Добавить новость
Июнь 2010
Июль 2010
Август 2010
Сентябрь 2010
Октябрь 2010
Ноябрь 2010
Декабрь 2010
Январь 2011
Февраль 2011
Март 2011
Апрель 2011
Май 2011
Июнь 2011
Июль 2011
Август 2011
Сентябрь 2011
Октябрь 2011
Ноябрь 2011
Декабрь 2011
Январь 2012
Февраль 2012
Март 2012
Апрель 2012
Май 2012
Июнь 2012
Июль 2012
Август 2012
Сентябрь 2012
Октябрь 2012
Ноябрь 2012
Декабрь 2012
Январь 2013
Февраль 2013
Март 2013
Апрель 2013
Май 2013
Июнь 2013
Июль 2013
Август 2013 Сентябрь 2013
Октябрь 2013
Ноябрь 2013
Декабрь 2013
Январь 2014
Февраль 2014
Март 2014
Апрель 2014
Май 2014
Июнь 2014
Июль 2014
Август 2014
Сентябрь 2014
Октябрь 2014 Ноябрь 2014 Декабрь 2014 Январь 2015 Февраль 2015
Март 2015
Апрель 2015 Май 2015 Июнь 2015
Июль 2015
Август 2015
Сентябрь 2015 Октябрь 2015
Ноябрь 2015
Декабрь 2015
Январь 2016
Февраль 2016 Март 2016
Апрель 2016
Май 2016 Июнь 2016 Июль 2016 Август 2016 Сентябрь 2016 Октябрь 2016 Ноябрь 2016 Декабрь 2016 Январь 2017 Февраль 2017 Март 2017
Апрель 2017
Май 2017 Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018
Август 2018
Сентябрь 2018 Октябрь 2018 Ноябрь 2018 Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026 Май 2026
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

