Добавить новость
Июнь 2010
Июль 2010
Август 2010
Сентябрь 2010
Октябрь 2010
Ноябрь 2010
Декабрь 2010
Январь 2011
Февраль 2011
Март 2011
Апрель 2011
Май 2011
Июнь 2011
Июль 2011
Август 2011
Сентябрь 2011
Октябрь 2011
Ноябрь 2011
Декабрь 2011
Январь 2012
Февраль 2012
Март 2012
Апрель 2012
Май 2012
Июнь 2012
Июль 2012
Август 2012
Сентябрь 2012
Октябрь 2012
Ноябрь 2012
Декабрь 2012
Январь 2013
Февраль 2013
Март 2013
Апрель 2013
Май 2013
Июнь 2013
Июль 2013
Август 2013 Сентябрь 2013
Октябрь 2013
Ноябрь 2013
Декабрь 2013
Январь 2014
Февраль 2014
Март 2014
Апрель 2014
Май 2014
Июнь 2014
Июль 2014
Август 2014
Сентябрь 2014
Октябрь 2014 Ноябрь 2014 Декабрь 2014 Январь 2015 Февраль 2015
Март 2015
Апрель 2015 Май 2015 Июнь 2015
Июль 2015
Август 2015
Сентябрь 2015 Октябрь 2015
Ноябрь 2015
Декабрь 2015
Январь 2016
Февраль 2016 Март 2016
Апрель 2016
Май 2016 Июнь 2016 Июль 2016 Август 2016 Сентябрь 2016 Октябрь 2016 Ноябрь 2016 Декабрь 2016 Январь 2017 Февраль 2017 Март 2017
Апрель 2017
Май 2017 Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018
Август 2018
Сентябрь 2018 Октябрь 2018 Ноябрь 2018 Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026 Май 2026 Июнь 2026 Июль 2026 Август 2026
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

