Добавить новость
Июнь 2010
Июль 2010
Август 2010
Сентябрь 2010
Октябрь 2010
Ноябрь 2010
Декабрь 2010
Январь 2011
Февраль 2011
Март 2011
Апрель 2011
Май 2011
Июнь 2011
Июль 2011
Август 2011
Сентябрь 2011
Октябрь 2011
Ноябрь 2011
Декабрь 2011
Январь 2012
Февраль 2012
Март 2012
Апрель 2012
Май 2012
Июнь 2012
Июль 2012
Август 2012
Сентябрь 2012
Октябрь 2012
Ноябрь 2012
Декабрь 2012
Январь 2013
Февраль 2013
Март 2013
Апрель 2013
Май 2013
Июнь 2013
Июль 2013
Август 2013 Сентябрь 2013
Октябрь 2013
Ноябрь 2013
Декабрь 2013
Январь 2014
Февраль 2014
Март 2014
Апрель 2014
Май 2014
Июнь 2014
Июль 2014
Август 2014
Сентябрь 2014
Октябрь 2014 Ноябрь 2014 Декабрь 2014 Январь 2015 Февраль 2015
Март 2015
Апрель 2015 Май 2015 Июнь 2015
Июль 2015
Август 2015
Сентябрь 2015 Октябрь 2015
Ноябрь 2015
Декабрь 2015
Январь 2016
Февраль 2016 Март 2016
Апрель 2016
Май 2016 Июнь 2016 Июль 2016 Август 2016 Сентябрь 2016 Октябрь 2016 Ноябрь 2016 Декабрь 2016 Январь 2017 Февраль 2017 Март 2017
Апрель 2017
Май 2017 Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018
Август 2018
Сентябрь 2018 Октябрь 2018 Ноябрь 2018 Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30