Нохчийн къоман исбаьхьалла даима а йехар йу

0 131
Исбаьхьаллин произведенеш заманан йохалла тишйаларна, йа наха зуламаш дарна бахьанаш долуш хIаллакъхилла меттигаш дукха йу. Иштта шайна чохь алссам сарташ, кхин йолу произведенеш йолу музейш йогуш, йа адамо леррина уьрсаца а, басаршца а, йуухIуманца хIаллакъдеш а хилла уьш. И хиламаш сартийн бос хийцабаларца, уьш дакъадаларца Iаьткъа.Делахь а зенашка ца хьоьжуш, дукхахдолу сарташ йухаметтахIоттадан аьтто ло растврацино, иза исбаьхьаллин уггаре чолхечех цхьа дакъа лоруш ду. Суьртаца беш болу болх лерина хила безаш бу, хIора суьртана лерина методика а йолуш, иштта бен аьтто хир бац суртдиллархочуьнан хатI ца дохош, сурт меттахIоттон. Реставрацин гIоьнца исбаьхьаллин говзарш йухаденъйина, нахе уьш дIакхачо аьтто бу, амма цуьнца цхьана цу чолхечу балха тIехь говзанчера даьллачу гIалато хIаллакъдан а тарло сурт. Йерригроссин Грабарь Игорь Эммануиловичан цIарах йолчу реставрационни центран а, Россин реставраторийн сойузан а белхалойн гIоьнца йухаметтахIоттийна 21 сурт Нохчийн Республикин музей йухадерзийна. ТIамах кIелхьардахархьама Москва дIадаьхьана дара уьш. Ткъа хIинца хIоранне а аьтто хир бу и хазна ган. Цу мехалчу балхах а, сартийн исторех а, уьш хIаллакъхиларан бахьанех лаьцна «Чечня Сегодня» хаамийн агентствона дийцира Нохчийн Республикин музейн суртдилларан искусствон отделан куьйгалхочо Хадчукаева Миланас. Тхан къамелхочо билгалдо, тIамо йохийначу музейчуьра кIелхьардаьхна долу сарташ ду хIинца вайн махка йухадерзийнарш. Эвакуировать дина долу сарташ Москва Iалашдан даьхьана хилла. Царех цхьаццадерш йеххачу ханна реставраци йан рагI ца кхочуш латттийн а хилла. - Нохчийн Республикин культурин министра Кадырова Iайшата болх дӀаболрна, 27 шарахь хьовсархойн а, музейн белхалойн а тIекхача аьтто боцуш хилла долу сарташ вайн махка йухадерзо долийра. Ткъа хIинца музейн выставкашкахь и тайпа мехала хазна гайтина хилар тхуна, белхалошна, чIогIа жоьпаллин а, самукъане а болх бу, хIунда аьлча, уьш толлуш болх бан беза тхан, - дийцира искусствоведа. Хадчукаева Миланас билгалдо, схьакхаьчна долу сарташ довзар а, таллар белхан чIогIа мехала дакъа хилар, хIунда аьлча, дукхахдолчарех лаьцна болу хаамаш вайн замане схьа ца кхаьчна. - Суьртан сюжет йастар, дилларан хан, а авторан цIе йовзар а музейн белхалочуьнан коьрта Iалашонаш хилла ца Iаш, чIогIа самукъне болх а бу. Вай дийцаре деш долу сарташ дукхахьолахь XIX бIешеран говзанчаша дехкина ду, царна йуккъехь XX бIешеран художникийн белхаш а нисло. Хууш ма-хиллара, вайн республикехь и сарташ цкъа а гина а доцу чкъор кхиъна. Дукхахболчеран хаттар кхоллало, и произведенеш Нохчийн Республикин музей муха кхаьчна, олий. Советан Iедало кхочушъеш йолчу программо аьтто беш хилла пачхьалкхан гIарайевллачу музейн дIайохкийлашкара произведенеш регионашка дIакхачо, цигарчу бахархойн уьш йовза аьтто хилийта. 1924- чу шарера 1970-чу шерашка кхаччалца йолчу йукъана вайн мехкан музейна схьаделла оьрсийн суртдиллархойн а, Европерачу говзанчийн сарташ. Царна йуккъехь Третьяковн цIарах йолчу галерейчуьра а, Оьрсийн музейчуьра а, Эрмитажера а белхаш ду, - билгалдаьккхира Хадчукаева Миланас. Иштта цо дуьйцу, «Возвращенные полотна» проектехь музейн белхалошна дийцаре дан луург исбаьхьаллин произведенех а, церан авторех лаьцнарг хилла ца Iаш, дукха хьолахь гуш боцуш буьссуш болу реставраторийн болх хиларх. - Реставраци чулацаме а, самукъане а болх бу. Цундела и 21 сурт йухаметтахIоттош бинчу балхах лаьцна дуьйцуш кечъйина