Къилбаседа Кавказера уьнан статистика: 31 стаг кхелхина дийнахь-буса
0
87
ПIераскан дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах кхелхина 31 пациент, цамгар гучуяьлла кхин а 1133 вахархочуьнца.
Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу штабо бечу хаамца, Дагестанерчу дарбан хIусамашкахь велла 10 стаг. Краснодар-макхахь – 8, Ставропол-махкахь – 7, Нохчийчохь – 3, ГIебарта-Балкхаройчохь – 2, ГIалгIайчохь – 1.
Дийнахь-буса COVID-19 цамгар кхетта нах уггаре дукха бу Ставропол-махкахь. 24 сахьтехь а, пандемин берриг муьрехь а ун хьакхаделлачийн статистика иштта ю:
Ставропол-мохк + 227 (27259)
Краснодар-мохк + 178 (21751)
Дагестан + 106 (18757)
Нохчийчоь + 103 (4155)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 92 (12527)
Кхарачой-Чергазийчоь + 87 (12041)
ГIалмакхойчоь + 97 (11474)
ГIалгIайчоь + 79 (9317)
Адыгей + 86 (7859)
Къилбаседа ХIирийчоь + 78 (9209)
134 349 стаг билгалваьлла COVID-19 цамгар йолуш Къилбаседа Кавказехь ерриг а хенахь. Оьрсийчоьнан юкъара и терахь ду 2 242 633* стаг.
*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоьру аннекси йинчу ГIирмера дараш а.