Добавить новость
Август 2018 Сентябрь 2018 Октябрь 2018 Ноябрь 2018 Декабрь 2018 Январь 2019 Февраль 2019 Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024 Июнь 2024 Июль 2024 Август 2024 Сентябрь 2024 Октябрь 2024 Ноябрь 2024 Декабрь 2024 Январь 2025 Февраль 2025 Март 2025 Апрель 2025 Май 2025 Июнь 2025 Июль 2025 Август 2025 Сентябрь 2025 Октябрь 2025 Ноябрь 2025 Декабрь 2025 Январь 2026 Февраль 2026 Март 2026 Апрель 2026 Май 2026 Июнь 2026 Июль 2026 Август 2026 Сентябрь 2026 Октябрь 2026
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

"Меттигаш биссане а ца бисина, лазархой учешкахь Iохку "

0 41
 



Дагестанерчу Буйнакск гIалин коьртачу дарбан цIийнан травматолога Рашидов Мохьмада довзийтира шайгара хьал. "ЦIечу зонехь" (иштта олу коронавирусах цомгуш хиллачу нахана дарбадечу меттигах) итт дийнахь къа а хьегна, хIинца шен цIахь, изоляцехь, ву иза.


- Муха ду хьал шун дарбан хIусамехь?


- Инфекци йолчу нахана дарба лело кечйина оха тхешан меттиг. Итт дийнахь цкъа хийца а луш, болхбо оха. Итт дийнахь цигахь Iа, итт дийнахь цIахь, изоляцехь, Iа. Карарчу хенахь, балхара хийцавелла, цIахь ву со. Кху муьрехь къахьоьгуш бу цигахь лоьраш-травматологаш, кардиологаш, онкологаш, неврологаш. Оьрсийчоьнан могашаллин министраллин сайтехула COVID-19 цамгарца къийсам муха латто беза хьехна тхуна, уьнах ларлуш, духар тIе а озадой, дIадоьлху-кх "цIечу зоне".


- Дарбан хIусамера меттигаш берш буй дIалецна? Шун цигахь вирус кхетта хилар бакъдинарш бу, я тесташца дерг къастадалаза дерш а бу?


- Пехийн цагар кхеттарг муьлхха а валаво тхуна тIе. Тхуна тIехь ду чувилла везарг а, цIахь дарба лелийча тоьург а билгалваккхар. Иштта ца хилча ца долу, сов йоьттина ю цомгушчех дарбан хIусам, меттигаш биссане а ца бисина, лазархой учешкахь Iохку. Реанимацехь бац 8 меттиг бен, цундела мила мел халачу хьолехь ву къесто дезаш хуьлу.


- Шаьш уьнах Iалашдан духар, гIирс тоьий шуна? ГIо кхочий арахьара, сагIанаш дечу фондашкара?


- Дефицит хаало. Мехкан могашаллин министраллица цхьаьна могIарчу бахархоша а гIо до тхуна, шайн ахчанах оьцу тхуна уьнах ларден духар. Фондашкара а кхочу сагIанаш. Иштта дацахьара-м, тхан юха-юха дуьттуш, кхехкош лело дезар дара и духар. До гIо ца хеддаш фондаша а, наха а, тхоьгара доккха баркалла ду царна.


- Къона пациенташ дукха буй?


- Хенара нах алсам бу. Кегийчара атта лов инфекци, бакъду, наггахь цамгар генаяьлларг а хуьлу царалахь. Къонанаш вирусо 50% пехаш дIалаьцча балабо, сатураци охьайоьжча (цIийна хIо ца тоьуш хилча), салоьцучу кхаьчча. Кегийнаш оцу хьоле кхаьчча а бахало кIелхьара. Со теш а волуш, уггаре къона валар дара 45 шо кхаьчначу цхьана пациентан, амма шекар ца тоьу цамгар яра цуьнца.


- Вирус ца яржийта хIун лело деза аьлла хета хьуна?


- Цхьаъ делахь, нах ярташкара ярташка цалелар. Иштта ца хилча, лоьрашка тергал ца дало меттигера хьал. Шайн юьртара массо а нах бевзачу медикашна атта хир ду, мила цомгуш хилла, мила товелла, мила Iалашван веза хаа, цуьнга тIаккха бен хадалур яц уьнан зIе.


ШолгIа делахь, вайн республикехь территори деа декъе екъна ю лоьрашна. ХIора декъа тIехь схьаелла еза тIеман лазартнеш, цара гIодийр ду кIоштарчу дарбан хIусамашна цомгушнаш чубохку меттигаш совъяха. Цу тIе, масала, аппендицит я инфаркт адамашна хилар а ма даций кху муьрехь цхьаммо а юхадаьккхина.


- Коронавирус кхеттачара дарбан хIусамаш дIалецна хиларо Iаткъам бой кхечу цамгарша хьийзочу наханна, царна дарбадойла хуьлий?


- Iаткъам муха ца бо? Дера бо. Операцеш ян хьалхе дуьйна къастийна болу нах, иза ца йича цабовлурш ХIинжа-ГIала кхачо ойла яра юьхьанца. Амма шахьарара дарбан хIусамаш цIеххьана юьзина коронавирус йолучара. Иза къайле яц.


- Дукхахболчарна хетарехь, Дагестанехь уьнах цомгуш хиллачийн терахь официало бохучул лакахара ду (хIара къамел дечу хенахь 2 086 ун лаьцнарг, 13 велларг – ред.). Хьо теший официалан статистиках?


- Цунах теша хала ду. Логико гойту бакъдерг. Ахь тест йоккху, иза талла дIахьажайо, жоп кхачаре итт дийнахь хьежа веза. Оцу итт денна юкъахь пациент чIагIвала а тарло я иза вала а тарло. Веллачун дакъа гергарчара дIахьо, медицино валарх къастийна бахьана а доцуш. Аьлча а, официалехь тIечIагIдина ца хуьлу стагаца коронавирус хиллийла, цундела лахара ду Iедалан терахьаш.




 




Все города России от А до Я

Загрузка...

Moscow.media

Читайте также

Новости Дагестана



Глава Дагестана Сергей Меликов

Частные объявления в Буйнакске



Загрузка...
Ria.city
Rss.plus


Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.




Буйнакск на Russian.city


News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей России (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 103news.com в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектами: "Love", News24, Ru24.pro, Russia24.pro и др.