лерина аннотацеш йу. Цулсовнаха, реставраци йалле хьалха даьхначу сарташка хьаьжча говзанчаша бина болх даррехь гучуболу. Иштта билгалдаккха деза, суьртана хилларг цкъадолчунна боккха эшам ца хеталахь а, уьш шайна тIехь алсам къахьега дезаш хуьлу: колорит нисъйарна а, кхидолчу тIедахкаршна а алсам хан оьшу, - дийцира музейн белхалочо. Хадчукаева Миланас реставрацин болх чекх а баьлла, Нохчийн Республикин музей йухадерзийначарех масех сурт довзийтира агентствона. Винтерхальтер Франц-Ксавер «Александра Фёдоровна императрицин портрет» (авторан карладаккхар). XIX бIешо. - ХIара портрет йухадерзоро музейн экспозици хьоле йина, иштта иза Нохчийн Республикин культурин министра Кадырова Iайшата дIайолийначу «Культурин йукъаралла» программин «Музейхь йолу урокаш» проекта йуккъехь дакъа лоцуш а ду. 2022-2023-чу дешаран шарахь музейхь дIахьош йолчу урокашкахь йийцаре йеш йу императрица Александра Федеровнин скульптурни портретан истори. Билгадаккха догIу, цунах лаьцна чулацаме дийца аьтто бу: сурт императрица хенара йолчу заманахь диллина хиларна, тайп-тайпанчу художникаш цуьнан сурт дуьллуш бинчу белхан башхаллаш йовзийта аьтто хуьлу. Масала, скульптурин тайпанарчу сарташна тIехь кхоьллина цуьнан къона васт, ткъа портрета тIехь императрицин йуьхь тIехь дахаран чолхенаша, сингаттамаша йитина лар гучуйолу. Шамурзаев Шамиль Алиевич «ЙоьIан портрет». 1990 шо. - ХIокху портретан автор Шахмурзаев Шамиль ву, къоман нохчи ву иза. ХIара сурт Iалашдан аьтто хилар – Iаламат мехала хIума ду, хIунда аьлча цуьнан кIезиг болу белхаш бен таханлерачу дийне схьа ца кхаьчна. Музей йохайалле хьалха республикин фондехь цуьнан белхийн йоккха коллекци йара. Авторан и болх йухаметтахIоттор музейна а, йерриге а Нохчийн Республикин культурина а мехала ду, хIунда аьлча Шамурзаев Шамиль похIме суртдиллархо а, Нохчийн Республикин гIараваьлла художник а, СССР-н художникийн сойузан декъашхо а ву. ХIара сарташ йуккъехь долуш экспозицеш кечъйечу хенахь зIе ца хадо гIерта тхо: масала, Захаров Петран а, Шамурзаев Шамилан белхаш йух-йуххехь хуьлу, хIунда аьлча ший а суртдиллархо Дади-Йуьртара схьаваьлла ву. Иштта похIме ши говзанча цу йуьртара схьаваьлла хилар билгал до и зIе ца хадорна.  Умарсултанов Вахит Османович «Фермехь суьйре». ХХ бIешеран шолгIа ах - Умарсултанов Вахит тахана а Нохчийн Республикин суртдиллархойн сойузан куьйгаллехь лаьтташ ву. Цунна боккха кхаъ хилира ша диллина сурт йухаметта а хIоттийна, Нохчийн Республике схьадахьаш ду бохучу хаамах. Цо даггара баркалла элира и болх кхочушбарна Нохчийн Республикин Культурин министерствона а, музейна а, реставраторшна а. Цуьнан балхана реставраци йечу хенахь а цхьацца халонашна тIеIоттабелира специалисташ: сурт диллина даьлча автора цунна тIе олифа хьаькхна хилла. Хууш ма-хиллара, басаран массо чкъорах чекх а долий, сурт заманан йохалла Iаржадо цо. Вахит Османовича шен белхан техника хийцанехь а, шен кхоллараллин некъ дIаболош диллина долу сурт меттахIоттийна хилар мехала хета цунна. И тайпа нюансаш специалистийн зеделларг кхолларна хилла ца Iаш, хьовсархошна а хаа пайдехь йу. Вевзаш воцу суртдиллархо (Тюрин?) «Сийлахь Эла Романов Константин» - Сийлахь Элан Романов Константинан портрет 2022-чу шарахь йухадерзийна Нохчийн Республикин музей. Авторан цIе билгалъйеш кхочушбан лерина талламан болх бу (Тюрин фамили йолуш масех суртдиллархо ву). ХIара чIогIа мехала портрет ду. Масех шарахь Санкт-Петербургехь ханна лерина йолчу выставкехь хилла иза, ткъа хIинца Нохчийн Республикин музейн коллекци йуьзна цо. Маковский Константин Егорович «Хьаша». 