошел праздничный молебен

Глава Карачаево-Черкесии Рашид Темрезов провел прием граждан


Загрузка...
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Черкесск на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.