Поиск города

Ничего не найдено

Нохчийн къоман поэзехь доьзал кхолларх лаьцна

0 75
Доьзал кхолларан гIуллакх нохчийн юкъараллехь гуттара а къаьсттина тидамехь латтош хилла. Иза тIечIагIдо къоман XIX-XX бIешерийн поэзино. Цу хьокъехь нохчийн фольклориста Мунаев ИсмаьIала «Iаьржа НогIин илли» аьллачу иллех лаьцна дийцира Хаамийн «Чеченская Республика Сегодня» Агентствона. Нохчийн кIентийн турпалаллех а, мехкарийн майраллех а лаьцна ду иза.«Йерриге а эпос йоI йаккхарна тIейоьгIна йу, - дуьйцу Мунаев ИсмаьIала. – И чулацам болуш дукха иллеш ду вайнехан. Турпалхочуьнан коьрта Iалашо – йезайелла йоI шена реза йар а, иза йалор а йу. Иза эпически хилам бу. Амма эпосехь тайпа-тайпана нюансаш а нисло. Цхьадолчу иллешкахь эпически мотиваш гIолехь гайтина а хуьлу. Царех цхьаъ ду «Iаьржачу НогIин илли». Нохчийн 61 бIаьхо йуьртана тIелата араваларца дIадолало иза.«ИллахIи ярабби,Ма довла шу дакъаза,Ойлара кура кIентий,-Ва бохуш,- Хьалахьаьжчи вайна гоБаш лекха ламанашБацалла сенделла,Охьахьажча вайна гоШера аренашЗезагна мажъелла,Ламанах духдуьйлуШел шийла шовданашОхьа ара ма девллаАренца ма даьржа,Хьаннашкахь пепнийн гIашДукъделла ма догIу,Пепнашкахь къоркхокхийДека хан хилла ма ели,Кхокхашна куьйранашТеба хан тIекхаьчна ма ели…ГIазота хорманашШай дегIа ерзош,АгIунаш тIехь томмагIанаш йолаЧал дера герзашЮкъ къуьйлуш доьхкуш,Замолах больхаш саннаШаьш каде кечлуш,Шаьш гулбала бойлар-кхаЮьртара кура кIентий..»  ​БIаьхой ша вехачу йуьрта схьакхаьчча, хьешашка бан беза лерам беш тIеийцира Iаьржачу НогIичо. Царна хIоттийна той кхаа дийнахь литтира, кхозлагIчу дийнахь шен хьешех шек йаьллачу хIусамнанас элира НогIичуьнга нохчийн кIентий къола дан баьхкина хилар. ХIусамда чIогIа оьгIазвахара хьешашна. И хиъначултIаьхьа иштта вистхилла НогIи шен хьешашка.«Даьхкан аьлла хетни шуЦхьанделахь,Кхузткъа беречуьн динГоътIехь дахьмаллу долаШа деший-детий ва дахьа,И хьойла ва ца хилахь,Терк тогIешкахь ежаш йолаШен цIоькъа рема ва лалла.  Дакъаз ма довла шу,Нохчий кура кIентий,Делаххий, шуххий волийла шаЦхьаъ сов буьзнехь,Шу кхузткъа беречуьнХIора беречуьнКоьрта цIарахЦхьацца нисбешКхузткъа патарма буьзна ша,Ва арадовлийша,-Бохуш левелир-кх шаЯр Iаьржа ва НогIи.»Iаьржа НогIи иштта шайга вистхилча, бIаьхой бехказбийла буьйлабелла, шаьш Теркан тогIешкахь ежаш йолу Эла Сахьарин говрийн рема лалла даьхкина ду бохуш. ТIаккха НогIичо хьешашца шен пхийттара а валанза волу кIант вахийта сацийна.Кхайкхина схьавалийна ,Шен куьйга кисийнКIайн гIовтал кхо ветаМаргIал пIелгаца дIатеснаЭлира НогIичо:- Делах биънаргБеза дуй бу-кх шен,Шен жима ва кIанат,Ша дIатесначуХIокху кхаа ветнах  Цхьа вета хадийнаХьо шен дуьхьал вагIахь,Хьан корта боккхарг хиларВа боха ша…»Iаьржачу НогIичуьнан кIантаца цхьана новкъа бевлла бIаьхой шолгIачу дийнахь сатассале Сахьарин дежийла дIакхечира. Шен накъостий цхьана агIор а битина, ша хилдехьа а ваьлла, Сахьарин рема лалла волавелла кIант. ЦIеххьана «тIегIаьрта делар-кха и лоьма кхо кIеза НогIийччу кIантана». Летачу юкъана букъа тIехьашхула тIекхаьттачу кIезано мIара тесна кисин гIвталан кхо вета хадийна. Цунна догдаьттIа, шена тIекхаьтта кIезий туьрца цаста а цестина, говрийн ремаца цхьана бIаьхошна тIевахара иза.«Генарниг улле оьзна,Уллерниг гена яьккханаТурмал хьоьжуш хиллер-кхаЯр Iаьржа НогIи,Ва юхабирзан гора-кхаЯр дика ва кIентийIаьржачу НогIичунна.Сакъералуш, самукъадуьйлушГора-кха нохчийн кура кIентий,Шен жима кIант доьхначу дагца гора-кхаIаьржачу НогIичунна,Мохь бетта велар-кхаЯр Iаьржа НогIи:- Дакъаза ма яла-кх хьо,Шен мерза ва езар,Ша хир ду аьлларгМа хилла даьллаШа хир дац аьлларгЦа хилла даьлла  Юхбирзина го шенаИ дика ва кIентий,Нохчийн кIентий дой хоьхкушСамукъадуьйлуш го шенаВайшинан жима кIантДоьхна дагца го шена,Шенчул бIаьрган саХьуна гур дар-кх,Хьажахь турмале, - бохушКхийдош дIаелар-кхаБархI куьзга дола ва турмал…»КIентан кхо вета хадийна гича, ша делла дош кхочушдан сацам бина Iаьржачу НогIичо. БIаьхой дехаре бахна НогIичунна къинхетам бахьара бохуш, амма кIентан дас цаьрга ла дугIуш ца хилла. ТIаккха нохчийн кIенташа шина тобане бекъа а белла, вовшашна герзаш детта сацам бина. Цу юкъана гулбеллачаьрга Iаьржачу НогIичуьнан хIусамнана йистхиллира:«Дакъаз ма вала-кха хьоШен Іаьржа ва Hoгlu,Воккха хилча аЦа кхийта-кха хьо,Дехьа-сехьа юьртараХьо санна болу элийХьуна тІебиссана, элашцаДош-дашера дуьйлаш,Хьо шуьна хианчу заманчохь,Нохчий махкара дуьйнаХьайна тІевоьссина волуНохчий кхузткъа бере,Дехча дехар ца луш,Хьо вехачу уьйтІахьВовшийн карах валийтар-кхаАхь ва бохуш,Хьо санна болчу элашаХьайна тІехдетта даьлчаХазахетар дуй хуна..,ХІай Іаьржа ва НогІи?