1878/98? -Россин гIараваьлла волу суртдиллархочуьнан Маковски Константинан «Хьаша» цIе йолу суьртана реставраци йеш, керла хаамаш гучубевлла. Масала, реставраторша Iаржаделла лак дIадаьккхинчултIаьхьа, гучудаьлла сурт диллина герггарчу хьесапера терахь. Коллекци йовзарна специалисташна Iаламат мехала хаам бу иза. Байков Фёдор Ильич «ГIум-Арахь садоIийла». ХIX бIешо. - Реставраци йалле хьалха хIокху суьрта цхьа маьIиг Iаржа а йелла, деталаш къаьсташ а йоцуш лаьттара. Ткъа лакан чкъор дIа а цIандина, болх чекхбаьллачултIаьхьа, гучуделира хено Iаржъйинна лаьттана хиллачу меттехь, тIехь чоа а долуш, цӀарна хьалха хиъна Iачу боьршачу стеган васт. Цу хиламо суьртан йерриге а сюжет кхечу агIор йосту. Вевзаш воцу суртдиллархо «Бажа». ХIХ бIешеран шолгIа ах. - ХIара сурт гатанна метта цIечу дечиган уьн тIехь диллина ду, «паркетаж» техникин гIоьнца. Ткъа суьртан бух дечигах бина бу, кеп хийца ца йалийта тоьхна дечиган тIегIанаш а долуш. Болх йухаметтахIотточу хенахь говзанча цунах терра дечиган дакъош йукъахIиттийна. Вевзаш воцу суртдиллархо «Юьртан сурт (ДIатесна кIотар)». ХIХ бIешеран хьалхара ах. -ХIокху суьртана реставрци йечу хенахь уггаре халаниг стигалан аматаш йухаметтахIоттош басарш харжар дара. Къаьсттина реставраторан говзалла оьшуш болу болх сийначу бесан аматашца берг бу, хIунда аьлча химически реакци а хуьлий, цуьнан пигменташ хийцало. Автора хаьржина йолу амат карлайаккха реставраторан масех кIирнах, йа баттахь хьаькхинчу басаран леррина тидам бан беза. И санна долчу бахьанашца йахло говзанчас сурт йухаметтахIоттош йоккху хан. Цул совнах, реставраци дIайьаллачултIаьхьа а басаршна хуьлу хийцамаш тергал а беш, оьшучу хенахь уьш дIа а нисдеш, къахьега дезаш меттиг а хуьлу. Цу нюансаш даррехь гойту исбаьхьаллин хазна авторо ма кхоллар Iалашъйарна тIехь бечу белхан чолхалла а, цуьнца цхьана цуьнан самукъане хилар а. Вевзаш воцу суртдиллархо «Гуьйренан Iалам». XX бIешо. -ХIара сурт реставраци кхаьчначу хенахь, дохийна, бехдина дара, гата нийса хадийна а доцуш. ТIеоьшуш долу дакъош говзанчаша метта хIиттийна. Берриге а болх биначултIаьхьа сурт автора ма-кхоллара хазаделла, денделла дIахIоьттина. Тидеман Егор (Пётр) Данилович «Фогт Мария Ивановнин портрет». 1841 шо. - ХIара портрет уггаре доккха зен хиллачархь цхьаъ ду, делахь а авторан болх биссарна бахьана долуш, хIаллакъхилла фрагменташ йухаметтахIоттон аьтто хилла. Реставраци йечу хенахь керлачу басаршца алсам болх бина хIокху суьрта тIехь: фон а, зударийн коча уллу зIенан деталаш а йухаметтахIиттийна йу. Иштта къахьегар бахьана долуш къоначу зудчуьнан тӀеххаза диллина сурт вайн музей йухадерзо аьтто хилла. #россия #рф #chechenrepublic #chechnya #чечня #Кадыров #ЧР #russia #СМИ #СМИЧР #RKadyrov #чечнясегодня #новости #news #politics #chechnyatoday #грозный




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

В тренде на этой неделе

Вторичное жилье растет в цене быстрее новостроек, сообщили аналитики

Возврат к зиме: Гидрометцентр обновил прогноз — куда нагрянут заморозки и снег на неделе? Подробный расклад по регионам

МЧС России потушило пожар на 2 850 кв. м в Грозном: спасены 40 человек

Отравившихся угарным газом при пожаре в жилом доме в Чечне доставили в больницу

Новости Чечни



Глава Чечни Рамзан Кадыров

Частные объявления в Чечне



Загрузка...
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Грозный на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.