Добавить новость
Июнь 2010
Июль 2010
Август 2010
Сентябрь 2010
Октябрь 2010
Ноябрь 2010
Декабрь 2010
Январь 2011
Февраль 2011
Март 2011
Апрель 2011
Май 2011
Июнь 2011
Июль 2011
Август 2011
Сентябрь 2011
Октябрь 2011
Ноябрь 2011
Декабрь 2011
Январь 2012
Февраль 2012
Март 2012
Апрель 2012
Май 2012
Июнь 2012
Июль 2012
Август 2012
Сентябрь 2012
Октябрь 2012
Ноябрь 2012
Декабрь 2012
Январь 2013
Февраль 2013
Март 2013
Апрель 2013
Май 2013
Июнь 2013
Июль 2013
Август 2013 Сентябрь 2013
Октябрь 2013
Ноябрь 2013
Декабрь 2013
Январь 2014
Февраль 2014
Март 2014
Апрель 2014
Май 2014
Июнь 2014
Июль 2014
Август 2014
Сентябрь 2014
Октябрь 2014 Ноябрь 2014 Декабрь 2014 Январь 2015 Февраль 2015
Март 2015
Апрель 2015 Май 2015 Июнь 2015
Июль 2015
Август 2015
Сентябрь 2015 Октябрь 2015
Ноябрь 2015
Декабрь 2015
Январь 2016
Февраль 2016 Март 2016
Апрель 2016
Май 2016 Июнь 2016 Июль 2016 Август 2016 Сентябрь 2016 Октябрь 2016 Ноябрь 2016 Декабрь 2016 Январь 2017 Февраль 2017 Март 2017
Апрель 2017
Май 2017 Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018
Август 2018
Сентябрь 2018 Октябрь 2018 Ноябрь 2018 Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026 Май 2026
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

КадыровгIар базбар. Стенна уьхку Нохчийчоьнан куьйгалхочун нанна мидалш

0 785
Кадырова Аймани, Нохчийчоьнан куьйгалхочун нана, язйо кест-кеста совгIаташца: деккъа цхьана 2021-чу шеран хьалхарчу декъехь цунна елла кхо мидал. Даздина цуьнан гIуллакхаш Росгвардино а, Некъан кхерамзаллин урхалло а, хестайо иза меттигерчу а, федералан а Iедалхоша. Цул сов, йиллина хьаша ю иза меттигерчу телерепортажийн, цуьнан цIе лелайо Оьрсийчохь уггаре даккхий ларалучу маьждигех цхьамма. "Хьоме нана" олу цунах Кадыровн гоно, декъалйо иза массо а дезчу деношкахь. Ковид яржалц йолчу хенашкахь могIа хIуттура цуьнан хIусаман кевнехь, иза йолчу а баьхкина, цуьнга зезагаш, совгIаташ кховдо луучийн. Iедалхоша социалан машанашкахь даккхий баркаллаш кхийкхадо цунна наханна сагIанаш дарна, байташ язйо цунах лоций, язйо иза сийлаллехь. Цхьа адам халкъан коьрте хIоттор, оьрсаша "культ личности" олу хьал ду даьржина. Стенна нисделла ишта?


Телегойтийлашка, газетийн агIонашка 67 шо долу Кадырова Аймани кхачар ду иза, цхьаъ делахь, 1990-чу шерашкахь Нохчийчоьнан маршонехьа къа а хьегна, юха мохк Кремлан каралуш хьийзинчу Кадыров Ахьмадах йисинарг хилар. Шиъ делахь, цо дуьненна велла Кадыров Рамзан – регионан куьйгалхо, шен къоман нах лечкъорна, хьийзорна, кхел а йоцуш хIаллакбарна дуьнено шен санкцийн тептаршка ваьккхина стаг.


Мидалшца язйина нана

Шен цIийнда Кадыров Ахьмад вийначу 2004-чу шарахь цуьнан цIарах ша кхоьллинчу фондан коьрте хIоьттира Кадырова Аймани. Кадыров Ахьмадан фонд ю иза язйийриг, цуьнан кхиамашца дузий ло цунна мидалш а, еза цIерш а.   


Масала, президента Путин Владимира Товбецан-беттан II=чохь ша арахецначу омрица "За благодеяние" ("Деза гIуллакхаш дарна") мидал елира Кадырована цо сагIанаш дар а, юкъараллехь болхбар а билгалдоккхуш.