Орамашка дерзар: ГаланчIожан кIоштахь дахар дендаларх лаьцна

0 39
80 шо герга хан йу ГаланчIожан кIошт Iаш цхьа воцуш лаьтта. И мохк нохчийн къоман дерриге а тайпанаш схьадовларан бух лоруш бу. Иштта кху кIоштахь Iуьллу массарна а йевзаш йолу Хьайбах цIе йолу йурт. Хууш ма-хиллара, 1944-чу шарахь 700 вахархо вагийна цигахь. Галай-ЧIожан кIоштан исторех а, иштта таханлерачу заманахь цигахь долчу хьолах лаьцна а йеша аьтто хир бу «Чеченская Республика Сегодя» хаамийн агентствон материалехь.Нохчийн Республикин Iилманан Академин гуманитарни талларан институтан Iилманан белхалочо Тесаев Амина дийцарехь, цу кIоштан цIе шина стерах лаьцна йолчу легендех схьайаьлла йу. «ГаланчIожан кIоштахь «Галай-Iам» олу Iам бу. Хьалха олуш дара и Iам ГалачIожан кIоштарчу Амхка олучу меттехь йолчу Йалхарахь бу, олий. Амма ширчу дийцарна тIедоьгIна аьлча, и Iам Галай-Iам Iуьллучу метте некъ беш хиллачу шина стерах схьабаьлла бу. Цу шахьаре уьш тIекхочучу хенахь царех бIаьрг кхаьттачу шина стага стерчий дIа а доьжна, цаьрга хершаш охийтуш хилла. ХIора хоршан сиз гучу мел долу, лаьтта бухара хи долуш хилла. Иштта хенан йохалла лаьтта бухара хьаладуьйлу хи алсам а даьлла, цу меттехь Iам кхоллабелла, ткъа ши сту хи буха бахана. Амма цу Iоман цIе йерриге кIоштана а тиллина, хIунда аьлча Советан Iедал долу заманахь ГаланчIож административни йукъ хилла, - дуьйца Iилманчас. ГаланчIожан кIоштахь йолчу Нашхахь Мацкъара олуш цхьа кIотар йу. Заманан йохалла цунах «Нана Нашха» олуш хилла. Цхьанна а тайпанах йоьзна а йоцуш меттиг хилла иза, цуьнан цIаро а гойту иза «массеран йуккъехь», «къоман» хилар. Нана Нашхахь хилла нохчийн Мехк-Кхел. Цу йукъа йогIуш хилла коьрта кхо реликви: къоман йай, къоман тептар, къоман мухIар а. Къоман йайх «цIестан йай» олуш а хилла, хIунда аьлча иза цIастанах бина хилла. Цу цхьана йай чу йалх-ворхI уьстагIан йа цхьана старгIан жижиг доьдуш хилла. Дуккха а адам гуллучу меттехь йаахIума кечъйан ца хилча йиш йоцу хIума хилла иза, хIунда аьлча вайнехан йукъараллехь дукха адам гуллуш Iадат ду даима а: гергара нах а, лулахой а, йуьртахой а иштта дI.кх. Цул совнаха, дукха хьолахь цхьана доьзалехь 5-10 стаг волуш а нисло вайнехан. Къоман тептара тIе дIайазбеш хилла Мехк-Кхело бина болу сацам. Амма хьалха цу сацамна тIе къоман мухIар тухуш хилла. Иштта цуьнца билгалдеш хилла Мехк-Кхело луш долу кехаташ а. «Цхьаццайолчу заманахь Нашха кхерамзаллин меттиг хилла: цигахь аьтто хилла мостагIчух кIелхьарвала а, дегIе ницкъ а баийтина, шаьш бехачу аренашка йухаберза а. Географин барамехь башха меттиг йу Нашха, хIунда аьлча мостагIчуьнан дукхаллига ца хьожуш, бахархойн тIамна доьхьало йан аьтто болуш хилла цигахь. Иштта цига йухабоьрзуш хилла тIамна кIелхьарбевлла болу баккхий нах, зударий, бераш уьш цига дехьабовлуш хилла. Иштта цхьайолчу заманчохь Нашха дIабоьлхуш хилла нохчий: 1230-чу шерашкахь монголаш баьхкича а, 1390-чу шерашкахь Тимур веача а, 1450-чу шерашкахь ГIирмера тIелатархой баьхкича а. ЦултIаьхьа 1460-1480 шерашкахь а масех тIелатар хилла, царех а Нашхахь кIелхьарбевлла нохчий. Иштта масех бIешерашкахь нохчий кIелхьара бийлина и мохк бахьана долуш, цундела иза вайн къоман «ага» аьлла цIе йоккхуш а хилла. Нашхахь кхоллайелла йу вайнехан этногенез, хIинцалера сибаташ, лелар а иштта дI.кх.» - билгалдо Тесаевс. Халахеташ делахь а, лакххьа вай билгалъйина йолчу кхаа реликвех цхьа а вайн замане схьакхаьчна йац. Цхьана дийцарехь билгалдеш ду вайн къоман тайпанийн цIераш къоман йайн тIера схьайевлла хилар. Лаьмнашкара шаьш баьхначу аренашка нохчий йухаберза буьйлабелча, цу йай тIе дIайаздеш хилла ГаланчIожера дIабоьлхуш болчу доьзалийн дайн цIерш. Къоман йай бар Имам Шемал нохчийн махка варца дузуш ду. 1843-чу шарахь кхаьчна иза ГаланчIоже. Цхьадолчу дийцаршкахь билгалдо Шемала и йай тIемалошна йаахIума кечъйан схьаба аьлла хилар. Ткъа цу йайн дайшна иза ца бала товш а ца хетта, Шемалан кара кхаьчна къоман йай. ЦултIаьхьа иза хIаллакъхилар а ларамза лоруш дац: имамана дерриге а Iедал шен карадерзорна новкъа хилла и йай хилар. ХIунда аьлча, цу йайно билгалдеш хилла Шемалана дуьхьало латтош йолчу Мехк-Кхелан маьIна. ГаланчIожан кIоштан истори 1944-чу шеран 23-чу февралехь чекхйолу, цу дийнахь дIаболабелира вайнах Казахстане а, Йуккъерачу Ази а дIадохоран болх. «Чечевица» аьлла цIетиллина йолу и операци Советан Iедалан исторехь хиллачарех уггаре йоккханиг йара. «ТIекхача хала долуш дукха меттигаш йу ГаланчIожан кIоштахь. Вайн къам Сибареха дIадохийначу дийнахь алсам ло а деана, гIорийна хиллера. Цхьайолу йарташкахь некъаш лайх а дуьзна, дIаса ца вахалуш хилла. Цхьаццадолчу документашна тIедоьгIна аьлча, Берийн а, Сталинан а омра кхочушдархьама Гвишианис Хьайбахин а, иштта уллерачу йарташкара а болу бахархой божала чу