ТІаккхахула ларвалаМа дика дараХьан жимчу кІантана,Вехча хIунда ца ло ахьЦарна хьайн жима кІант? -Бохаш, хьойзан чуяхар-кхаНогІичун кІай езар..»ХIусамнанас бохучуьнга ла а доьгIна, ша реза ца хиларан бахьана дийцира Iаьржачу НогIичо бIаьхошка. Жимаволчу хенахь аренца дукха лелаш хилла иза. Цкъа мацах новкъахь воьдучу заманчохь новкъахь Iуьллучу попана тIекхаьчна иза. И новкъара дIадаккха дагахь ког Iоьттина и дIа а ца даккхаделла, гIевланга нуьйра а йиллина, верта тIе охьавижна и поп дIабаккхалур болуш кхин бере вогIий-те бохуш хьежа ваьлла иза.  «Наб кIордийна,Бузачу малхацаЙогIачe суьйраннаБІаьргех куьйгаш хьоькхуш,Ша кІегар хиъна Iачу заманчохьЯйчу йоргІанца,Байчу узамцаБехачу ва новкъа,Ва вогIаш кхечар и береНовкъарчу попа тle,Охьакхойдан шедакхаж Іоьттан,Кхоьссар цо новкъара попВа дийна делкъа ва новка.Хьалаиккхана доьхьалХьаьдар ша цу кІантана,Ша доьхьал кхоччашехь:- Оссолом-Іалайкум, - аьлла,Салам делар ша, делча саламЦа ийцар ва шегар,Салам цо шегара ца эцчаНовкъа доьхьал хІоьттар ша,Даг тІе куьг тухаш,Ша кІегар тухаш,ТІехъиккхар шена..».ОьгIаз вахна, Iаьржачу НогIичо шена тIаьхьа секха Iад кхоьссича, бере юха а вирзина вистхилла:  «Кхиссарш ма е,КъотIалгIа дина къутIа,Хьо лата дагIахь,ГIилйлачу Борзе дола»Каде шен говра хиъна, новкъа ваьлла Iаьржа НогIи, амма беречунна тIаьхьа ца кхиъна. ГIилйлачу Борзе ша дIакхаьчча, дошло набарна вижна а карийна, ша а садаIа сацам бина Iаьржачу НогIичо а.ХIокхул тІаьхьа схьакхаьчнаАла дола хетта,Кийрарчу дагоИ ала ца витана,ХIокхул хьалхаСхьавеан вижан варЭра дар-кх, ва бохуш,Цхьана кулл тІехьа валла,Кхаа когах баргол тоьхнаДин дІалаьллана,Чергзий нуьйр гIойланга йиллина,Даржош верта тІетеснаНабарна дІатеIаш воллаш ша,БІаьргех куьйгаш хьоькхушКІегар хиар шенаИ дина бери:- Дижа ма дижа,КъотІалгІа дина къутІа,Хьо-м дижа ца далийний,Хьо-м лата далийний,-Элар ва шега..»Иштта къовсам болебелара шина беречунна юккъехь, кхаа дийне бах а белира иза. КхозлагIчу дийнахь малх хьалагIаьттича, беречо элира: «Малх соьца бу», НогIичо цунна жоп делира: «Малх хьоьца белахь а, ДЕЛА соьца ву!», - аьлла. Шен мостагI охьа а тоьхна, легашка урс хIоттийна цо. ТIаккха беречо дехар дина, валале хьалха дош лахьара шена аьлла. Шена пурба делча, коьртара куй охьа а баьккхана, шен еха кIажарш охьа а хецна йоIа.«Латта тІехулаДІаволалучу кІантеШа охьа тоьхначуьнгеБен маре ца яхаДела КъорІан тІехьДуй биъна араяьллаЙоI-стаг яра ша, - элар шега».Иштта шен хIусамнана шен йовзарх лаьцна дийцина НогIичо Нохчийн бIаьхошна. Дийцина а ваьлла, нохчийн кIентаршка вистхилла иза:«Цу зуьдо вина хилча,Ша пхьуьно вайтана хилчаЭхь дацара шие кІантанаИштта ледар хилча?» #россия #рф #chechenrepublic #chechnya #чечня #Кадыров #ЧР #russia #СМИ #СМИЧР #RKadyrov #чечнясегодня #новости #news #politics #chechnyatoday #грозный




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

В тренде на этой неделе

Краснодар стал лидером среди миллионников по тратам на жителя — 76 тыс. руб. в год

Российские школы и колледжи приобрели более 100 квадрокоптеров «Клевер 5»

Названы города с самыми большими расходами на жителя

Гонки в рамках Чемпионата России в классе «Формула-4» состоятся на трассе «Нижегородское кольцо»

Новости Чечни



Глава Чечни Рамзан Кадыров

Частные объявления в Чечне



Загрузка...
Rss.plus
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Грозный на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.