Кхузахь дагалаца догIу 2020-чу шеран ГIуран-баттахь Кадыров Ахьмадан фонд Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа "Магнитскийн глобалан тептара" язйина хилар – санкцеш кхайкхийна фонд кхоьллинарш Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшучу боламан декъахь хиларца дузуш. Конфликташ юхаяхаран а, церан анализан а центран куьйгалхочунна Сокирянская Екатеринина хетарехь, иза хила тарло Кадырова Айманина совгIат луш президента буха диллинарг.




"Нохчийчохь лелориг – иза цхьа истори ю, ткъа Оьрсийчоьнан президентан тIегIанехь лелориг, мухха а делахь а, кхин ду. Суна гарехь, фонданна кхайкхийна таIзар юхатоттуш яьккхина гIулч ю иза. Американ санкцех Оьрсийчоьно пусар а ца дойла хаийта. Мелхо а, санкцешна кIел нисвеллачунна лаккхарчу Iедало аьттонаш тобийр бу бохург ду иза", – элира Кавказ.Реалиига Сокирянскаяс.


Товбецан-беттан 3-чохь регионалан "За отличие в службе ГИБДД 1-ой степени" ("Некъан инспекцина гIуллакх дечохь билгалъяларан хьалхара дарж") мидал елира Кадырова Айманина. Иза цунна елла бохура махкахь некъан кхерамзалла латтош цо гIодарна. Оццу дийнахь мидал елира цунна махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин буьйранчас Алханов Руслана а ("85 лет ГАИ ГИБДД" - "Некъан инспекцин 85 шо кхачарца"). Ала дашна, Нохчийчоьнан некъан инспекцин куьйгалхо ву Айманин йоьIан кIант Черхигов Идрис.


Кхушеран Мангал-баттахь Кадырована мидал елира Оьрсийчуьрчу кхин а цхьана ницкъаллин структурашкарчу урхалло – Росгвардино. Цуьнан буьйранчас Золотов Виктора елла мидал ю "За содействие" ("Накъосталлехь латтарна"), беллачу ницкъхойн доьзалшна гIо латторна луш ю ша иза, элира инарлас.


2021-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь палестинахоша яийтира цунна "Иерусалиман седа" орден. Ах шо а дара иза лур ю аьлла, пандеми бахьанехь бахбелира орденан некъ. СагIанаш дарна елла иза.


2019-чу шарахь Кадырова Айманех йина "Соьлжа-ГIалин еза яхархо", 2005-чу шарахь дуьйна ю иза "Нохчийн республикан еза яхархо". Вуно дукха ю цуьнан массо тайпа мидалш.


2014-чу шарахь тиллира цуьнан цIе Устрада-ГIалахь динчу "Ненан дог" маьждигна.  




Нохчийчуьрчу бахархошна хьалха мехкан куьйгалхочун да а, нана а даздар "КадыровгIер массарел а беза хетийта гIертар" ду, боху Конфликташ юхаяхаран а, церан анализан а центран куьйгалхочо Сокирянская Екатеринас.


"Рамзан Ахматович Нохчийчоьнан лаккхарчу дарже воггIушехь дIахIоьттира махках веккъа ша жоп лучу тIегIанна тIе, ткъа цуьнан гоно иза вазван волийра. Оцу хьокъехь яржайолаелира Кадыров-жимахчунна дуьхьал критика, кхечира рагI оцу заманахь Оьрсийчоьно гIеххьачул пусар деш хиллачу Европан Кхеташоне а. Цуьнца доьзна Кадыров Рамзанал алсам вийца волийра Нохчийчохь цунан да Кадыров Ахьмад. Тахана Нохчийчохь массо агIор естийна юйцу Кадыров Рамзанан а, Кадыров Ахьмадан а цIерш. Мехкан куьйгалло тахана шатайпа доьзал санна базбо КадыровгIар, уьш Дала базбина бахкийтина болуш санна", – дуьйцу бакъоларъярхочо.


Цуьнца доьзна цо дагадоуьйту кху тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийчохь даржашка хIиттораш доккхачу декъанна КадыровгIеран цIийнан нах хилар, и нах шерашна сов къона бара аьлла а доцуш: мэраш, министраш, министрийн гIовсаш.