дIагулбайтина – уьш 705 адам хилла, цу буса дуьнен чу даьлла ши бер а цхьана. Цо божала чохь багийна и нах, хIунда аьлча кхолладеллачу Iаламан хьелашкахь уьш Соьлжа-ГIала цIерпошта тIе дIакхачо аьтто ца хилла Iедалан. Иштта цу деношкахь нах хIаллакъбина Галай Iома тIехь а, кхин йолчу йарташкахь а», - билгалдо Iилманчас. Ишта Нохчийн Республикин уггаре а йоккхачарех йолу цхьа кIошт йасъелира. ХIетте Iаламат хаза меттиг йу иза, шена чохь дукха башхаллаш а йолуш. Царех цхьаъ – бIонах тIо хилла некъ олуш йолу меттиг йу. «БIонах тIо хилла некъ – чIогIа хаза меттиг йу. Цунах лаьцна цхьа шира дийцар а ду: цу новкъа схьайогIуш йолу цхьа йоI йуьртана тIелата дагахь хиллачу мостагIчуьнан эскарна тIенисъелла хилла. Церан кара ца йаха, Деле дехна цо шех а, шена тIаьхьабоьвллачу нахах а тIулг хилийта, аьлла», - дийцира Тесаевс. ЦултIаьхьа шовзткъе итт шо герга хан йаьлча, 2019-гIа шо «ГалачIожан кIоштан шо» аьлла билгалдира Нохчийн Республикехь. Цунна лерина беш болх а бу: йарташ йуха меттахIиттайан лерина билгалдина ду лаьттийн декъийн дозанаш а, кхин ворхI йуьртан дозанаш а: ГаланчIож, Хьайбаха, Йалхара, ЦIеча-Ахке, Аьккха, Чермаха. Цул совнаха, оьздангаллин тIаьхьалла денъйаран Iалашонца дуккха а болх бина: Хьайбахан бIаьвнаш йухаметтахIиттош, амма уггаре а доккха дакъа цу балхахь дIалаьцна некъаш даро. Иштта Галайн ЧIожан кIоштахь 43 км некъ а, ши тIай а тодина. ЙухаметтахIиттийна Аьккха, Нашха доьлху некъаш а, 25 км болу ЦIеча-Ахке – Йалхара боккха некъ а. Цуьнца цхьана ток а, газ а йигаран белхаш а ду дIахьош. Иштта Нохчийн Республикин куьйгалло аьтто ло шена лаамца ГаланчIоже йухаберза луучарна: латта а, цIа дан аьтто а Iедало бийр а болуш. Амма коьрта тIедожор - нах цигахь даима Iер ду. Республикин Правительствос бинчу хаамца ГаланчIожан кIошта баха лууш билгалбаьлла 1 399 доьзал бу, царех дукхахберш Хьалха-Мартан, ТIехьа-Мартан, Сунженски кIоштийн бахархой бу. 72 шо кхаьчна волу Соьлжа-ГIалин вахархо Сулиманов Мохьмад ГалачIожан кIоштара ву цIера. «Тхо тайпана Мержой ду, фамили а Мержоев лелийна оха. Амма 1944-чу шарахь вайнах махках баьхначултIаьхьа дукхахболчара хийцира иза, хIунда аьлча Советан Iедал долчу хенахь маьрша дацара. ГаланчIожан кIоштахь баьхна тхан дай, латта а дайшкара схьадогIуш дара. Амма хIинца Iедалан барамехь латта долдаларан низам хийцаделла. Тхуна тхайн дай баьхначу меттехь Iен лаьа, хIунда аьлча, иза тхан мохк бу, тхо сатуьйсуш ду цига кхача. ГаланчIожахь дIавоьллина ву тхан да а, деда а, кхин болу тайпан нах а. 1959-чу шарахь вай Даймахке цIадирзинчултIаьхьа хIора шарахь цу меттигашка даха а доьлхуш, кешнаш цIандо оха. Дукха хан йоцуш, чарташ а хийцира оха. Хенан хIоттаме хьаьжжина, садаIа а доьлху, хIинца мелла а атта ду иза, керла некъаш хиларна», - дийцира цо. Иштта Мохьмада дийцира цIа дарах лаьцна а. «ЦIа дале хьалха Iедалан барамехь бакъо йаккха йеза. ХIинцалерачу низамца Iедалан бакъонаш ларъйар массарна а тIедужу. Тхайн да ваьхначу метте даха лаьа тхуна. Церан ца хилла хи а, ток а, газ а, делахь а цу хьелашках баьхна уьш. Ткъа кху заманан технологийн беркатца и массо а аьтто бан йиш йу дуьненан муьлххачу а маьIIехь. Ткъа Iедало нахана гIо деш хилча къаьсттина пайдехь хир ду. Тхан дас а, дейишас а дийцарехь, ГаланчIожан кIоштахь наха даьхний а, латта а лелош хилла, ялта хьекъа латта ду цигахь, ткъа ша Iалам а ду тамашийна хаза а, беркате а», - билгалдира Сулимановс. Иштта тхан къамелхочо дагадоийту ша жима волчу хенахь дас ГаланчIожан кIошта ша вигар а, шаьш даьхна йолу меттигаш гайтар а. «Жимчохь деца цхьана лаьмнашка дахча, цо гойтура тхан латта. ХIинца а тхан йишас олу соьга ша цига йига, цу аренех бIаьрг тоха лаьа шена, олий. – дуьйцу Мохьмада.- Аса тхайн массеран а цIарах боху – тхо сатесна цу меттигашка кхача а, цигахь даха а". Билгалдаккха догIу, йерриге кIошт йухаметтахIоттор – алсам къахьега дезаш гIуллакх ду. Уггаре а оьшуш долу декъаш – йуртбахам а, туризм а, даьхнийлелор а йу. Ткъа хиндерг замано гойтур ду. #россия #рф #chechenrepublic #chechnya #чечня #Кадыров #ЧР #russia #СМИ #СМИЧР #RKadyrov #чечнясегодня #новости #news #politics #chechnyatoday #грозный




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

В тренде на этой неделе

Губернаторы начали понимать главное: Аналитики составили новый рейтинг руководителей регионов

Больше половины россиян хотят путешествовать по местам, связанным с Петром I

Рейтинг регионов с низкой аварийностью возглавили Чечня, Подмосковье и Брянщина

Подросток и двое взрослых утонули в водовороте на реке Сунжа в Чечне

Новости Чечни



Глава Чечни Рамзан Кадыров

Частные объявления в Чечне



Загрузка...
Ria.city
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Грозный на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.