"Хьалха иштачу даржашка нах ховшош, довзуьйтура царех дерг, стенгахь дешна, хIун хаарш, зеделларг ду, муха лелла дахарехь, мел беза бу уьш юкъараллина. ХIинца цхьаммо а ца лечкъадо стенна хаьржина дарже стаг – тоаме ду иза Кадыров Ахьмадан доьзалера цIий долуш хилар. Кхечу дешнашца аьлча, КадыровгIарна герга болчу гоно паччахьан доьзалан статусе баьккхина и доьзал, гарехь, Iедал кхидIа а дуьсур ду оцу доьзалан карахь. Ма-дарра аьлча иза монархи ю. Эрна ма ца олу телегойтийлехь Кадыровх "паччахь", боху Сокирянскаяс.


Iедалехь КадыровгIар бен боцуш санна сурт латтаре терра, дукха хьолехь Айманина мидалш ухкурш а нисло цуьнан берийн бераш. И дерриг а совгIаташ кхачош ду цунна цо Кадыровн фондехь куьйгалла дечу шерашкахь.




Фонд стенах юзу – шеконехь лаьтта хаттар

Официалерчу Кадыровн Ахьмадан фондан сайто бахарехь, иза лаьтта "совдегарша, бизнесхоша, доглозучу наха лучу финансех а, сагIанах а". Иштта довзуьйту дийриг: "Фондо гIа а деш хIиттайо махкахь гIишлош, бохку некъаш, гIо до белхазалла бахьанехь чIанабевллачу доьзалшна, бохамо, тIеман конфликташа хьал эшийначу наханна".


Делахь а, шайн лаамехь ца юзу дукхахболучара фонд. Дуккхаза а бехкейина фонд нахера, уьш балхара бохо кхерамаш а туьйсуш, алапан дакъа дIадоккхуш хиларна. "Коммерсантъ" газетин информацица, фонде ахча ницкъаша доху бюджетхошкара а, совдегаршкара а. Иза аьттехьа а бакъ дац, олий, юстахтотту мехкан куьйгалхочо, чIагIдо ахча наха фонде сагIина луш хилар.


Фонде кхочучу ахчан цхьа дакъа дозанал арахьара кхочуш а ду. Масала, 2020-чу шарахь фондо хаийтира Оьрсийчоьнан юстицин министраллина, шена Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкара ахча даийтина, аьлла. Ткъа Оьрсийчоьнан низамо бахарехь, «арахьара агент» статусе йоккхуш ю муьлхха а политикаца йозаелла, дозанал арахьара ахча оьцу хьукмат.


Кхин цхьа тидам а бу хьахо богIуш. Оьрсийчуьрчу бахархоша шайн алапех дIалучу йолах еш йолу гIишлош а ша йина бохуш хьаьвза Кадыров Ахьмадан фонд. Иштачу хьолах лаьцна яздина дуккхаза а Кавказ.Реалиино. Делахь а, Кадырова Айманина кхучу и тайпа гIишлош йича мидалш.


Мухха а делахь а, 2018-чу шарахь фонде кхаьчна ахча дара 2 миллиард сом, ткъа 2019-чохь - 6,075 миллиард сом.


Кадырова Айманин гIуллакхаш

Фондера ахча даима а ца кхочу михканашна, боберашна. Кепана бен яц Кадырова Аймани цуьнан куьйгалхо. 20I3-чу шарахь фондо пхеа чоьнех йолу еза петар ийцира Францерчу актерна Депардье Жирарна, 2015-чу шарахь керла мотоциклаш елира фондан цIарах байкерийн "Буьйсанан берзалой" тобанна, 2017-чу шарахь Оьрсийчуьрчу ММА-латархочунна Емельяненко Александрна совгIат йира "Мерседес" (амма дIаяьккхира цуьнгара иза, Кадыровн гонерчу стагца къовсам цуьнан иккхича), 2020-чу шарахь  "Мерседес" елира Швецерчу латархочунна-нохчочунна Чимаев Хьамзатна (цо иза йохийра шена елла кхо бутт баьлча).




"Кавказский узел" газето а яздира фондо ахча стенга хьийсадо. Хиламаша гайтарехь, фонде гулдинчу ахчанах балабо Нохчийчу гоьбевлла артисташ, спортхой, актераш, цигара ахча хьежадо спортан барамашна, концерташна.


СагIанаш даоарл совнах, Кадыров Ахьмадан фондера ахча дойъу еза гIишлош-хIусамаш юттуш – ткъа оцу хIусамашка ховшийла дац яьккхий таронаш йоцчу нехан, деса лаьтта и цIенош. Доьду ахча дечу маьждигашна, уьш хаздеш хIитточу Iаламаташна, серлонаш латточу гIирсашна, ткъа оцу юкъанна беркъа ду хьал гонахарчу нехан цIеношкахь – беза бу тоькан мах, серло кхоо езаш хуьлу.




"Кадыров Рамзанан нана хIумма а яц фондана. Ша Рамзан язъян гIерта шен нана, цунна гулйо массо а мидалш. Амма тIехула лела кеп бен яц Айманин фондера куьйгалла, фондо лелош йолу финансийн политика цхьа а кхетар воцуш ю, иза кест-кеста хьахало шегара доцу сагIанаш шена тIеяздарца, коррупцица йозаелла ю олий йийца яхарца", - элира Кавказ.Реалиига  "Iазапна дуьхьолоечу фондан" юриста Янгулбаев Абубакара.


Фонд имени покойного мужа – не единственное поле деятельности Аймани Кадыровой. В 2011–2015 годах она числилась владельцем ООО "Лайнер-I", связанным с авиакомпанией "Грозный Авиа". В 2016–2018 годах Кадырова вела бизнес по торговле продуктами в селе Центарой.


Аймани Кадырова редко произносит речи на публике. Тем не менее официальная пропаганда призвана продемонстрировать, что глава Чечни прислушивается к советам матери. В частности, в 2010 году Рамзан Кадыров отозвал судебные иски к правозащитникам Светлане Ганнушкиной и Олегу Орлову – "по наставлению матери".


Нах Iехабо Кадырова Айманис мел аьлларг кхочушдеш ву цуьнан воI Рамзан аьлла лелачу цIаро. Нанас цхьа дакъалоцур ду аьлла хеташ, 2018-чу шарахь Айманига къамел хьажийра Европехь ехачу нохчочо Гучигова Iайшата. Цо Кадырова Айманига доьхура шен кIанте "нах ма байъа а ала, деладенна идош бу кегийнах" дIаалар.


Масал далош, бохура Гучиговас, "2017-чу шеран Тезгмашин-баттахь вадийначу иллиалархочух Бакаев Зеламхех хилларг дац хууш, ткъа Рамзанна хаьа иза – цуьнан наха лачкъийна кIант. Хьо нана ю, ас нене санна доьху хьоьга. Хьоьга муха дало ламазаш, кегийчу нахах хуьлуш дерг хаа а хууш? Ламаз динчул тIаьхьа синтем босса беза хьуна чу, муха хир ду иза, хьуна хьайн кIанта кегийнах хIаллакбеш буйла а хууш? " – хоьттура Гучигова Iайшата.


Жоп ца делира зудчунна, амма кхайкхийра "Грозный" телеканалехула, иза хьераяьлла ю аьлла, гергачаьрга къинтIербахийтира КадыровгIар.


Оцу юкъанна нах идорах долу аьрзнаш даьржа Нохчийчуьра кху 2021-чу шарахь а. Оппозицин 1ADAT телеграм-каналан информацица, яхначу бIаьста вадийна махкахь 92 стаг, дIадахначу шеран тIаьххьарчу шина баттахь лачкъийнарг ву 132 стаг. Дукха хьолехьдаймахка кхаьчча доьза бовш бу Европерчу пачхьалкхашкара депорт йина нохчий а.




 




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

В тренде на этой неделе

Возврат к зиме: Гидрометцентр обновил прогноз — куда нагрянут заморозки и снег на неделе? Подробный расклад по регионам

13 аэропортов на юге России сегодня приостановили работу из-за попадания БПЛА в административное задние филиала «Аэронавигации Юга России»

Объединенная группировка войск (сил) на Северном Кавказе провела праздничные мероприятия, посвящённые 81-й годовщине Великой Победы

Объединенная группировка войск (сил) на Северном Кавказе провела праздничные мероприятия, посвящённые 81-й годовщине Великой Победы

Новости Чечни



Глава Чечни Рамзан Кадыров

Частные объявления в Чечне



Загрузка...
Rss.plus
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Грозный на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.